Чехов, Антон Павлович
From Wikipedia, the free encyclopedia
Анто́н Па́влович Че́хов (1860 шеран 17 январь (29 январь), Таганрог, Екатеринославан губерни (хӀинца Ростовн область) — 1904 шеран 2 июль (15 июль), Баденвайлер[1]) — сийлахь воккху оьрсийн йаздархо, драматург, лор. Императоран Ӏилманий Академин исбаьхьалли йозан сийлахь академик (1900 шо—1902 шо). Дуьнена литературин классик. Цо йазйина пьесаш бӀе шарахь сов дуьненан дукха театрашкахь хӀоттош йу, къестина «Беллийн беш». Дуьненахь вевзашволу драматургашна йукъара лоруш ву иза.
Антон Павлович Чехов | |
---|---|
оьрс. Антон Павлович Чехов | |
Бакъ цӀе | оьрс. Антонъ Павловичъ Чеховъ |
ГӀуллакхан тайпа | Журналист, йаздархо, прозаик, сатирик, драматург |
Вина терахь | 1860 шеран 29 январь({{padleft:1860|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:29|2|0}}) |
Вина меттиг | Таганрог Екатеринославан губерни (хӀинца Ростовн область) |
Кхелхина терахь | 1904 шеран 15 июль({{padleft:1904|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (44 шо) |
Кхелхина меттиг | Баденвайлер |
Корматалла | йаздархо, драматург, лор |
Гражданалла | Росси |
Да | Павел Егорович Чехов |
Нана | Евгения Яковлевна Морозова |
Зуда | Ольга Леонардовна Книппер-Чехова |
СовгӀаташ |
Ӏилманийн академин Пушкинан совгӀат, 1888 шо |
Сайт | http://lib.ru/LITRA/CHEHOW/ |
Куьг таӀор | |
Антон Павлович Чехов Викилармехь |
26 шарахь Чеховс йазйина 900 сов произведени (доцу самукъане дийцарш, повесташ, пьесаш). Царех дукха йераш дуьнена литературин классика лоруш йу. Царех къестине йевзаш йу.
«Аре», «Сингаттаме дийцар», «Дуэль», «№ 6 йолу палата», «Ца вевзачу стаган дийцар», «Ахархой» (1897 шо), «Ботт чохь долу адам» (1898 шо), «Боьра чохь», «Бераш», «Талларехь хилла драма»; пьесаш: «Иванов», «Чайка», «Ваша Ваня», «Кхо йиша», «Беллийн беш».