ЕрвандгӀар
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
ЕрвандгӀар, Оронтидаш, Ервандуни я Ервандаканаш[1] (эрм. Երվանդունիներ, шир.-желт. Ὀρόντης, гӀаж. اروندی; вайн эрал 570 я 520 гергга — 200 шераш хьалха) — эрмалойн некъий[2][3][4][5], вайн эрал 401 шо хьалха дуьйна урхалла деш хилла Эрмалойчохь, гӀажарийн (ахеменидгӀеран) сардалаш болуш, ткъа вайн эрал хьалхара 323—200 шерашкахь Айраратан паччахьаллин паччахьаш болуш[6][7]. Страбонца («Географи», XI,14, 15), схьабовлар дара гӀажарийн хьаькмах Гидарн Воккхахаволчух, Харц-Смердис вийначу ворхӀаннах цхьаъ. Наггахь цуьнан га лору вайн эрал II—I бӀешо хьалха Эрмалойчоьнна урхалла дина АрташесгӀеран некъий[8][9]. Цул сов ЕрвангӀеран некъаша урхалла дира Жима Эрмалойчоьнан. Некъаша иштта урхалла дира эрмалойн месопотамин паччахьаллашкахь Коммагенехь, Осроенехь, Гордиенехь, Адиабенехь, Софенехь.
Remove ads
Коммагенин паччахьийн га

- Птолемей Коммагенин в.э. 163 шо хь.—в.э. 130 шо хь.
- Сам II в.э. 130 шо хь.—в.э. 109 шо хь.
- Митридат I Коммагенин в.э. 109 шо хь.—в.э. 70 шо хь.
- Антиох I Теос Коммагенин в.э. 70 шо хьалха—в.э. 38 шо хь.
- Митридат II Коммагенин в.э. 38 шо хьалха—в.э. 20 шо хь.
- Антиох II Коммагенин в.э. 20 шо хь.
- Митридат III Коммагенин в.э. 20 шо хь.—в.э. 12 шо хь.
- Антиох III Коммагенин в.э. 12 шо хь.—17 шо
- Руман урхалла (17 шо—38 шо)
- Антиох IV Коммагенин (38 шо—72 шо) а, цуьнан зуда Иотапа
Remove ads
Хьажа кхин а
- Ерванд
Билгалдахарш
Хьажогаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads