Советийн Союзан Коммунистийн парти
From Wikipedia, the free encyclopedia
Сове́тийн Сою́зан Коммунисти́йн па́рти[1] (офиц. аббр. ССКП; къам. па́рти) — Советийн Социалистийн Республикийн Союз урхаллера политикин парти.
Советийн Союзан Коммунистийн парти | |
---|---|
Лидер: | ССКП ЦК инарлин (хьалхара) секретарь |
Кхоьллинарг: | В. И. Ленин |
Кхолларан терахь: |
1903 шеран 30 июлехь (РСДБП(б) санна) 1898 шеран 1 мартехь (РСДБП санна) |
ДӀахецаран терахь: | 1991 шеран 6 ноябрехь |
Штаб-квартира: | ССРС, Москох, Шира майда, 4 |
Идеологи: | социализм, марксизм-ленинизм, коммунизм, пролетарин интернационализм, антифашизм |
Интернационал: |
Коминтерн (1919—1943) Коминформ (1947—1956) |
Кегирхойн организаци: |
ЕЛККС, Ерригсоюзан пионерийн кхоллам |
Декъашхойн дукхалла: | 19 487 822 (1989 1 январь) |
Девиз: |
Массо а мехкийн пролетареш, цхьаьнакхета! Парти — вайн заманан хьекъал, сий, иэхь-бехк! |
Халкъан депутатийн гулам меттигаш: |
1957 / 2250
(12 кхайкхам, 1989) |
Шатлакхан Илли: |
Интернационал Большевикийн партин шатлакхан илли (официалан йац) |
Партийн зорба: | «Бакъдерг» |
Адамаш: | партин декъашхой категорехь (46 стаг) |
Медиафайлаш Викилармехь |
1920-гӀа шерашна юьххьера 1990 шеран март кхаччалц партис (тайп-тайпана цӀерашца — РКП(б), ЕКП(б), ССКП) болхбира цхьаьна партин системин хьолашкахь, политикин Ӏедална монополин бакъо яра, цуо гӀодора махкахь автократин раж хӀотторехь. И статус чӀагӀйина яра конституцица: 1936 шеран Конституцин 126 яззамехь. Цуо кхайкхайора Коммунистийн парти пачхьалкхан а, йукъараллин а къинхьегамхойн а кхолламан «урхаллин хӀоъ», ткъа 1977 шарахь тӀеэцначу ССРС Конституцица ССКП, 6 яззамца, кхайкхийна советийн йукъараллин куьйгалла ден а, нийса новкъа йоккху парти.
1991 шеран 19—21 августан хиламаш бахьана хилира ССКП конституцин дуьхьала гӀуллакх леладарна бехке ян. 1991 шеран 6 ноябрехь арадаьллачу РСФСР Президентан № 169 йолу омарца ССКП а, цуьнан республикин кхолламан болх а — РСФСР КП — сацийра, кхолламан структураш дӀасахийцира, бахам схьабаьккхира. Амма РФ Конституцин Суьдо 1992 шеран 30 ноябрехь суьдан № 9-П йолу Сацам бира, цуо билгала даьккхира конституцица догӀуш цахилар ССКП—РСФСР КП юьхьанцара кхолламийн болх цамагор. ГӀуллакх сацийра ерригсоюзан кхоллам бохарца а, статус яраца а[2].
ХӀинца Российн Федерацин махкахь ССКП политикин идеологин когаметта ю РФКП.