Кадыров Ӏабдулхьамидан Ахьмад

From Wikipedia, the free encyclopedia

Кадыров Ӏабдулхьамидан Ахьмад
Remove ads

Ахьмад-Хьаьжа Кадыров (вина 1951 шеран 23 августехь, Карагандехь2004 шеран 9 май, Соьлжа-ГӀала).

Боца хаамаш Ахьмад-Хьаьжа Кадыров, Нохчийн Республикин президент ...

Нохчийн динан а, пачхьалкхан а дакъалацархо. Нохчийн Республикин дуьххьарлера президент. Хьалха масийтта шарахь Ичкерин муфтий хилла.

Цуьнан ма-ярра цӀе ю: Къадирийн Ӏабдулхьамидан воӀ Ахьмад Хьаьжа.

Remove ads

Биографи

Схьавалар а хьалхо шераш

Вина Карагандехь Казахийн ССР. Иза ву Беной тайпан.

1957 шеран апрелехь КадыровгӀар Нохч-ГӀалгӀайн АССРе, цӀа баьхкира Хоси-Юртахь баха хойжира.

Жималла

В 1968 шарахь БIачин-Юртан йуккъера школа чекхйаьккхира. Оцу шарахь комбайнеран курсашка Ӏама вахара Галл-ГӀалахь Науран кӀоштан.

1969 дуьйна 1971 шо кхаччалц совхозехь болх бийра «Новогрозненский» Гуьмсан кӀоштехь.

1971 шарахь Ахьмад, Нечерноземьехь Сибирехь а гӀишлош йеш белхаш бийра 1980 шо кхаччалц.

1976 шеран 5 октябрехь Хоси-Юртахь 25-шо долу Ахьмадан хила кӀант Рамзан.

Дин Ӏамор а карьера а (1980—1991)

1980 шарахь Гуьмсера маьждиго 29-шо долу Ахьмад Узбекийн ССРе дин Ӏомо вахийтира, эцахь Бухаран Мир-Араб цӀе йолу медресе деша хӀоьттира. Ши шо даьлча цо медресе чекхйаьккхира (Кадыровс алларца 7 шарахь Ӏомо йеза курс 2-шарха Ӏемира, хӀунда аьлча дукху дерг жима волчу хенахь дуьйна хууш хела — 5 шо долуш КъорӀа дуьйшуш дара Ахьмадс)

Remove ads

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads