From Wikipedia, the free encyclopedia
Чурт — веллачун билгалонна йа иэсанна хӀоттийна бетонах боьттина тӀулг, жӀар, тӀулг, скульптура йа архитектурин хӀоллам.
Чарташ (йа хӀолламаш) дукха хьолехь до ондачу тайпана Ӏаламан тӀулгах (мармарах, кир-маьӀданах[1], гранитах, габброх, лабрадоритах, гӀайракхах[2] и т. д.) йа бетонах кепа дутту. Дукхаха нисло мармаран (гранитан) цуьргех. Наггахь мекха ца дулу болатах иэс хӀоттайо, цкъацца дечигах до.
Чурт тӀаьхь дукха хьолехь йазйо веллачун цӀе, вина а, велла а терахьаш, керстачара эпитафи йазйо, бусалбачара къуръанан айаташ а, делан цӀераш а йазйо, суьлханаш, Ӏаса, гӀаблин бустамаш дохку. Цхаболчара хӀиттадо суьрташ (йа зорба тоьхна, йа тӀулг аьгна). ХӀинца леладо суьртийн компьютеран агар. Чуртан кеп йозу дуккха а факторех: веллачун весетах, динан а, йукъараллин ламастех, доьзалан таронех, иштта кхин а.
Веллачун чурт хӀотторан хан иштта йозу дукха факторех: динан ламастех, гергарчеран таронех.
Уггаре даьржина чуртийн тайпанаш — бетонах доьттина чурт, экъа, жӀар[3][4]. Амма, цхьацца факторашка хьаьжина, масала таро, чурт хила тарло хӀоллам (керстачеран — бюст), йа зугӀар.
ЖӀар хӀоттайо керстачеран кешнашкахь. ЖӀаран тайпа доьзна веллачо лелийна керсталлех. Йаьржина Малхбален Европехь (малхбузен мехкашкахь дакъа дӀадуллу чурт (стела) буха), ткъа кхин а — йукъара а, цӀеххьана а дӀабохкар нисделча; тӀаьхьарчу заманахь, дукха хьолехь хӀоттадо цхьаьна ханна чурт. Иза до, коьртаниг, дечигах (хӀетте нисло тӀулгийн жӀараш кепара а)[5].
Чурт — дуьненахь уггаре даьржина тайпа ду. ХӀиттадо белларш лаьттах бухку массо а динийн кешнаш тӀехь. Чарташ муьлхха барамехь а, беса а, дизайнехь а хуьлу — чӀапа экъанан тӀера къубан цоколь тӀекхаччалц а, деакӀуон тӀера гоьргачун тӀекхаччалц а. Кхин а даьржина "чкъуьйриг" кепара чарташ, хьалха агӀора шардина, кхечу агӀора аьгна. Вукха агӀора тӀехула а, "чкъуьйриган" агӀонаш тӀехь а хила тарло киртигаш, шурфийн ларраш, бурун ларраш, кхин дӀа а. "Чкъуьйриган" барамаш тайп-тайпана хуьлу. Католикин мехкашкахь а, Исраилехь а чарташ кӀайн до, ткъа православин а, протестантийн а — Ӏаьржа. Бусалбачарна гӀоле хета кӀайн йа гӀамаран басахь чарташ.
ХӀоллам — лакхахь ирло лекха чурт — хӀоттадо алсама нах боьхкинчу кешнашна тӀехь. ХӀолламаш даьржина а, дукха а ду. ХӀиттадо, коьртаниг, советийн тӀемлойн монументашна тӀехь.
Экъа — иштта даьржина чуртан тайпа ду. Чуртах къаьста каш тӀейиллина хиларца. Экъанаш лелайо дукхах дерг католикин а, протестантийн а мехкашкахь.
Нисло чарташ-саркофагаш а, айина меттигца билгалдаьхна кешнаш а.
Статуя хӀоттайо гӀарабевллачу нехан, тӀемлойн, хьалдолчу нехан кешнаш тӀехь. Уггаре йаьржина статуян кеп — бюст (доьхка я накха ма-барра дина адаман коьртан сурт). Статуя йо борзанах, базальтах йа мармарах.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.