Филадельфия Севенти Сиксерс
From Wikipedia, the free encyclopedia
«Филаде́льфия Се́венти Си́ксерс» (инг. Philadelphia 76ers) — америкин профессионалан баскетболан клуб, ловзуш йу Къоман баскетболан ассоциацин, Атлантикин дивизионан Малхбален конференцехь. Клуб ловзу Филадельфи, Пенсильвани гӀаланашкахь. «76ers» цӀе йоьзна 1776 шарахь АЦШ маршонан декларацин Филадельфехь куьг йаздарна.
Филадельфия Севенти Сиксерс | ||||
Файл:Philadelphia 76ers Logo.png | ||||
Конференци | Малхбален | |||
Дивизион | Атлантикин | |||
Кхоьллина шо | 1946 | |||
Истори | Сиракьюс Нэшнлз 1946–1963 Филадельфия Севенти Сиксерс | |||
Стадион | Веллс-Фарго-центр | |||
ГӀала | Филадельфи, Пенсильвани | |||
Долахо | Джошуа Харрис | |||
Инарлин менеджер | Брэнд Элтон | |||
Коьрта тренер | Риверс Док[1] | |||
Д-Лигин клубаш | Делавэр Блю Коатс | |||
Чемпионалла | 3 (1955, 1967, 1983) | |||
ЧӀагӀйина лоьмарш | 8 (2, 3, 6, 10, 13, 15, 24, 32, 34, Микорофон) | |||
Официалан сайт | ||||
Форма | ||||
|
Клуб кхоьллинера 1946 шарахь «Сиракьюс Нэшнлз» (инг. Syracuse Nationals) цӀарца, 1963 шо кхаччалц база йара Сиракьюс гӀалахь (Нью-Йорк штат). КъБА чемпионатера дуьххьарлера толам баьккхира 1955 шарахь, нисса и цӀе йолуш.
1962 шо кхаччалц Филадельфехь ловзуш йара «Филадельфия Уорриорз» команда, иза Сан-Франциско а кхелхина, «Сан-Франциско Уорриорз» аьлла цӀе хийцира, ткъа 1971 шарахь кхелхира калифорнера Окленде, цӀе йуха а хийцира «Голден Стэйт Уорриорз» аьлла.