From Wikipedia, the free encyclopedia
Картве́лийн ме́ттанаш (я къилбакавказан; гуьрж. ქართველური ენები) — Чоьхьара Кавказан (Къилба Кавказан) малхбузехь, коьртаниг Гуьржийчоьнан махкахь, баьржина меттанийн доьзал.
Картвелийн меттанаш | |
---|---|
Таксон | доьзал |
Ареал | Чоьхьара Кавказ |
Классификаци | |
Категори | Евразин меттанаш |
Ностратийн макродоьзал (гипотеза) | |
ХӀоттам | |
— | |
Меттанийн тобан кодаш | |
ISO 639-2 | — |
ISO 639-5 | ccs |
Генетикин уьйранаш билгала ца яьхна. Хьалха дукха хьолахь юкъатухура гипотетикин кавказан йа иберийн-кавказан (макро)доьзална. Кхин а гипотеза ю картвелийн доьзал ностратийн макродоьзална юкъабахарх [1]. Амма, и позици емал йира тайп-тайпана говзанчаша, лору иза чӀогӀа къовсаме а, цунах хьесапаш тӀе ца оьцу дукхаха болчу компаративхоша, уьш хьовсу ностратийн меттанийн теорега ерриг галъяьлча санна, я, уггаре дукханиг, тешош воцу теорега санна[2][3].
Картвелийн меттанашна юкъахь бу иштта Гуьржийчоьнан шира литературин мотт — ширагуьржийн мотт.
Наггахь ша-тайпа картвелийн мотт санна билгала боккху гуьржийчоьнан жуьгтийн (жуьгтийн-гуьржийн мотт) мотт, Гуьржийчохь цунах киврули олу, ткъа Израилехь Ӏеб. גרוזינית יהודית (грузинит йехудит) йа Ӏеб. גאורגית יהודית (георгит йехудит) олу. Дукхаха болчу лингвисташа лору иза гуьржийн меттадакъа, дуккха а дешнаш схьаэцна ду ивритера а, Ӏарамийн маттара а. Йоза — жуьгтийн йоза.
ХӀинцалера картвелийн меттанех йоза дац гуьржий меттан бен. XIX бӀешарахь дуьйна гӀерта лазийн меттана (латинан йозанан бух тӀехь Германехь а, Туркойчохь а), мегрелийн меттана (гуьржийн йозанан бух тӀехь Гуьржийчохь, ткъа хьалха, кириллицин бух тӀехь а) а йоза даккха.
Картвелийн меттанашкахь ю 11 - 15 модалан-хенан кеп. Дац грамматикин тайпа цӀердешан а, меттан кхечу дакъойн а. Хандешан юьхьанцара кеп лору карарчу хенан кхоалгӀа юьхьан цхьаллин терахьан кеп. Аблаут[9] ю. Кавказан метанашкахь хуьлу ткъоллин чоьтан система. Синтаксисан уьйран хьесапаш — урхалла, координаци, тӀетовжар, барт бар. Къастало коьрта кхо предложенин конструкци: номинативан, эргативан (кхечуьнга доолу хандош дукхачу хенашкахь), дативан (кхегаран хандешнашкахь). Хандош гӀерта предложенин чеккхенга. Дошкхоллар префиксалан, суффиксалан, коьртачу кепара — префиксалан-суффиксалан (циркумфиксаш). Дош вовшахтасар ду. Дукха дескриптиван дешнаш ду. ТӀеэцна дешнаш ду Ӏаьрбийн, гӀажарийн, тюркийн меттанашкара[10]. ДештӀаьхьен система (дуста — хӀинди-европин меттанашкахь, царна юкъахь оьрсийн а, лелабо предлоган предложенин могӀа).
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.