Ишоре
Невран кӀоштара йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Ишо́ре (оьрс. Ищёрская) — Нохчийчоьнан Невран кӀоштара гӀала. Ишорен йуьртан меттиган административан центр[3] (йукъайогӀу Ишоре гӀала, Дальни эвла а, Кречетово кӀотар).
Remove ads
Географи
ГӀала лаьтта Теркан-Куман аренахь, Теркан аьрру бердаца, кӀоштан центран Новр-ГӀалин 15 км малхбузехьа, Теркан кӀоштан центран ЧӀулга-Юртан 5 км къилбаседехьа, Алпатун 7 км къилба-малхбузехьа[4], Нохчийн Республикин Ставрополан мехкаца долчу административан дозан 4 км гена.
Ишорен йуьртан меттиган йукъара нах беха меттигаш
Кречетов кӀотар
- Кречетов кӀотар йукъайогӀу Ишорен йуьртан меттиган административан йукъан[3]. Лаьтта Ишоре гӀалин къилбаседехьа. Бахархой хьалха хилла йолу «Россия» совхозан белхалой бара. ХӀинца совхоз йоьхна.
Дальни
Дальни эвла йукъайогӀу Ишорен йуьртан меттиган административан йукъан[3]. Лаьтта Ишоре гӀалин къилбаседехьа.
Топонимаш
КӀотарш лаьттина меттигаш
- Баскаковн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу аьхка а, Ӏай а даьхний кхобу кӀотар.
- Бычковн кӀотар – Ишорен къилбаседехьара меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу кӀотар.
- Лукъянан кӀотар – Ишоре гӀалин малхбален йисттера меттиг. Хьалха кхузахь хьал долчу гӀазакхийчуьн Лукъянан кӀотар хилла.
- Новобычковн кӀотар – Ишоре гӀалан къилбаседа агӀора меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу гӀазакхийчуьн Бычковн кӀотар.
- Новомельниковн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг. Хьалха и кӀотар аьхка а, Ӏай а даьхний кхобуш лелош хилла.
- Орловн кӀотар – Ишоре гӀалин малхбуза агӀора меттиг. Хьалха кхузахь хьал долчу даьхнийлелорхочун Орловн кӀотар хилла.
- Сборни кӀотар – Ишоре гӀалин малхбален агӀора меттиг. Хьалха иштта цӀе йолуш кӀотар хилла. Къаноша дийцарехь, кӀотар кхоллаелла керла балийна гӀазакхий гуллалучу ирзухь.
- Старомельниковн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долчу гӀазакхийчуьн кӀотар. Старомельниковн кӀотарна гергахь хьалха хилла Новомельниковн кӀотар.
- Хрусталевн кӀотар – Ишоре гӀалин малхбузера меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу гӀазакхийн хилла кӀотар.
- ХӀирийн кӀотар – Ишоре гӀалин малхбузера меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу хӀирийша йиллина кӀотар.
- Чернышевн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, цигахь лаьттина аьхка а, Ӏай а даьхний кхобу кӀотар.
- Чикулаевн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу кӀотар[4].
Бошмаш
- Колесниковн бошмаш – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу паччахьан инарлан Колесниковн бошмаш лаьттина, бошмашкахь болхбеш хуьлура йалхой а, салтий а.
- Краюшкинан бошмаш – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу хьал долчу гӀазакхийчуьн Краюшкинан бошмаш лаьттина.
- Лопатинан бошмаш – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу бошмаш лаьттина[4].
Хьаннаш
- Дешийн хьаннаш – иштта цӀе хилла Теркан аьрру бердан атагӀан чуьра, Ишоре гӀалин къилбехьара хьаннаш. Дешийн хьаннаш олуш хилла, цигахь гӀишлошйарехь лело мегаш йолу дечигаш йохуш хиларна.
- Жима Гола – лаьтта Ишоре гӀалин къилба-малхбузехьа.
- Йоккха Гола – Терко голатухучу меттигера, Ишоре гӀалин къилбехьара хьун.
- Сибилиха – хьуьнан массив. ЦӀе схьайаьлла гӀазакхийчун фамилех. Иза хилла чӀогӀа говза таллархо, цуо оцу хьуьнхахь куьйранаш а лоьцуш, талла Ӏамош хилла, тӀаккха духкуш хилла олхазарш.
- Сосовн хьун – лаьтта Ишоре гӀалин къилбехьа, Теркан аьрру бердаца.
- Хурониха – Ишоре гӀалин къилбан йисташкара хьун[4].
Баьрзнаш[4]
- Барышниковн барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбузехьа. Барышников – оьрсийн антропонимин фамили йу. ЦӀе йелла оцу барзан гуонахьара латтан дакъа Барышниковн хилар бахьнехь.
- Городбище барз – Ишоре гӀалин къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
- ГӀалмакхойн барз – кошан барз лаьтта Ишорен къилбаседехьара меттиг. Этноним тюркийн меттанашкара йу: «кхалмыкх» - тӀехьабисинарш.
- Жанжалинан барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбалехьа. Жанжалин – наггахь бен ца хуьлу оьрсийн фамили.
- Закутинан барз – Ишоре гӀалин къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
- Куоканийн барз – Ишоре гӀалин къилбаседа-малхбузера тӀе куоканийн коьллаш йевлла кошан барз болу меттиг.
- Косовн барз – кошан барз болу меттиг Ишорен къилбаседехьа.
- Междуярский барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбузехьа.
- Серебряковн барз – Ишоре гӀалан къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
- Хохолийн барз – кошан барз Ишорен къилбаседехьа.
- Часовницкийн барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбузехьа.
- Шина вешийн барз – Ишоре гӀалан къилбаседа-малхбузера кошан ул-уллехь ши барз болу меттиг.
Кхин топонимаш
- Булгаков атагӀа – Ишоре гӀалин къилбаседехьара шера меттиг.
- Дешийн атагӀа – иштта цӀе йара Ишоре гӀалин къилба-малхбален агӀора, Теркан аьрру бердан атагӀан. И цӀе йелла кхузахь чӀогӀа дика, хьена латташ долун дела.
- Кхазакх кхуйу – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг. Гочдича хуьлу «ГӀазакхийн гӀу».
- Кхыркхыз кхуйу – иштта цӀе йолу хин хьост долу Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг. Ма-дарра «ГӀиргӀазойн гӀу».
- Мазалкан некъ – Мазалкний, гӀизларний йукъара шоссен некъ, цуо вовшашца уьйр латтайо массо а Теркан хьуьнан йисттехула йолчу эвланашца а, гӀаланашца а (Ишоре, Алпату, Новр-ГӀала, Макан-ГӀала, Савельевски, Гал-ГӀала, Новотерски, Керла Солкушино, Левобережни, Салт-ГӀала, Оьрз-ГӀала, Новощедрински, Шелковски, Гребенски, Старогладовски, Курдюковски, Каргалински, Дубовски, Бороздиновски). Оцу новкъан йу кхин а цхьа цӀе, Мазалк-ГӀизлар некъ, хӀинца а йолуш йолу. Цуьнга нисса боьду цӀерпоштнекъ. Мазалкан некъ дехьа болу тӀайнаш тӀехула Теркан аьтту берда тӀе Ишорехь, Оьрз-ГӀалахь, Гребенскехь.
- Нефтекачка – Ишоре гӀалин малхбузехьара меттиг, цигахь лаьтта мехкдаьтта тотту станци[4].
Remove ads
Истори
Ишоре йилларан билгала терахь хууш дац. Дуьххьара хьахийна 1771 шарахь, оцу хенахь кхоьллира Мазалкан гӀазакхийн аса, цунна йукъайахара гӀала. 1772 шарахь Ишорехь хилла Пугачёв Емельян, иза гӀалагӀазкхаша алапа а, даар а деха хьажийра Москоха, амма Мазалкехь постехь Пугачёв лецира[5] (тӀаьхьуо цуьнан аьтту белира хойх вада).
1926 шеран хьолашкахь Ишоре гӀала йукъайодара Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуон Невран кӀоштан Ишорен сельсоветан. 1926 шеран бахархой багарбаран жамӀашца, гӀалахь вехара 4312 стаг, царех оьрсий — 3255[6].
Remove ads
Бахархой
Беха Ишорехь нохчий а, гӀазакхий а, туркой а. Алсама бу нохчийн хьачарой, чӀинхой, чартой, шарой, зумсой, аьккхий тайпанийн векалш[4].
- Къоман хӀоттам
ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 2002 шеран Йерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[11]:
ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 2010 шеран Йерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[12]:
ГӀарабевлла бахархой
Хьажа иштта категори: Бинарш Ишорехь
- Колесников, Иван Никифорович — инарла-майор, Хьалхара дуьненан тӀеман турпалхо.
- Сафонов, Василий Ильич — дирижёр, пианист, Москохан консерваторин директор, Илья Иванович Сафоновн кӀант.
- Сафонов, Илья Иванович — гӀазакхийн инарла, Кавказан тӀеман турпалхо.
Транспорт
ГӀалахь йу цӀерпоштнекъан станци Ишоре, 2018 шарахь Теркан тӀехула керла тӀай диллина, шираниг дӀа а даьккхина, чекхболу автотрасса Мазалк—ГӀизлар.
Кхузахь лаьтта Невран кӀоштан Пачхьалкхан некъаш лелоран урхалла.
Топографин карташ
- Лист карты K-38-7 Ищерская. Масштаб: 1 : 100 000. Указать дату выпуска/состояния местности.K-38
Галерей
- Ишорен йуьртан маьждиг
- Автотуька
- Кибарчиган заводан администраци
- Берийн беш
- Некъаш дахкаран урхалла
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads