From Wikipedia, the free encyclopedia
Цвета́ева Мари́на Ива́новна (1892 шеран 26 сентябрь [8 октябрь][5], Москох — 1941 шеран 31 август, Елабуга) — Детин бӀешеран оьрсийн поэт-аьзни[6][7], прозаик, гочдархо.
Цветаева Марина Ивановна | |
---|---|
Йина терахь | 1892 шеран 8 октябрь[1][2][…] |
Йина меттиг | Москох, Российн импери |
Кхелхина терахь: | 1941 шеран 31 август[3][4][…] (48 шо) |
Кхелхина меттиг: | Елабуга, ГӀезалойн АССР, РСФСР, ССРС |
ГӀуллакхан тайпа: | поэт-аьзни, прозаик, гочдархо |
Жигара шераш: | 1908—1941 |
Жанр: | поэзи, поэзин проза, мемуараш |
Куьг: | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Цветаева Марина йина 1892 шеран 26 сентябрехь (8 октябрехь)[5] Москохахь. Цветаевас ша йина де даздора 9 октябрехь, доьхкура иза православин рузманехь сахьаб Иоанн Богослов хьахоран денца, иза билгалдаьккхира шен масех кхоллараллехь[8][9][10]. масала, 1916 шеран байташкахь:
ЦӀечу кенашца |
Цуьнан да, Иван Владимирович, — Москохан университетан профессор, гӀараваьлла филолог а, говзаллайовзархо — тӀаьхьа хилира Румянцевн музейн директор а, Исбаьхьа говзаллин музей кхоьллинарг а. Нана, Мейн Мария (схьайалар — полякийн-немцойн оьрсий хилла доьзалера), йара пианистка, Рубинштейн Николайн дешархо. М. И. Цветаеван ненанана — поляк Мария Лукинична Бернацки. Маринин йара жимаха йолу йиша Анастасия а, цхьанаденадина ваша Андрей а, йиша Валерия а.
Йалх шо долуш Цветаева йолайелира байташ йазйан, оьрсийн маттахь йазйина ца Ӏаш, французийн а, немцойн а меттанашкахь. Цуьнан амалаш кхоллайаларехь боккха Ӏаткъам бира цуьнан нанас, цунна лаара йоӀ музыкахо хила. 1899—1902 шерашкахь Цветаева доьшуш йара Музыкин массолелалун доьшийлехь В. Ю. Зограф-Плаксинин фортепианон классехь. Дегара Цветаевина безам беира антикин мифологе, и безам тӀаьхьуо гучубелира цуьнан байташкахь[12].
1901—1902 шерашкахь дийшира ЙоьалгӀачу зударийн гимназехь. 1902 шеран гурахь Цветаева Мария Александровнин карийна йовхарийн цамгар бахьнехь доьзалца дӀайахара Италин Ривьере, йехира Нервехь Генуян гергахь. 1903—1904 шерашкахь дийшира Лозаннехь Лаказ йижрийн французийн пансионехь, 1904—1905 шерашкахь — Фрайбургера Бринкман йижрийн пансионехь.
1905 шеран аьхке чекхйолуш ЦветаевгӀар йухабирзира Россех. Марина ненаца а, йишица Анастасияца а йехира Ялтехь, цигахь кечам бира гимназе дӀахӀотта. 1906 шеран аьхка И. В. Цветаевс кхалхийра уьш Тарусе, цигахь 5 июлехь М. А. Цветаева йелира.
1906 шеран сентябрехь Цветаева Марина пансионерка хӀоьттира зударийн В. П. фон Дервизан гимназин йоьалгӀачу классе, цигара ах шо даьлча дӀайаьккхира шен ойланаш а, кӀоршамалла а бахьнехь. Ца тарйелира иза А. С. Алфёрован гимназехь а. 1908 шеран сентябрехь М. Т. Брюхоненкон долара зударийн гимназин йалхалгӀа классе дӀахӀоьттира[13], иза чекхйаьккхира шина шарахь.
1909 шеран аьхка Цветаева ша йахара дозанал арахьа. Парижехь иза дӀайазйелира аьхкенан университетан курсе ширафранцузийн литература Ӏамо.
Кхуза хӀоттаде хийца оьшуш доцу йоза
1909 шеран гурахь Цветаева ихира лекцешка а, москохан символистийн арахецараллера «Мусагет» клубан гуламашка а, кхин а шо даьлча — «Къона Мусагет» гуонан гуламе, цуо дикка шорбира цуьнан литературин гергарлонин гуо.
1910 шеран сентябрехь — октябрехь Цветаевас зорба туьйхира А. И. Мамонтовн ДоттагӀаллин типографехь шен чоьтах дуьххьарлера байтийн гулам — «Суьйренан альбом», цунна чохь коьртаниг ишколан белхаш бу. Гулам лерина бу Башкирцева Мариян, иза билгаладоккху цуьнан «дневникан» агӀоно. Цуьнан кхоллараллин тидам бира гӀарабевллачу поэташа: Брюсов Валерийс, Волошин Максимилиана, Гумилёв Николайс. 1910/1911 шеран Ӏай Цветаевас йазбира шен хьалхара емаллин йаззам «Саьхьарло Брюсовн байташкахь».
1910 шо чекхдолуш Москохахь Цветаеван вевзира поэт а, литературин емалча а Волошин Максимилиан[14]. ШолгӀачу шарахь иза хуьлу гӀарадаьллачу ГӀирмера волошинан «поэтийн цӀийнехь»[14]. Циггахь, Коктебелехь, 1911 шеран майхь Цветаеван вевзира Эфрон Сергей; 1912 шеран 29 январехь цара махбира Йоккха Палашёвски урамалгера Ӏийса пайхамар варна лерина килсехь. Оццу шеран сентябрехь Маринин а, Сергейн а йоӀ хилира Ариадна (Аля). ТӀаьхьарчу шерашкахь, революци хиллалц, доьзало масийттаза аьхкенан хан йаьккхира ГӀирмехь Волошинан дачехь. ТӀаьхьа мухажираллехь йолуш Цветаевас дагалоьцура, и шераш шен уггаре ирсе хан хилар: «Коктебель 1911 шеран — уггаре ирсе шо сан дахарехь, цхьанне а российн цӀийъеллачу стигло йойур йац и лепар»[15], «Коктебель а, чехин эвланаш а — уьш ю-кха сан синан меттигаш»[14].
1912 шеран февралехь арабелира Цветаеван шолгӀа гулам — «Сихьарлонан понар». 1913 шеран мартехь араболу кхоалгӀа а — «Шина жайнах».
1914 шеран октябрехь Цветаеван евзира поэтесса а, гочдархо а Парнок София; церан романтикин йукъаметтиг лаьттира 1916 шо кхаччалц[16]. Цветаевас Парнокан лерина байтийн «ДоттагӀ» цикл йазйира. Цветаева а, Парнок а дӀасакъаьстира 1916 шарахь; Марина йухайеира майрачуьнга Эфрон Сергейга. Парнокца йолу йукъаметтигийн Цветаевас мах хадийра «шен дахарера дуьххьарлера бохам» аьлла. 1921 шарахь Цветаевас, жамӀ деш, йаздо:
Зударий бен ца беза (зудчуьнга) йа беккъа божарий (стеге), хуъушехь йукъара доккху долуш долу дуьхьалниг — ма инзаре ду! Ткъа беккъа зударий (стаге) йа беккъа божарий (зудчуьнга), хуъушехь йукъара доккху инзаре хьомениг — ма сингаттам бу иза![17][18]
1916 шеран аьхка Цветаева кхелхира Александров гӀала, цигахь йехара цуьнан йиша Цветаева Анастасия шен майрачуьнца Минц Маврикийца а, кӀентаца Андрейца а. Александровехь Цветаевас байтийн цикл йазйира («Ахматовга», «Москохах лаьцна байташ», кхин а), ткъа иза гӀалахь Ӏарна литературайовзархоша тӀаьхьа цӀе тиллира «Цветаева Маринин Александровн аьхке».
1917 шарахь Цветаевас йоӀ Ирина йира, иза мацалла йелира 3 шо хан йолуш Кунцевора бераш тӀеоьцийлехь. Гражданийн тӀеман шераш Цветаеван чӀогӀа хала даьхкира. Эфрон Сергей 1918 шарахь дуьйна гӀуллакхехь вара Российн къилбехахь Шайн лаамечеран эскаран могӀаршкахь. Цветаева йехира Москохахь, Борисоглебски урамалгехь, 1918 шеран ноябрехь гӀуллакхехь йара Къаьмнийн гӀуллакхийн комиссариатан (КъамгӀулком) Хаамийн декъехь, 1919 шеран апрелехь — Йийсархойн а, тӀемах бевддачеран а Ӏуналлин центран коллегехь, 1920 шеран ноябрехь — Халкомсерлонан театран декъехь. Оцу шерашкахь гучуйелира байтийн цикл «ГӀургӀазан гӀад», уьш дог лазаш йара кӀайчу боламах. 1918—1920 шерашкахь Цветаевас йазйо романтикин пьесаш, «Егорушка», «Паччахь-аьзни», «ЦӀечу говрахь» поэмаш.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.