From Wikipedia, the free encyclopedia
Хи (водородан оксид , водородан гидроксид , химин формула — H2O) — бинаран органикин йоцу уьйра, молекула лаьтта водородан шина атомах а, кислородан — цхьаьна атомах а, церан вовшешца ковалентан уьйранца уьйр йу. Нормера хьелашкахь бос боцу, (кӀорга дацахь) хьожа а, чам а боцу чекх са го тӀуналла йу. Хин онда хьолах ша олу, (шенан кристаллаша до ло йа йис), ткъа газкепара — хинан Ӏа. Хи кхин а хила тарло тӀуьна кристаллийн кепара (гидрофилаллин тӀехалонаш тӀаьхь)[10][11].
Хи | |||
---|---|---|---|
| |||
Йукъара | |||
Систематикин цӀе |
Водородан оксид Хи[1] |
||
Ламаста цӀераш | хи | ||
Хим. формула | H2O | ||
Физикин хьелаш | |||
Хьал | тӀуналла | ||
Моляран масса | 18,01528 г/моль | ||
Луьсталла | 1 г/см3[2] | ||
Ондалла | 1,5[3] | ||
Динамикин маза | 0,00101 Па•с | ||
Кинематикин маза |
0,01012 см²/с (при 20 °C) |
||
Ионизацин энерги | 2,0E−18 джоуль[4] | ||
ХӀуманан чуьра озан сихалла |
(дистиляци йина хи) 1348 м/с |
||
Йовхонан хьелаш | |||
Температура | |||
• лаларан | 0,002519 °C[5], 0 ± 0,002 °C[6] | ||
• кхехкаран | 373,1 K; 99,974 °C | ||
• дӀасадекъадаларан | 2200 °C | ||
КхоалгӀа тӀадам | 273,2 K (0,01 ° C), 611,72 Па | ||
Критикин меттиг | 647,1 K (374 ° C), 22,064 МПа | ||
Йовхо чекхйалийтар | 0,56 Вт/(м·K) | ||
Энтальпи | |||
• кхоллайаларан | −241 818 джоуль на моль[7], −285 830 джоуль на моль[7] | ||
• кхехкаран | 40,656 килоджоуль на моль[8], 40 655,928 джоуль на моль[9] | ||
Химин хьелаш | |||
Мусталлин диссоциацин константа | 15,74 | ||
Диэлектрин чекхдалар |
80,4 (20 ° C) 78,5 (25 ° C) |
||
Оптикин хьелаш | |||
Саттаран гайтам | 1,3945, 1,33432, 1,32612, 1,39336, 1,33298, 1,32524 | ||
Структура | |||
Диполан момент | 6,2E−30 кулон на метр[4] | ||
Классификаци | |||
Рег. лоьмар CAS | 7732-18-5 | ||
PubChem | 962, 22247451 | ||
Рег. лоьмар EINECS | 231-791-2 | ||
SMILES | |||
InChI | |||
RTECS | ZC0110000 | ||
ChEBI | 15377 | ||
ChemSpider | 937 | ||
Кхерамзалла | |||
NFPA 704 |
|
||
Стандартан хьелийн хаамаш балийна (25 °C, 100 кПа), нагахь кхин дерг ца гайтинехь. | |||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Хи дика поляран дашориг ду. Ӏаламехь даиманна а цуьнца йу йашийна хӀуманаш (туьханаш, газаш).
ЧӀогӀа ладаме роль йу хинан хӀуманан а, энергин а глобалан гуотийсарехь а[12], Дуьненна тӀехь дахарна гӀолатторехь а, дийна организмийн химин хӀоттамехь а, климат а, хенан-хӀоттам кхолларехь а. Дуьненна тӀера йерриг дийна хӀуманашна чӀогӀа ладаме хӀума йу хи[13]. Йуккъера барам ораматийн а, дийнатийн а организмехь ду 50 % сов хи[14].
Дерриг Дуьненна тӀехь 1400 млн км³ гергга хи ду. Хишша къовлу 71 % дуьненан тӀехало (Ӏапказаш, хӀордаш, Ӏаьмнаш, эркаш, шеш — 361,13 млн км²[15][16]). Дуьненан хинан доккхаха долу дакъа (97,54 %) Дуьненан Ӏапказ чохь ду — иза дуьра хи ду, иза ца мега йуьртан бахамна а, мала а. Молу хи долу коьртаниг шешшанна йукъахь (1,81 %) а, лаьттан бухара хишна а йукъахь (0,63 % гергга), ткъа жима дакъа (0,009 %) эркаш а, Ӏаьмнаш а чохь ду. Материкан дуьра хиш ду 0,007 %, атмосферехь ду 0,001 % Дуьненан дерриг хих[17][18]. Дуьненан мантин йукъахь доллу Дуьненан Ӏапказ чохьчул 10—12-зза алсама хи[19].
Кеп:Жайнаш кечдар
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.