Балкхарой
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Балкха́рой (кхарач.-балк. малкъарлыла, таулула[7][8]) — туьркийн къам, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан орамера бахархой, дукхаха дерг беха Къилбаседа Кавказан йуккъерачу декъехь, ламанан а, ламанан кӀажошкара а (Балкхаройчоь) кӀошташкахь Баксан, Чегем, Хазнидон, Черек-Балкхаройн (малкхархой), Черек-Хуламан (безенгиевгӀар, холамхой) эркийн лакхенашкахь. Йоккха европин расин кавказан антропологин тайпана йукъара бу[9]. Фактехь цхьа къам ду лулара Кхарачой-Чергазийчуьра кхарачошца.[10] Буьйцу тюркийн доьзалан кхарачойн-балкхаройн мотт.
Remove ads
Этноним
Кеп:Чекхдаккханза дакъа «Балкхарой» къоман (этноним) цӀе схьайаларан масех верси йу:
- иза схьайаьлла оьрсийн «малкхарой» цӀеран вариантах (Малкхар чӀожан бахархой)[11].
- «болгарийн» цӀерах[12] (737 шарахь Ӏаьрбойн-хазарийн бертан хьелашца каган луучарна массарна а ислам дин тӀелаца бакъо йелла. Дуккха а булгараша-бурджанаша (масала, таханлера балкхаройн кхарачойн, гӀумкийн дайша) бусалба дин тӀеийцира. Нисса оцу заманахь дуьйна булгарашна йукъахь ислам даржа долало. Билг. — Бегунов Ю. (ред.), Закиев М., Бариев Р., Глашев Б., Нурутдинов Ф. Булгарийн къоман хазна. Этногенез. Истори. Оьздангалла. Арахецаралла: «БулгарИздат»; 2007 ш.
Remove ads
Барам
Берриг балкхаройн барам хIинца бу 125 эз. гергга стаг (2010, мах хадор). Россехь беха 112,9 эз. стаг (2010), царех ГӀебартойн-Балкхаройчохь — 108,6, иза хуьлу 12,7 % республикин бахархойх. ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан кIошташкара дакъа 2010 шеран бахархой багарбаран жамIашца:
Цхьаболу балкхарой беха Кхазакхстанехь а, ГӀиргӀазойчоьхь а (4—5 эз. ст., 2008 шарахь мах хадорца), уьш цига кхаьчна 1944 шарахь махках бахар бахьнехь.
Беха кхин а Туркойчоьхь, Европин мехкашкахь, АЦШхь, уьш XIX бӀешарахь Къилбаседа Кавказ йитинчу мухажирийн тӀаьхье ю.
Remove ads
Мотт
Кхарачойн-балкхаройн (кхарачойн, балкхаройн) мотт — кхарачой а, балкхаройн а мотт бу, туьркийн меттанех цхьаъ бу иза. Меттан ген къестамаш бакхий бац. Таханлера цӀе йукъара тӀеэцна 1950-гӀа шерашкахь, хьалха олура ломан-гӀезалойн, ломан-туьркийн, гӀезалойн-джагатайн. Баьржина ГӀебартойн-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, шинне а республикашкахь пачхьалкхан меттан статус ю. Россехь мотт буьйцурш 303 эз. гергга стаг ву[13].
Охьаховшаран географи
Балкхарой Европехь уггаре лакхахь дехачарех цхьа къам ду. Цара дӀалоцу Къилбаседа Кавказан атагӀаш а, ломан кӀажош а Малка, Баксан, Чегем, Черек, церан геннийн а Ӏинаш. Балкхаройчоьнан мохк бехаш бу ломан массивашца, хьаннашца, хьена атагӀашца, альпийн байнашца.
Этносан истори

Балкхаройн къоман этногенез
Туьркой меттан балкхаройн а, кхарачойн а, ткъа иштта кавказан меттан вайнехан, гӀажарийн меттан хӀирийн, материалан а, синмехаллин оьздангаллин а шира субстратан бух бу археологехь лар йитина, уггаре къегина, дика теллина кобанан оьздангалла. ГӀажарийн чкъор хааделла хӀирийн-кхарачойн-балкхаройн этнооьздангаллин йукъараллехь. И йукъаралла лору этносаш хиттарехь аланийн доминантан сурт санна. Шен рогӀехь туьркийн «тӀаьхьие», дукха хьолахь, йоьхку кипчакаш (половхой) лома бахарца, иштта кхоллаелла Къилбаседа Кавказехь туьркийн меттанийн анклаваш — Балкхаройчоь а, Кхарачойчоь а. Антропологин хаамаш бен тешалла ца до нах кхалхаран а, зударий балоран а контакташна[14].
Remove ads
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads