Албани
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Алба́ни (алб. Shqipëria), юьззина официалан кеп — Респу́блика Алба́ни[5] (алб. Republika e Shqipërisë [ɾɛpuˈblika ɛ ʃcipəˈɾiːs]), — Балканийн ахгӀайренан малхбузен декъера пачхьалкх. Бахархой, 2017 шеран 1 январехь, Албанин статистикин институтан хаамашца, бу 2 876 591 стаг, мохк — 28 748 км². Бахархойн барамца дуьнанахь 136-гӀа меттигехь а, майдан барамца 139-гӀа меттигехь а йу.
Коьрта шахьар — Тирана. Пачхьалкхан мотт — албанойн.
Албани — унитаран пачхьалкх, парламентан республика. 2017 шеран 24 июлехь дуьйна Албанин президент ву Мета Илир, премьер-министран дарж 2013 шеран 15 сентябрехь дуьйна дӀалаьцна Рама Эдис. «Economist Intelligence Unit» хьаьжча, 2018 шарахь мехкан Демократин индексан классификаци йира гибридан раж[6] аьлла.
Административан-мехкан декъадаларан агӀора йекъало 12 областан.
Лаьтта Европин къилба-малхбалехьа Адриатикин а, Ионийн хӀордашна йисттехь. Отранто хидоькъено Албани къастайо Италех. Къилбаседа-малхбалехь доза ду Сербица а, цхьаццамма къобал йина Республика Косовоца[7] а, къилбаседа-малхбузехьа — Ӏаьржаламанчоьнца, малхбалехьа — Къилбаседа Македоница, къилба-малхбалехьа — Желтойчоьнца.
Албани, цхьаццамма къобал йина Республика Косовоца, Босница а, Герцеговиница а цхьаьна могӀара, Европин мехках алсама бусалбанаш болучех цхьаъ йу.
Албани — НАТОн декъахо йу 2009 шарахь дуьйна. ЕБ йукъайаха официалан кандидат йу (2014 шарахь дуьйна)[8].
Remove ads
Этимологи
«Албани» топоним схьаяьлла йуккъерабӀешерийн мехкан латинан цӀарах. Иза схьаяьлла хила тарло иллирийн тайпанах албанех (алб. Albanët), иза билгала даьккхина Искандрин географо а, астрономо а Птолемейс, вайн эран 150 шарахь, цунна тӀехь гайтина, Дуррес гӀалин къилбаседа-малхбалехьа лаьтташ йолу, Албанополис гӀала[9]. Цунах схьаяьлла хила тарло йуккъерабӀешерийн нах беха меттиган цӀе Албанон я Арбанон, хӀетте а хьалха Албанополис хиллачу меттигехь йу ала шеко йоцуш ала йиш йац[10]. XI бӀешарахь язйинчу шен исторехь, византийн историко Атталиат Михаил дуьххьара хьахабо албанойш, 1043 шарахь Константинополан дуьхьала гӀаттамехь дакъалаьцна, Диррахин герцоган куьйгакӀелара арбанитайш. Йуккъерачу бӀешерашкахь албаноша шайн мехках олура Арбери (алб. Arbëri) я Арбени (алб. Arbëni), ткъа шайха — Арберешаш (алб. Arbëreshë) я арбенешаш (алб. Arbëneshë)[11][12].
ХӀинца албаноша шайн махках олу Shqipëri я Shqipëria. XVII бӀешарахь Shqipëria топонима а, этносан Shqiptarë катойконима а хан заманца хийцира Arbëria а, Arbëresh а. Shqipëria а, Shqiptarë а шуьйра туьду «Аьрзунийн латта» а, «аьрзунийн бераш»[13][14] а олий. Иштта Shqipëria, цхьаьна версица, схьайолу албанойн дашах «shqip» — «ойла йийцар»[15]. Слависта А. М. Селищевс чӀагӀдо, иза схьадаьлла орамах — «shqe», цуо билгалдоккху «славянаш» (Shqerí — албанойн shqa<*skla, дукх. т. — shqe), иза Балканан лар йу славянийн VI—VII бӀешерашкара колонизацех йисина[16].
Remove ads
Физикин-географин хьал

Албани лаьтта Балканийн ахгӀайренан тӀехь Къилба Европехь, дӀалоцу 28 748 км²[17] майда. Къилбаседа-малхбузе агӀора Адриатикин хӀордан хиш ду, къилба-малхбузехьа — Ионийн хӀордан хиш. Ший а хӀорд Лаьттайуккъера хӀордан дакъа ду. Малхбузен декъехь йу чутаьӀна область, йисинарг (70 % гергга) — ламанийн а, хьаннийн а кӀошташ.
Мехкан латта лаьтта 42-гӀа а, 39-гӀа а къилбаседа шораллашна йукъахь, ткъа иштта малхбален дохаллин 21-гӀа а, 19-гӀа а меридианашна йукъахь. Албанин къилбеседа йисттера меттиг йу Вермош эвла (42°35’ къ-с. ш.), къилбан йист — Конисполь (39°40’ къ-с. ш.). Мехкан малхбузен йист — тӀехь адам доцу гӀайре Сазани (19°16’ м-бал. д.), малхбелен йист — Верник эвла (21°1’ м-буз. д.)[18]. Албанин уггаре лекха Ламанан бохь — Кораб лам (2764 м). Малхбузера малхбалехьа йохалла 148 км ю, къилбаседехьара къилбехьа — 340 км.
Remove ads
Албанин регионаш
Истори
Экономика
Арахьара махлелор
Экспорт 2017 шарахь[19] — 2,39 млрд $: мачаш, хромитан маьӀда, ферролалам, аьрга мехкдаьтта, юьртабахаман сурсаташ (коьртаниш стоьмаш, хасстоьмаш, тонка).
Коьрта эцархой: Итали — 48 % (1,15 млрд $), Цийчоь — 7,4 % (177 млн $), Испани — 5,3 % (127 млн $), Франци — 4,7 % (113 млн $), Германи — 4,7 % (111 млн $).
Импорт 2017 шарахь — 4,21 млрд $: автомобилаш а, кхин гӀирсаш, мехкдаьттсурсаташ, молханаш, даьхний а, даьхнийн сурсаташ а, текстилан а, хьаштонан а сурсаташ.
Коьрта латториш: Итали — 30 % (1,28 млрд $), Туркойчоь — 9,9 % (416 млн $), Желтойчоь — 9,7 % (391 млн $), Германи — 8 % (336 млн $), Цийчоь — 7,4 % (311 млн $).
Транспорт
Мехкахула лела маршрутан таксеш, автобусаш, церпошташ. Маршрутан таксех кхузахь «фургон» олу, — уггаре дукха лело транспортан тайпа. Уьш йу исс я шийтта меттиг йолу кӀайн-цӀе бесара мини-автобусаш, новкъа йолу ерриг меттигаш дӀалаьцча. ХӀора гӀалахь йу цхьаъ я масех «фургонийн» станци.
Муниципалан автобусаш лела шен рожехь, билгалчу хенахь. Уьш лела, дукха хьолахь, делкъал тӀаьхьа 3—4 сахьт даллалц.
Албанин гӀалашна йукъахь лела таро йу цӀерпоштан тӀехь. ЦӀерпоштнекъо вовшахтосу Тирана, Дуррес, Шкодер, Поградец, Влёра, Эльбасан. Уггаре дукха леларш хуьлу Тиранин а, Дурресан а йукъахь — йалх цӀерпошт дийнахь. Вукха агӀонашка йоьду цхьа-ши цӀерпошт дийнахь-бусий.
Телефонан зӀе
Махкахь болх беш йу кхоъ улхан оператор: Eagle Mobile, Vodafone, AMC Mobile.
Remove ads
Билгалдахарш
Литература
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads