Анапа

From Wikipedia, the free encyclopedia

Анапаmap
Remove ads

Ана́паРоссин къилбехьара курортан гӀала, лаьтта Краснодаран махкахь, Ӏаьржа хӀордан берд йисттехь. Муниципалан кхоллам гӀала-курорт Анапа мехкан маьӀна долу гӀала а, административан центр а. Климатан а, бальнеодарбанцӀийнан а курорт, дукхах дерг берийн. 2011 шарахь йелла сийлахь цӀе «ТӀемлойн сийнан гӀала».

Thumb
Анапан хьаьрк
Thumb
Симферопалан шоссе
Боца хаамаш Анапа, Пачхьалкх ...
Remove ads

Физикин-географин амал

Географи

Анапа ю Российн Краснодаран мехкан къилба-малхбузен декъехь Ӏаьржа хӀордан берд йисттехь. Анапа лаьтта Йоккха Кавказ а, Таманан ахгӀайре а цхьаьна кхетачехь, Москохан 1,5 эз. км гена, Краснодаран – 190 км, Сочин – 360 км.

Кхузахь Кавказан ламанан кӀажош хийцало кхуьуш йолчу атагӀашца, ткъа Таманан аренаш ийна ю хӀордан лиманашца. Аьхкенан йовхо кӀадйо хӀордан тӀера салкхене мохо.

ГӀамарийн пляжо Ӏадца хӀордан гуо бо, кхулла аьтту болу хаза бухта. Анапин кӀоштара гомхалло хи дика дохдо. Май чекхболуш йолаелла, сентябрь чекхбаллалц (октябрь болабаллалц) лаьтта лийчаран шеран заманан хин йуккъера температура, хуьлу 21—25 °C.

Лаьтта меттиг
Ма-дарра Анапи а, яккхийн гӀаланийн йукъахь йолу меттиг ...
Гидрографи
Thumb
Анапка эркан хикхоче

Анапа гӀалин йукъахула чекхдолу Анапка эрк, цуо вовшах туху Анапин тогӀенаш хӀордаца.

Климат

Ма-дарра Анапин тӀаьхьарчу 10 шарахь (2007 - 2016 шераш) хилла климат, Гайтам ...
Remove ads

Хьажа кхин а

  • Муниципалан кхоллам гӀала-курорт Анапа
  • Анапин кӀошт
  • Кавказан ӀаьржахӀордан йист
  • ӀаьржахӀордан кордонан аса
  • Анапин хӀорджӀаьлла кхобург
  • Анапин маяк
  • Категори:Анапин сийлахь гражданаш
  • Соловьянова Катин урам

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads