Германи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Герма́ни (нем. Deutschland), официалан цӀе — Федерати́вн Респу́блика Герма́ни (нем. Bundesrepublik Deutschland), ФРГ (нем. BRD) — Йуккъерчу Европин пачхьалкх. Майда — 357 408,74 км²[11]. Бахархойн барам 31.12.2015 шо — 82 175 684 бахархой[12].
Дуьненахь бахархойн барамца 16-гӀа меттигехь йу (2-гӀа Европехь) цул совнах майданца 62-гӀа меттигехь йу.
Федеративан Республика Германи | |||||
---|---|---|---|---|---|
нем. Bundesrepublik Deutschland[1][2][…] | |||||
| |||||
Девиз: «Цхьаалла, бакъо, маршо[3] нем. Einigkeit und Recht und Freiheit[4]» |
|||||
Германин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Официалан мотт | Немцойн мотт[прим 1][прим 2] | ||||
Коьрта гӀала | Берлин | ||||
Урхаллин тайпа | Федеративан парламентан республика | ||||
Федеральни президент Федеральни канцлер |
Йоахим Гаук Ангела Меркель |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 357 021 км² (62-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 2,42 % | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | 80 523 746[5] стаг | ||||
• Ларар (2011) | 80 219 695[6] стаг | ||||
ДЧС (НЭТ) | |||||
• Шадерг (2011) | 3,089 трлн[7] долл. | ||||
• ХӀораннан а сина | (21-гӀа) | ||||
ДЧС (номинал) | |||||
• Берриг (2009) | 39 442[7] долл. (19-гӀа) | ||||
АДКИ (2013) | 0,920[8] (лакхара.; 5-гӀа меттиг) | ||||
Бахархойн цӀерш | немцо, немцой. | ||||
Ахча | Евро (EUR, код 978)[прим 3] | ||||
Интернет-домен | .de, .eu (как член ЕС) | ||||
Код ISO | DE | ||||
Код МОК | GER | ||||
Телефонан код | +49 | ||||
Сахьтан аса | +1 (аьхккий +2) | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d][9][10] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Коьрта гӀала — Берлин. Пачхьалкх — немцойн. 65 % герга бахархой керста динлелош бу.
Пачхьалкхан дӀахӀоттаран кепца федеративан пачхьалкх йу цуьна йукъахь йу 16 административан-территорин дакъош — федералан латтанаш (Бавари а, Баден-Вюртемберг а, Берлин а, Бранденбург а, Бремен а, Гамбург а, Гессен а, Мекленбург-Хьалха Померани а, Лаха Саксони а, Рейнланд-Пфальц а, Саар а, Саксони а, Саксони-Анхальт а, Къилбаседа Рейн-Вестфали а, Тюринги а, Шлезвиг-Гольштейн а). Пачхьалкхан урхалин кеп йу — парламентан республика.
Европин бертан йуккъехь йу, Германин гонахьа бу Балтийн а, Къилбаседа а хӀордаш. Дозанаш ду Даница къилбаседехьа, Польшца а, Чехица малхбалехьа, Австрица а, Швейцариа къилбехьа, Францица а, Люксембургца а, Бельгица а, Нидерландашца а малхбузехьа.