Имерети
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Имере́ти (гуьрж. იმერეთი) — Гуьржийчоьнан регион (мохк, мхаре) а, историн мохк а, регион Риони хина бассейнехь йу. Мехкан бахархой бу (имеретинаш) цара буьйцу мотт гуьржийн меттан имеретийн диалектехь, хьалха культурица а, дахарца а кхечарехь къасталурш хила.
Регионан центр — Кутаиси. Мехкан цхьадолу дакъа Къилба ХӀирийчоьно контроль йеш ду.
Цхалтубо гӀалина гена йоцуш а, гергарчу хьесапехь Кутаиси гӀалина 10 километрехь йу Гуьржийчохь уггаре а боккха хьех — Кумистави хьех, 2010 шарахь цуьна цӀе Прометей аьлла хийцина[6].
Remove ads
Истори

XV бӀешеран чаккхехь, Тамерлан тӀелатинчул тӀехьа чӀагӀделира феодалийн бертазалла, Имерети Гуьржийн пачхьалкхех дӀакъаьстира шен лаамехь йолуш феодалийн пачхьалкх кхоьллина — Имеретин пачхьалкх (Картлица а, Кахети а нийсса) — коьрта гӀала Кутаиси йолуш.
XVI бӀешеран чакхехь Имеретин пачхьалкх йара Имерети дозанашкахь.
иран-туркойн бертаца 1555 шарахь Имеретин пачхьалкх Хункаран Туркойчоьна дола йаьлира, пачхьалкхан йал дала тӀедожира ахчанца а, лайшца а. Цуьна истори йара йуьззина гуттара а долчу феодалийн карзахбаларца а, леш бохк-эцарца а. феодалийн бертазалла чӀагӀделира XVII шерахь.
Соломон I паччахьана (1752 — 1784) бен аьтту цабаьлира кхузахь паччахьан Ӏедал чӀагӀдан. Цо бехкам бира леш бохк-эцарна, иза гӀоьртира ерриге Малхбузехьара Гуьржийчоь цхьаьнатоха. Соломонан I туркойшца дукха шерашка бахбала болу тӀом 1757 шарахь чекхбелира толамца а, 1758 шарахь Картлин паччахьаца Ираклица II бина тӀеман бертаца а.
XVIII бӀешерахь цари Имеретин паччахьаша Россига масийттазза гӀо дехира, амма дехарш йухатуьхира Туркойчоьца йолу йукъаметтиг ца йохорхьама. Эххара, 1769 шарахь Екатеринас II Гуьржийчу хьажийра инарла волучу Тотлебенан корпус (тӀаьхьа, российн эскарш арадаха дукха хан йоцуш, Сухотин инарлица хийцира). Тотлебена йиш хилира Имеретера туркойн гӀепаш схьайаха а, Кутаиси гӀала схьалаца а. Цул совнах цуо Поти гӀаьпана гуо бира. Российн эскарш дукху ца лаьттинехь, цара бакхий кхиамаш бахьнехь Туркойчоьца машар хьокъехь дагадовлар нисделира: 1774 шарахь хиллачу Кючук-Кайнарджин оьрсийн-туркойн бертаца Имеретин пачхьалкхо Туркойчоьна луш йолу йал сацийра. Тотлебенас йаьхна йолу гӀепаш туркошна йуха ца йерзира.
1811 шарахь Имеретин пачхьалкхахь Российн империно Имеретин мохк аьлла бира.
Remove ads
Административан йекъайалар
Имерети мехкан йукъахь йу 11 муниципалитет (2006 шо кхаччалц — кӀошт, 1 мехкан муьтӀахь йолу гӀала:
Нах беха меттигаш
- ГӀаланаш
- Кутаиси (147635 стаг, ларар 2014 шо),
- Самтредиа (25318 стаг),
- Зестафони (20814 стаг),
- Чиатура (12803 стаг),
- Цхалтубо (11281 стаг),
- Ткибули (9770 стаг),
- Хони (8987 стаг),
- Сачхере (6140 стаг).
- Тержола (4644 стаг),
- Вани (3744 стаг),
- Багдати (3707 стаг).
- ГӀалин кепара эвланаш
Remove ads
Бахархой
Бахархой бу (имеретинаш) цара мотт буьйцу гуьржийн меттан имеретийн диалектехь.
2018 шеран 1 январехь ларарца махкахь 507 038 бахархой бу[2], 2014 шеран 1 январехь — 703 300 стаг[12], на 2009 год — 693 500 человек[13].
2014 шарахь ларарца 533 906 стаг[8], 2002 шарахь ларарца — 699 666 стаг[8].
- Гурин кӀоштанийн къаьмнийн хӀоттам 2014 г.[4]
Remove ads
Карта
Картин легенда:
Remove ads
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads