Алпатово

Невран кӀоштара йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia

Алпатовоmap
Remove ads

Алпа́туНохчийн Республикин Невран кӀоштан эвла. Алпатун йуьртан меттиган административан центр йу (цунна чу йогӀу Алпату а, Свободни а).

Боца хаамаш Алпатово йа Алпату, Пачхьалкх ...
Remove ads

Географи

Лаьтта Теркан аьрру бердаца, Дон-тӀера-РостовБакох цӀерпоштнекъан тӀех (цӀерпоштнекъан станци Алпатово Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштнекъан йукъара). Гергара эвланаш: малхбузехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбузехь — Рубежни эвла, Къилба-малхбалехь — Новр-ГӀала а, Чернокозово эвла а, къилба-малхбузехь — ЧӀулга-Юрт[3].

Микротопоними

  • Аьхкина барз – лаьтта эвлан къилбаседа агӀора Алпатун баьрзнийн тобанехь. Барз цхьана хенахь аьхкина хазна лохучара, цунах дуьйцу баьрзан цӀеро.
  • Свободни кӀотар (хӀинца эвла) – лаьтта Алпатун къилбаседехьа, йукъаягӀара Алпатун йуьртан советан.
  • «Наурский» чагӀаран совхозан № 3 йолчу декъан поселок.
  • Степной кӀотар – йукъаягӀара Алпатун йуьртан советан.
  • ЦӀерпошнекъан Алпатово станцин цӀерпоштнекъахойн поселок, эвлан къилба декъехь лаьтта[4].
Remove ads

Истори

Эвла йилина 1925 шарахь цӀерпоштнекъан разъезд Алпатово аьлла. 1926 шарахь кхузахь 8 керт бен ца хилла, коьрта бахархой — великоруссаш. Административан агӀора йукъахь хилла Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуонан Невран кӀоштан Новр-ГӀалан йуьртан советан (йукъ — Новр-ГӀала)[5]:62—63.

Ислам дин тIеэцна Дмитрий (Яков) Алпатов цӀе йолу гIалагIазакхи хилла Кавказан тIамехь нохчийн агӀора дехьаваьлла, оьрсашна дуьхьала тIом бина. Нохчаша цунах обарг Яшка олуш хилла, нохчийн къоман доттагI лоруш а хилла, 1856 шарахь оьрсашна каравахна[6]. Виеран кхел йина вийна цхьаьна барз тӀехь (тӀаьхьа цӀе йелла Алпатовн барз)[4].

Remove ads

Бахархой

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...
Къоман хӀоттам

2002 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца бахархойн къоман хӀоттам[10]:

Ма-дарра Къам, Барам, ст. ...

2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца бахархойн къоман хӀоттам[11]:

Ма-дарра Къам, Барам, ст. ...

Дин

Юьртахь доккха рузбан маьждиг а ду, жамаIатан маьждиг а ду.

Инфраструктура

1929-1931 шерашкахь йуьйгӀира совхозан центран керт. Эвлан йукъахь йуьйгӀира нах беха шала тӀекӀела йина гӀалан кепара хӀусамаш, царна чохь бехара белхалой а, гӀуллакхехь берш а, йира пошт, кинотеатр, оьздангаллин цӀа. Эвлахь йу йуккъера а, йуьхьанцара а ишколаш, йиллина газ, диллина хи[4].

ГӀарабевлла бахархой

Галерей

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads