From Wikipedia, the free encyclopedia
2000 шеран 26 мартан хан тӀекхачале болу Российн Федерацин президентан харжамаш хӀиттийра Федерацин кхеташоно 2000 шеран 5 январехь Ельцин Бориса 1999 шо чекхдолуш дарж дитар бахьнехь (юьхьанца гӀертара уьш дӀабахьа 2000 шеран 4 июнехь).
← 1996 2004 → | |||
Российн Федерацин президентан харжамаш | |||
---|---|---|---|
2000 шеран 26 март | |||
Бахкар | 68,70 %[1][2] | ||
Кандидат | Путин Владимир | Зюганов Геннадий | Явлинский Григорий |
Партин корта | Зюганов Геннадий | ||
Парти | ша йукъатеттина[3] | РФКП | Яблоко |
Кхаьжнаш | 39 740 434 (52,94 %) |
21 928 471 (29,21 %) |
4 351 452 (5,80 %) |
Кандидат | Тулеев Аман | Жириновский Владимир | Титов Константин |
Партин корта | Жириновский Владимир | ||
Парти | РЛДП | ша йукъатеттина | |
Кхаьжнаш | 2 217 361 (2,95 %) |
2 026 513 (2,70 %) |
1 107 269 (1,47 %) |
| |||
Кхин кандидаташ | Памфилова Элла (1,01 %); Говорухин Станислав (0,44 %); Скуратов Юрий (0,43 %); Подберёзкин Алексей (0,13 %); Джабраилов Ӏумар (0,10 %) | ||
Харжаман жамӀаш федерацин субъекташкахула Путин Владимир Зюганов Геннадий Тулеев Аман | |||
| |||
Харжамийн жамӀ | Российн Президент хаьржина Путин Владимир |
Ков:Политика |
Росси |
Серера йаззам |
Российн Федерацин Президент
Правительство
Федералан гулам
Суьдан система
Прокуратура Федеративан хӀоттам
Харжамаш
|
Политологаша а, социологин гӀуллакхаша а, массийн хааман гӀирсаша а маххадорца, уггаре толаман герга вара 1999 шарахь РФ Правительствон председатель а, президентан декхарш кхочуш дан а хӀоттийна Путин Владимир. Коьрта интрига йара, Путин хьалхарчу турехь тоьлур ву йа шолгӀа тур а оьшур йу (кхин цкъа кхаж таса безар бу).
Российн президентан харжамашца цхьаьна, дӀахьуш бара йеа Российн Федерацин субъектехь харжамаш — Алтайн махкахь, Мурманскан областехь, Жуьгтийн автономин областехь, Ханты-Мансийн автономин гуонехь.
1995 шеран «Российн Федерацин Президентан харжамех» долу Федералан законца, харжаман де хила дезара РФ президент хаьржина конституцин хан чекхйаьллачул тӀаьхьара хьалхара кӀиранан де, ткъа и хан ягарйора хаьржинчу денна тӀера. Нагахь Б. Н. Ельцина шен президентан хан чекхъяллалц висинехьара, оццу законаца РФ президентан харжамаш хӀитто безара 2000 шеран 9 июлан, аьхкенна йуккъехь.
1999 шеран 1 декабрехь Пачхьалкхан Думо тӀеийцира «Российн Федерацин Президентан харжамех» долу керла Федералан закон. Оцу законо хӀоттийра, харжамашкахь кхаж тасаран де беттан хьалхара кӀиранан де хилар, РФ президентан хьалхара йукъара харжамашкахь кхаж тесначу денна тӀера. Оцу законаца, харжамаш хила безара 2000 шеран 4 июнехь. Юха а, Ельцина шен хан чекхъяллалц болх бинехьара.
Амма Ельцина президентан харжамех законан куьг йаздина 1999 шеран 31 декабрехь, оццу дийнахь даржера дӀа а ваьлла, шолгӀачу дийнахь йуьззина президентан бакъонаш РФ Правительствон председателан В. В. Путинега дӀа а йелла, ткъа иза цуо августехь дуьйна кхайкхийна вара шен когаметта хин вверг аьлла. РФ Конституцица а, «Российн Федерацин Президентан харжамех» долу Федералан законаца а, хенал хьалхара президентан харжамаш дӀабахьа беза кхаа беттан муьрехь.
2000 шеран 5 январехь Федерацин Кхеташоно харжамаш хӀиттийра 26 мартана[4].
Путинан харжаман штабан куьйгалхочо Медведев Дмитрийс РФ президентан харжамийн йуьхьанцара жамӀаш «тӀех дика» а, «абсолютан демократин» ду элира. Кхин а Медведевс билгалдаьккхира, дерриг къамелаш, шолгӀачу турехь болу толам хилар дика дара, амма кхьаьжнаш алсама совдовлуш, бохург схьадолу «кхин ницкъашка болчеран къамелаш ду».
ЦК РФКП председатела Зюганов Геннадийс, кхаж тосуш харцонаш лелийна бохуш бехкен дарех, Медведев Дмитрийс билгалдаьккхира, Путинан харжамел хьалхарчу штабан хаъал харцо йаран хууш меттигаш йац. И дӀахьедарш штабан куьйгалхочо, «иэшанчу агӀонийн дӀахьедар ду»[5].
ЕКхПА а, ЕКхЦКх а тергончийн миссис лерира, «харжамаш, дерриг цхьана ЕКхПА а, Европин Кхеташонан мехкан декъахочуьнца догӀу, цхьайолу ледарлонаш а йийлийтина. Уггаре ладаменаш царех — массийн хаамийн гӀирсашна Ӏаткъам бар а, хаъал тешаман плюрализман иэшам бар а»[6]. Пачхьалкхан думин комисси ДегӀастане йахара, иза чекхйаьлча цуьнан председатела Салий Александра хила тарлочу харцонех йаззам зорба туьйхира[7].
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.