Абрамова, Людмила Владимировна

From Wikipedia, the free encyclopedia

Абрамова, Людмила Владимировна
Remove ads

Абра́мова Людми́ла Влади́мировна (1939 шеран 16 август2023 шеран 17 февраль) — советийн актриса а, сценарист а. Высоцкий Владимиран хилла зуда, актёрийн Высоцкий Аркадийн а, Высоцкий Никитин а нана.

Боца хаамаш Абрамова Людмила, Бакъ цӀе ...
Remove ads

Биографи

Да — «Хими» арахецараллин редактор, ненан шиъ лакхара дешар дара чекхдаьккхина: тӀом балале чекхйаьккхира МПУ механикин-математикин факультет, ткъа тӀом чекбаьлча — Кхечу мехкан меттанийн тӀеман институт. Людмила ехира деца а, ненаца а, йишица а, дененаца Любовь Борисовница квартирехь, денанна дагахь дукха, Гумилёв Николайн а, Ахматова Аннин а байташ хаара, Ахматоваца девзаш дара цуьнан денена ваша а, йиша а[2].

ЕПКИ доьшуш а йолуш, 1961 шарахь «713-гӀачо доьху охьахаийтар» кино йоккхуш вевзира Высоцкий Владимир, цуьнга мааре а йахана, цуьнан шина кӀентан — Аркадийн а, Никитин а нана хилира.

1963 шарахь чекхйаьккхира ЕПКИ (М. И. Ромман пхьалгӀа), цуьнца цхьаьна курсехь доьшуш бара Смирнов Андрей а, Кончаловский Андрей а.[2]

1960-гӀа — 1970-гӀа шерашкахь исбаьхьаллин фильмашкахь ролаш ловзийра.

1984 шарахь йаьккхира цуьнан сценарица фильм «Ло данле…».

1991 шарахь Высоцкий Владимирех дагалецамех долу «Цуьнан биографех факташ» жайна зорба туьйхира.

1990-гӀа — 2000-гӀа шерашкахь дакъалецира документалан суьрташкахь.

Пенсехь йолуш хьийхира Москохан цхьаьна лицейхь. В. Высоцкийн музей кхуллучу дирекцин исбаьхьаллин куьйгалхо болх бира[3].

2012 шарахь «Текст» арахецараллехь арабаьлла Л. В. Абрамовас йалале хьалха хӀоттийна шен уллерачу доттагӀчун Калиновская Динин кхолламийн гулам, цунна чохь дарайаздархочун кхоллараллин тӀаьхьенан дийцарш а, монопьеса а. Кхин а, Абрамова Людмилас Ӏалашъен йаздархочун архивера, Доккха Никитски тӀиера москохан жуьгтийн оьздангаллин центрехь, 2009 шарахь декоративан гӀутакхийн «Йаздархо Калиновская Дина а, цуьнан гӀутакхаш а» цӀе йолу гайтам бира.

Remove ads

Доьзал

  • Майра (25.07.1965 дуьйна; йитина 10.02.1970[4]) — В. С. Высоцкий (1938—1980) — театран а, кинон а актер, поэт, автор-йишлакхархо.
    • кӀант Аркадий (вина 29.11.1962) — актёр, киносценарист.
      • 5 кӀентан бер: Владимир, Наталья, Никита, Михаил, Мария.
    • кӀант Никита (вина 08.08.1964) — актёр, режиссёр, сценарист.
      • 4 кӀентан бер: Даниил, Семён, Виктор, Нина Высоцкая (йина 2013).
  • Майра (1971 дуьйна 1990-гӀа шераш кхаччалц)[5] — Овчаренко Юрий Петрович (вина 1935 шеран 3 декабрехь) — инженер-механик.[6]
    • йоӀ — Овчаренко Серафима Юрьевна (йина 1973 шеран 27 апрелехь[7]).
Remove ads

Фильмографи

  • 1962713-гӀачо доьху охьахаийтарЭва Пристли
  • 1966Малхбален сенешЛена
  • 1969Хьо воцуш ехийла дац, Юсте
  • 1977ЦӀиен Ӏаьржа латтаэпизод

Документалан фильмашкахь дакъалацар

  • 1989 — Суна ца деза…
  • 1998Дагахь латтийта, Фильм 41: Высоцкий Владимир
  • 2006 — ЦӀуй дӀа муха бахара
  • 2006 — Высоцкий Владимир
  • 2006 — Марченко Людмила
  • 2008 — Высоцкий Владимир. Со вогӀур ву шун сагатдан!
  • 2008 — Высоцкий Владимир. Со вогӀур ву шун сагатдан!
  • 2010 — Светличная Светлана. Даиман къега
  • 2011 — Высоцкий. ТӀаьххьара шо

Сценарист

  • 1984Ло данле…

Библиографи

  • Абрамова Л. В., Перевозчиков В. К. Факты его биографии: Людмила Абрамова о Владимире Высоцком. — Россия молодая, 1991. — 112 с. 60 000 экз. ISBN 5-86646-003-3.[8]

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads