АрташесгӀар

From Wikipedia, the free encyclopedia

АрташесгӀар
Remove ads

АрташесгӀар я АрташесянгӀар (эрм. Արտաշեսյաններ) — Йоккха Эрмалойчоь паччахьан некъий, кхоьллина Арташес I-чо, урхалла дина в. э. 190 шо хь. - 12/14 шерашкахь. Арташес I-чуьнан кӀентан кӀанта Аршака кхоьллина некъийн лахара геннаша, урхаллехь яра луларчу Иберехь вайн эрал 90 - 30 шераш хьалха.

Боца хаамаш АрташесгӀар, Мохк ...

Коьрта шахьарш — Ервандашат, Арташат (вайн эрал 176 шо хьалха дуьйна), Тигранакерт (вайн эрал 77—69 шо хьалха).

Титулаш лелайора «паччахь» (тагавор) а, «паччахьийн паччахь» а («аркаиц арка» (արքայից արքա), Тигран II-чуьнан тӀера дуьйна).

Remove ads

Некъий схьабовлар

Некъий схьабевлла Арташес I хилла селевкидгӀеран паччахьан Антиох III Сийлахьчун сатрап. Антиоха III-гӀа румхошна вайн эрал 190 шо хьалха Магнезера тӀамехь эшначул тӀехьа Арташес I, Рум реза хиларца, ша кхайкхийра Йоккха Эрмалойчоьнан паччахь[1].

Иберин Ӏарш тӀера паччахьийн исписка

  1. Аршак I (Арташес; в. э. 90 — 78 шо хь.), Йоккха Эрмалойчоьнан паччахьан Арташес I-чуьнан кӀентан кӀант, хила тарло, Артавазд I-чуьнан кӀант[2]
  2. Артак (в. э. 78 — 63 шо хь.), Аршак I-чуьнан кӀант[3]
  3. Фарнаваз II (63 — 30), Артакан кӀант[4]
в. э. 30 шо хь. — 1 даржера вожийна
4. Фарсман I (1 — 58), Фарнаваз II-чуьнан йоьӀан кӀант[5]

Хьост

Хьажа кхин а

  • Эрмалойчоьнан историн хронологи

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads