ГӀебартойн-Балкхаройчоь
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
ГӀебартойн-Балкхаройчоь (Кабарди́но-Балка́рия; гIебар.-чергаз. Къэбэрдей-Балъкъэр Республикэ; кхарач.-балк. Къабарты-Малкъар Республика) — Российн Федерацин[3] республика[4], субъект, Къилбаседа Кавказан федералан гуонан йукъайогӀу. ГIебартойн-Балкхаройн республикин меттанаш гIебартойн а, балкхаройн а, оьрсийн а[5].
Дехар «ГӀБР» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта кхин маьӀнаш.

Къилбаседа-Кавказан федералан гуонан йукъайоьду, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду[6]. Коьрта шахьар — Нальчик гӀала.
ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин, цуьнан берриг махкахь гӀебартойн, балкхаройн, оьрсийн пачхьалкхан меттанаш ду[7].
Дозанца лаьтта: малхбузехь — Кхарачой-Чергазийчоь, къилбаседехь — Ставрополан мохк, малхбузехь а, къилба-малхбузехь а — Республика Къилбаседа ХӀирийчоь, къилбехь — Гуьржийчоь.
Кхоьллина 1921 шеран 1 сентябрехь ГIебартойн автономин область аьлла. 1922 шеран 16 январехь — ГIебартойн-Балкхаройн автономин область. 1936 шеран 5 декабрехь йина автономин республика (ГӀебартойн-Балкхаройн АССР). 1992 шарахь дуьйна — ГӀебартойн-Балкхаройн Республика
Remove ads
Физикин-географин амал
Географи


ГӀебартойн-Балкхаройчоьн республика йу Кавказан къилба макробасен йуккъерчу декъехь. Республика йекъна йу кхаа коьрта геоморфологин зонашна — ломан, ломан кӀажан, аренан. Ломан а, ломан кӀажан а зонаш дӀалоцу субъектан доккхаха долу дакъа. Аренан зоно дӀалоцу республикин къилбаседа-малхбален дакъа.
Республикехула вовшенца нисса Йоккхачу Кавказан 5 коьрта рагӀ йу: Дежийлин (йа Киран), Хьуьнан, Тархийн, АгӀонтӀиера, Коьрта (йа Хидоькъу).
Климат
Республикера климат тайп-тайпана йу. Лаьмнашкахь хиларна, республикехь вертикалкепара асалла йу. Аренашкахь а, ломан кӀажошкахь а тӀуьна континенталан климат йу, иза лаьмнашкахь хийцало субарктикан климатца. Кхин дӀа лекхачу лаьмнашкахь хийцало альпийн кепара климатца. Январан температуран йуккъера барам бу −2°С (аренашкахь), −12 °С (лаьмнашкахь), июлан 25°С а, 5°С а. Йочанийн шеран йуккъера барам бу 500 – 2000 мм.
Республикин аренашкахь (масала Прохладнин кӀоштан Прохладни гӀалахь а, Майскин кӀоштахь) бараман континенталан климат йу семиаридан климатан амалашца.
Аренашкахь Ӏа шен абсолютан лахарчу температурашца шийла ду ломан кӀажошкахь йолчу йарташкахь, гӀаланашкахьчул (Нальчик), республикин минимум температурин рекорд хоттийна 2012 шеран 8 февралехь Прохладни гӀалахь, гӀалин метеостанцехь температура охьаелира −29.5 °C, оццу хенахь Нальчикехь температура охьа ца йелира −27 °C лаха.
Аьхке аренашкахь чӀогӀа йовха хуьлу, шолгӀа дакъа тӀех йовха.
Июнь — уггар тӀуьна бутт бу, дукха йочанаш хуьлу, тӀех йовхо июнехь ца хаало (+37°С).
Июлан хьалхара дакъа июнан шолгӀачу декъах тера ду, амма декъо ду. Июлан шолгӀачу декъехь хаало лакхара температураш. Уггар бовха мур — июлан чеккхе — август. Аренашкахь июлан температура сих-сиха хьалайолу +38 °C сов, 2000—2016 шерийн муьрехь июлан температуран максимум хаайелла Прохладнехь 2000 шеран 28 июлехь, оцу дийнахь +40.7°С йара. Нальчикехь оцу дийнахь хӀаваъ дохделира +38.3 °C кхаччалц.
Август — аренашкахь дукха хьолахь шеран уггар бовха бутт хуьлу, аренашкахь августехь йочанаш хаъал кӀезиг хуьлу, июлехь йа сентябрехьчулла а. Аьхка йочанаш кӀезиг хилар бахьнехь татолийн система лелон йезаш хуьлу йуьртабахаман латташна хитохархьама. Августехь температурин максимум сих-сиха айало +38…+40 °C бараме. 21 бӀешарахь августан уггар лакхара температура хааелла 2006 шеран 8 августехь Прохладни гӀалахь — оцу дийнахь гӀалин метеостанцин максимум хилира +40.9 °C
Экосистема
Аренашкахь ду Iаьржа латта а, Ӏаьржа-боьмаша латта а, ломан басешкахь — ломан-байн.
Хьаннаш лоцу мехкан 1/10 дакъа. Хишшан тогӀенашкахь гӀадолу хьаннаш йу. 800—1600 м лакхахь — шуьйрагIадолу хьаннаш (алсама попан), 2200 м — баганан (алсама зоьзан). 2000 сов м лакхахь йу лаьмнийн цанаш (тайп-тайпана суланан а, кенийн а).
Йекхашйолчех йаьржина дийнаташ: цхьогал, чагӀалкх, борз, боьра ча, салор, лу, нал, сай, кавказан масар, дегIастанан хьех. Олхазарех уггар даьржинарш — цӀирцӀирхьоза, пеночка-весничка, акха котам, лекъ.
ГӀебартойн-Балкхаройчохь йу къоман парк «Приэльбрусье», ГIебартойн-Балкхаройчоьнан лекха лаьмнийн заповедник[8] а, 11 пачхьалкхан заказник а.
Эркаш
- Терк (623 км)
- Балкх (216 км)
- Баксан (173 км)
- Черек (131 км)
- Чегем (103 км)
- Урух
- Аргудан
- Куркужин
- Лескен
- Нальчик
- Урвань
- Золка
Ӏаьмнаш
- Сийна Ӏаьмнаш
- Шадхурей Ӏаьмнаш
- Тамбукан Ӏам
- Сылтранкёль Ӏам
Чухчареш
- Чегеман чухчареш
- Гедмишх
- Гедмишх — изза цӀе йолчу эркан тӀиера (аьтту га ду Балкхан) чухчари.
- Чегеман чухчареш — Чегеман геннаш тӀиера (Адайсу, Каяарты, Сакал-Туп) масийтта чухчари.
- Абай-Су — Башиль-Аузу-Су (Чегеман га) эркан тӀиера чухчари.
- Султан — Балкх эркан лакхахьара Джилы-Сун уллора чухчари.
Пхи эзар метр лекха баххьаш
Remove ads
Истори
- Хьажа иштта: ГIебарта, Балкаройчоь
Вайн заманан республик кхоллале, цуьнан латтан тӀехь йара шиъ историн области — ГIебарта а, Балкхаройчоь а. ГӀебарта лаьттара шина олаллех: Йоккха ГӀебарта а, Жима ГӀебарта а, цара лоцуш хилла таханлерчу республикин аренан а, ломан кӀажан а дакъа, ткъа иштта ломан а, лаьмнийн баххьашкара а зонаш Балкх хин а, цуьнан геннийн а лакхенашкара. Балкхаройчоь екъна хилла пхеа ламан тайпанашка, лоцуш хилла, коьртаниг, республикин ломан а, лаьмнийн баххьашкара кӀошташ.
1921 шарахь ГӀебарта а, Балкхаройчоь а Йуккъерчу Кавказан кхечу историн областашца йукъаягӀара Ломан АССР. 1921 шеран 1 сентябрехь ГӀебартойн гуо арабаьлла Ломан автономин республикин чуьра, ткъа тӀехьа 1922 шеран 16 январехь цунна тӀехьаягӀара Балкхаройчоь.
ГIебартойн-Балкхаройн автономин область кхоьллира 1922 шарахь, 1936 шарахь цунах йира АССР.
Сийлахь Даймехкан тIом болуш ГӀебартойн-Балкхаройчохь кхоьллира Скорохода А. Ф. куьйгаллехь волу 115-гIа ГIебартойн-Балкхаройн дошлойн дивизи, цуо тӀом бира Кавказ йаккхаран тӀамехь а, Сталинградан тӀамехь а. 1942 шарахь республикин доккхаха долу дакъа Нальчикца цхьаьна Германин куьйгакӀелахь лаьттира. 1943 шеран январехь ГӀебартойн-Балкхаройчоь шаерг мукъайаьккхира мостагӀчух. 1944 шарахь балкхарой махкахбахар бахьнехь цӀе хийцира ГIебартойн АССР аьлла, 1957 шарахь — йуха а ГӀебартойн-Балкхаройн АССР хилира. 1992 шарахь — ГӀебартойн-Балкхаройн Республика.
1950-гIа а, 1960-гIа шерашкахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь йина яккхий промышленни машенашъяран, гӀирсашбаран предприятеш. 1990 шарахь промышленностехь балхахь бара 96,3 эз. стаг[9].
2008 шарахь Российн Банко арахецна ГӀебартойн-Балкхаройчоьн лерина иэсаллин ахча[10].
Remove ads
Символика
Республика ню шен байракх, хӀост, шатлакхан илли.
ГӀБР Конституцехь хӀост дешийн (можа) эрзун сурт ду. Эрзун накхан тӀехь декъна турс ду, лакхахь — детийн (кӀай) шиъ бохь болу лам сийначу аренахь, лахахь — дешийн (можа) кхоъ дехуо гӀа баьццарчу арахь.
ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин Пачхьалкхан байракхан кӀади ду цхьатерра доккха ана асанаш: лакхарниг — сийна, йуккъерниг — кӀай, лахарниг — баьццара басахь. КӀадин йуккъехь — гуо, хадийна сийна а, баьццара а асанца; сийна асан тӀехь — Эльбрус ламан сурт ду кӀайчу басахь.
ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин Пачхьалкхан шатлакхан илли йу гӀебартойн а, балкхаройн а, оьрсийн а къаьмнийн эшарийн интонации а, беснаш а лелош кхоьллина йолу даккхийдеран музыка. Шатлакхан Иллехь дешнаш дац. Музыкин автор — Карданов Хьасан[11][12].
Бахархой
Росстатан терхьашца республикин бахархойн барам бу 868 350[1] ст. (2020). Бахархойн луьсталла — 69,64 ст./км² (2020). ГӀалийн бахархой — 51,93[13] % (2017).
Билгалдаккхар: таблицехь гайтина 2010 шарахь 1000 сов стаг волу къаьмнаш.
Билгалдаккхар2: кхин адыгаш санна дукха а гӀебартоша 2010 шеран дӀаяздаран компанехь гайтира шайн экзоэтноним — «чергази».
Боьршанаш-стенаш
2010 шеран Российн халкъдагардаран болх[17]:
Божарий — 401 775 ст. (46,7 %). Зударий — 458 164 ст. (53,3 %).
Бахархойн йуккъера хан — 35,3 шо. Бахархойн медианан хан — 32,8 шо.
Божарийн йуккъера хан — 33,4 шо. Божарийн медианан хан — 30,8 шо.
Зударийн йуккъера хан — 36,9 шо. Зударийн медианан хан — 34,9 шо.
Remove ads
Нах беха пункташ
- Бахархойн барам 10 эзар сов стаг волу нах беха пункташ
|
|
|
Remove ads
Административан-лаьттан декъадалар

«ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин административан-лаьттан хӀоттамах» цӀе йолчу ГӀБРан Законаца, иза РФ ю шена йукъа хӀара административан-лаьттан дакъош долуш: 3 республикин куьйга кӀелара гӀала, 10 кӀошт.[21]
Республикин муниципалан хӀоттаман гуран чохь, ГӀебартойн-Балкхаройнчоьнан административан-лаьттан дозанчохь кхоьллина муниципалан кхолламаш: 3 гӀалин гуонан, 10 муниципалан кӀошт.[22]
Республикин коьрта гӀала — Нальчик, иза иштта йоккха экономикин йукъ йу Къилбаседа Кавказан, пачхьалкхехь коьртачех цхьаъ курорт ю федералан маьӀна долуш.
Remove ads
Экономика
Республикин экономикин бух — юьртабахам (ялташ (кIа, хьаьжкIа, борц), техникин ораматаш (маьлхан хӀуш, к1омал), даьхнийлелор (шуран-жижиган тайпана), ткъа иштта хьунхьакхар.
ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин жима а, йуккъера а предпринимательствон инфраструктура кхиоран гуран чохь йехкира цхьа маша бизнес-инкубатораш, церан Ӏалашо — ГӀБРан жима а, йуккъера а предпринимательствон кечйина офисийн а, производственни а гӀишлош ялар мехах льготашца. Кхоьллина дика болх беш ю кхоъ бизнес-инкубатор: офисийн а, производственни а гӀишлош луш йолу Нальчик гӀалара пачхьалкхан урхалла "ГӀебартойн-Балкхаройн бизнес-инкубатор, шиъ муниципалан офисийн бизнес-инкубаторш йу Прохладнехь а, Баксанан кӀоштахь а. 2012 шеран Республикин ВРП барам хилира 94,2 млрд сом.[хьост?]
Промышленность
Республикехь болх беш йу 200 сов промышленни предприяти[23]. Майски гӀалахь ю Россехь коьртачех рентгенан гӀирс беш йолу ООО «Севкаврентген-Д». Терк гӀалахь «Терекалмаз» заводехь деш ду шайн синтетикан алмазаш а, церан бух тӀехь лакхара нийса болу алмазан гӀирс а. Арахоьцучу продукцин йукъахь бу геолого-талламан а, ломанмаьӀданийн а предприятешна беш болу алмазан бурун гӀирсаш (баттарчий, сто, шорйийрирш); алмаз доьллина гӀирсаш (прецизионан фасонан роликаш, къоламаш, яхканаш, гуран чуьра алмазаш), машенашъяран а, металлтодаран а шаръяран алмазан гӀирс (нийса профилан АЧК гуонаш, кхин а); тӀулгтабаран а, гӀишлошъяран индустрин а алмазан хадоран а, шарбаран а, Ӏаламан тӀулг, бетон, асфальт къагоран (алмазан паста, кхин а) а гӀирс (хадон сегментийн тӀулгаш, фрезаш, аьлханаш, мешнийн херхаш, кхин а). Тырныауз гӀалахь йу йохк-эцаран GIPSELL маркан продукци ешйолу завод «Каббалкгипс», иза гӀишлошъяран гӀирс баран а, бохкаран а бух тӀехь лаьтта.
- Завод Кавказкабель
- Тырныаузан ломан-цӀандаран комбинат (2000-гӀа шераш долалучу хенара болх беш йац, Ӏовраш хьевддачул тӀехьа)
- Каббалкгипс (завод)
Кхуьуш йу электроэнергетика, регионехь болх беш йу масех гидроэлектростанци, 2010 шеран нуьцкъалла — 126,6 МВт, ток йаккхар 478 млн кВт•с шарахь:
- Аушигерски ГЭС (60,0 МВт; 222,0 млн кВт•с шарахь),
- Кашхатау ГЭС (65,1 МВт; 241,0 млн кВт•с шарахь),
- Баксански ГЭС (27,0 МВт; 125,0 млн кВт•с шарахь),
- болх беш ю масех кегийра ГЭС (нуьцкъалла 5,5 МВт, ток йаккхар 14,9 млн кВт•с шарахь),
- йеш йу Зарагижски (28,8 МВт[24]) а, Верхнебалкарски а ГЭС (15,6 МВт),
- хьехош йу «Голубые озёра» ГЭС (до 110 МВт) йар, проект йеш йу Сармаковскан ГЭС (17,6 МВт, 74,5 млн кВт•с)
Йуьртан бахам
2020 шеран 1 январехь йуьртан бахархой бара 416 эзар стаг, ГӀебартойн-Балкхаройнчоьнан 48% бахархой.
2021 шарахь ораматашкхиоран сурсатийн индекс йара 113%, даьхнийлелоран сурсаташ – 106%.
- Даьхнийлелор
2021 шеран 1 февралехь массо бахаман категорин 274,5 эз. корта йаккхий маӀаш йолу даьхний (+2,3%), царех 138 эз. корта бежний (+3,6%), уьстагӀий а, гезарий а 401 эз. корта (+2,9%), олхазарш 3,9 млн корта (+5,4%). [25]
2020-чу шарахь массо а категорин йуьртабахаман сурсаташ арахоьцучара даьккхина 537,5 эзар тонн шура (+4,5%). Йуьртабахаман организацешкахь 2019-чу шарца дуьстича, хӀора бежана луш йолу шура 12,6% алсамйаьлла, 6334 кг кхаьчна. 2020-чу шарахь ГӀебарта-Балкхаройчохь 151,3 млн бюджетан ахча хьажийна ма-дарра шурин даьхнилелорехь сурсаталла лакхайаккхархьама массо а категорешкахь йолчу бахамашна субсидин кепехь, цу йукъахь 140,7 млн сом федеральни бюджетера а долуш.
2021-чу шеран хьалхарчу 4 баттахь республикехь даьхна шура 135,6 эзар тонне кхаьчна, стохкалерчу оццу муьрца дуьстича, иза 4,7% алсам ду. Цул сов, 2021-чу шеран январь батте кхаччалц алсамдаьлла бахаман дийнатийн коьрта тайпанаш. Цу кепара, уьстагӀийн а, гезарийн а терахь алсамдаьлла 3,8%, бежанийн - 3,6%[26].
- Йалташ лелор
Цара кхиадо йалташ (кӀа, мукх, борц, хьаьжкӀа), даар, промышленностан (маьлхан хӀуш а, кӀомал) йалташ, картолаш а, хасстоьмаш а, кхаш а.
2021 шарахь ГӀебартойн-Балкхаройнчоьнан бошмашлелорхоша кхиийна 535,5 эзар тонн стоьмийн-цӀазаман сурсаташ, царех хӀун культураш 490,1 эзар тонн, лагнаш долу культураш – 40,5 эзар тонн. Стоьмийн-цӀазамийн культураш тӀекхетар доьзна дӀайеран майданаш сов йовларна. ГӀебартойн-Балкхаройчоь масех шарахь хьалхий-тӀехьий йукъайоьду Российн топ-5 регионийн стоьмаш-цӀазамаш дӀадеран боларца. 2021 шарахь дӀайийна дуккха шерашкахь кхуьу ораматаш майданахь 1500 га. Царна йукъахь голубика йийна 50 га майданахь. Импортан меттана Российн субъекташка хӀиттайо 400 эзар тонн сов тайп-тайпана стоьмаш а, цӀазамаш а. 2022 шеран 1 январехь йерриге стоьмаш Ӏалашден меттигаш - 185,8 эзар тонн сурсаташна йу, царех 2021 шарахь йина 35,4 эз. тонн [27].
2021-чу шарахь Чегеман кӀоштахь йерриг а шарахь ораматийн сурсаташ арахеца лерина 100 гектар майда йолу теплицийн комплекс йарна лерина инвестицийн проект кхочушйан йолийна. Хьалхара мур, 37,6 гектар майда йолуш, дӀаболо лерина бу 2023-чу шеран хьалхарчу кварталехь - шарахь 20 эзар тонн гергга барамехь теплицийн помидораш кхио лерина йу. 62,4 гектар майда йолу шолгӀа мур дӀаболор бу 2024-гӀа шо чекхдолуш — лардечу латтанаш тӀехь ораматийн сурсаташ арахеца лерина ду шарахь 49,2 эзар тонн барамехь[28].
2022-гӀа шо тӀекхачале ГӀебартойн-Балкхаройчохь бераш кхиоран теплицийн комплекс йоло дагахь йу «Эко-Культура» холдинг, теплицийн ораматийн уггар йаккхийчех йолу. 100 гектар майданахь кхиор ду цӀазамаш. Проектана инвестицеш хир йу 14 миллиард сом, йухадерзоран хан йалх шо гергга йу[29].
2020 шерашкахь массо а бахаман категореш гулдина стоьмаш а, цӀазамаш а 517,3 эзар тонн (+48 %), кемсаш 18,1 эзар тонн (+57,1 %), хасстоьмаш 2936 эзар тонн (-21,7 %), картол 1807 эз. тонн (-7,8 %), кхоьш 57,9 эз. тонн (-29,5 %)[30].
2020-чу шарахь массо а категорешкахь йолчу бахамашкахь йалта а, хьаьжкӀаш а гулйина йозаллехь 1193,3 эзар тонн, йалта дара аьхьначул тӀаьхьа (+5%). Цу йукъахь 155,8 эзар тонн кӀа (+4,3%), 965,6 эзар тонн хьаьжкӀаш (+4,2%). Мукх 618 эзар тонн, сула 36 эзар тонн, цӀен дуга 1,2 эзар тонн. Маьлхан зӀакарийн йалта 298 эзар тонн, сула 87,4 эзар тонн, рапс 30,3 эзар тонн[31].
Транспорт
![]() |
Remove ads
Оьздангалла
ХӀара агӀо йа дакъа чекхйаккха дезаш ду. |

Наьртийн эпосан оьздангаллин тӀехьено дахьа доккха маьӀна республикин оьздангаллин. XX бӀешеран тӀеххьарчу итт шарахь республикин оьздангаллин политика йина Российн, федералан оьздангаллин а, искусствон а концепцех уьйр ца хаддош, тергойеш башхаллашна, дуккха а къаьмнаш долу ГӀебартойн-Балкхаройн къоман оьздангалла кхиаран халонашна. «Росси оьздангалла» цӀе йолчу федералан Ӏалашонан программо хаъал кхетам белла даймехкан оьздангаллин кханенна[35].
XX бӀешеран чеккхенгахь ГӀБР айаделла шайн кхоллараллин хьашт, 90-гӀа шераш долалуш къоьлла дӀаяьлла, оьздангалла керлачу рынкан хьолах дола дан делла. Нагахь 1999 шарахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь 1440 кружок хиллехь, 2001 шарахь церан барам совбелира 1560 кхаччалц, хаалора оьздангаллин-садаӀаран меттигаш алсама йовлар. Оьздангаллин-садаӀаран тайпа кхолламийн барамца ГӀБР 78 меттигехь йу Российн Федерацин субъекташлахь. XX бӀешеран 90-гӀа шерийн ГӀБРан этносан музыкин оьздангалла кхиаран башхаллаш[хьост?].
Дукхахйолчу йарташкахь Оьздангаллин цӀенош бен ца хилира шорта функцеш йолу оьздангаллин центраш, церан хьоло гайтора хӀокха, вукха йартийн оьздангаллин дахаран тегӀа. Таханлера къаьмнийн оьздангалла кхиоран болх — фольклоран этнографин центраш йахкар.
Доккха маьӀна долуш ду шайн кхолларалла лакхарчу тегӀанехь кхиор, 90-гӀа шерашкахь ГӀБРехь ца хеддаш дӀахьуш йу республикин эшарийн а, хелхаран а халкъан ансамблийн, адыгийн а, балкхаройн а халкъан иллиалархойн фестивалаш, къаьмнийн ловзарш, регионашкара говзаллаш хийцаран оьздангаллин фестивалаш, смотраш — хореографин говзаллин, халкъан музыкин гӀирсийн оркестрийн къийсамаш, К. Каширгован цӀарахчу къоман пондар лакхархошна кечйира тематикан программа «Музыкин ГӀебартойн-Балкхаройчоь».
Муниципалан оьздангаллин кхолламийн белхашкахь кӀоштан социооьздангаллин специфика лоруш дика тенденцеш хилира мероприятеш йарехь. Баксанан кӀоштан оьздангаллин кхолламашкахь шуьйра даьржира фольклоран фестивалаш, смотраш, къовсамаш дар. Зольскан кӀоштехь хааделла фольклоран тобанаш а, ансамблаш а тӀекхетар. Урванан кӀоштан оьздангаллин отдело жигара баьккхина шайн болх фольклор Ӏалашйарехь а, кхиорехь а. Изза Ӏалашо хӀоттийра фольклоран Центран Псынабо йуьртахь. Теркан кӀоштахь дика терго йора берашций, кегийрхошций болчу балхана, Черекан кӀоштехь — жигарабаьлла гӀиллакхаш, Ӏадаташ дендарехь а, Ӏалашдарехь а болу болх, Чегеман кӀоштехь — дӀахьо къоман рузманан ловзарш, фольклоран коллективийн смотр-конкурсаш, халкъан эшарш лакхархойн фестивалаш[хьост?].
1980-гӀа шераш дуьйлалуш шуьйра даьржира йартийн, гӀалийн, кӀоштийн деза денош. Уьш ду ГӀалин денош, ГӀебартойн-Балкхаройн йаздархойн юбилейш йазйар, хьалхелелорхой базбеш къоман ловзарш дӀадахьар. Гласностан а, демократизацин а керла мур болалуш дезчу деношна йукъадало дуьйлира культан Ӏадатийн йукъараллин гуттар хьалха дицдина долу деза денош. Дукха хьолахь уьш довзийтаран мероприятеш йара, профессионалийн а, шешкхоллайелла а коллективаш хиттош: хьалхара хершан деза де; кхъуейпллъыжькӀэрыщIэ (кхагийна нехча хьалаоллар) спортан ловзаршца, совгӀаташца, уьш хиттадора кӀант вича а, кхечу дуьненан рузман дезчу терхьашца (1 май, 7 ноябрь, кхин а); Навруз даздар. Къоман йукъахь лела гӀиллакхаш, деза денош, Ӏадаташ, уьш дӀадахьаран кепаш дика довзаро аьтту бо гучудаккха оьздангаллин-довзийтаран кхолламаш гулдинарг.
Ӏидин башхалла, адамийн Ӏидин йукъаметтиг лаьтта гармоница ийна шина хотӀан йукъаметтигах: говзаллехь хуьлу тӀех билламе а, практикехь реал ма-йарра а. Дика дисина, амма мела а кеп хийцина доьзалан Ӏиданаша а, Ӏадаташа а. Масала, дахаран хьалхара циклан Ӏадаташ (гущэхэпхэ (бер аганан чудиллар), «дуьххьара ког баккхаран Ӏида), ловзаран Ӏадаташ. XX бӀешеран 80-90-гӀа шерашкахь дуьненан хӀуманан доьзалийн Ӏиданашна, чӀогӀа халкъан йукъадаьхкина вина йа йина денош даздар, дешар чекхдаккхар, иштта кхин дӀа а.
Адыгин вокалан оьздангалла йухакхолларехь йоккха роль йу 1996 шарахь дуьйна дӀахьуш йолу ГӀебартойн-Балкхаройн халкъан артистан Х. Кунижевн цӀарахчу адыгийн халкъан эшарийн Республикин конкурсан[хьост?]. Конкурсан Ӏалашо: меттахӀоттор Ӏадатан эшаран кхолларалла; адыгийн эшар лакхаран оьздангалла Ӏалашйар; гучубахар говза иллиалархой; кегийрхой а, бераш а кхоллараллин йукъаозор, церан говзалла айар; жанран шуьйра пропаганда; коллективийн а, шеш болу иллиалархойн а репертуар йузар.
ГӀБРан оьздангаллин баккхий векалш бу, ГӀБРан халкъан поэт, ССРСн, РСФСРн Ленинан а, Пачхьалкхан а премийн лауреат Кулиев Кайсын, ССРСн халкъан артист, ССРСн а, РСФСРн а Пачхьалкхан премийн лауреат Темирканов Юрий.
Remove ads
Ӏилма а, дешар а
- В. М. Коковн цIарах йолу ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан аграран университет
- Х. М. Бербековн цIарах йолу ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан университет
- ГIебартойн-Балкхаройчоьнан бизнесан институт
- Москохан комплексан кхерамазаллин институт ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан филиал
- Нальчикан кооперацин институт (филиал) Автономин коммерци йоцу кхолламан Белгородан кооперацин, экономикин, бакъонан университет
- Къилбаседа-Кавказан говзаллин пачхьалкхан институт
- Къилбаседа-Кавказан Российн ЧГӀМ белхалойн квалификаци айбаран институт (филиал) Российн Федерацин Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон пачхьалкхан хазнан Краснодаран университет
- ХӀокху заманан гуманитаран академи — Нальчикан филиал
- Армавиран лингвистин социальни институт — Филиал Нальчик гӀалара
- Федералан пачхьалкхан бюджетан Ӏилманан учреждени РӀА ГӀебартойн-Балкхаройн Ӏилманан йукъ.
Дин
Дин пачхьалкхах дӀакъастийна ду законаца цхьабосса а ду[36]. Уггаре чӀогӀа даьржина ши дин ду: ислам (суннийн некъан) а, православин керсталла а. Бусалбанийн къаьмнаш республикехь 70% сов ду[37]. суннийн некъан ислам ГӀебартчоьнан а, Балкхаройчоьнан махкахь дуьззина чӀагӀделира XVIII бӀешо чекхдолуш[38].
ГӀБР правительствон 2013 шеран хаамашца, республикехь дӀайазбина бу 176 динан кхоллам[39], царна йукъахь:
- 125 бусалбанийн
- 21 православин
- 1 йахӀудийн
- 3 руман-католикийн
- 26 протестантийн.
ГӀБРехь болх беш ду 152 маьждиг[40], 20 православин килс, 1 монастырь-килс, 4 часовня-килс, 1 синагога, 27 протестантийн а, 3 риман-католикийнламазан цӀенош. Динан болх бо 137 бусулбаний, 23 православин, 2 риман-католикийн, 30 гергга протестантийн динан белхалоша, 1 жугтийн молла.
Remove ads
Филатели а, нумизматика а
- ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан лерина марканаш
- «ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан АССР 50 шо» марка. ССРС пошт 1971 ш.
- Нальчикера оьздангаллин тӀаьхьенан объект — ГӀебартачоь Россех дӀатохаран 400 шо кхачарна лерина иэс. Российн пошт 2001 ш.
- ГӀебартойн-Балкхаройчоьнна лерина нахарташ
- Российн банкан нахарт — Сери: Российн Федераци:ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Республика, аверс.
- Российн банкан нахарт — Сери: Российн Федераци:ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Республика, реверс.
- Российн банкан нахарт: ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Республика кхоьллина 100 шо, аверс.
- Российн банкан нахарт: ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Республика кхоьллина 100 шо, реверс.
Remove ads
Хьажа иштта
- ГIебартойн-Балкхаройн Республикин Конституци
- Теркан область
- Викигидера ГIебартойн-Балкхаройчоьнан оьздангаллин тӀаьхьенан иэсийн исписка
Билгалдахарш
Литература
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads