Воскресеновски (Нохчийчоь)
Мохне кӀоштара йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Воскресе́новски — Нохчийн Республикера Шелковскан кӀоштан эвла. Кхуллу Воскресеновски йуьртан меттиг[4].
Remove ads
Географи
Лаьтта Теркан аьрру бердаца. Эвлахула чекхболу некъ Р262. Ставрополь—Крайновка; къилба-малхбалехьа, новкъаца Р309. Гребенски—Хаси-Эвл, лаьтта Теркан тӀехула диллина Гребенски тӀай, цуо уьйр латтайо Шелковскан кӀоштан ДегӀастанан Хаси-Эвлан кӀоштаца. Малхбузехьа чекхйолу Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштнекъан аса.
Гергара нах беха меттигаш: къилбаседехьа — Старогладовски гӀала, къилбехьа — Гребенски гӀала, къилбаседа-малхбалехьа — ярташ Ургалай[5] а, Убийхьажиотар а (ДегӀаста), малхбалехьа — ИбрехӀимотар эвла (ДегӀаста), къилба-малхбалехьа — эвланаш Уцмиюрт, Гребенски Мост, Дзержински (ДегӀаста)[6].
Эвлан 2-3 км къилбаседа-малхбузехьа лаьтта гидрологин Ӏаламан иэс Буц-аренан хазна меттиг.
Remove ads
Истори

Воскресенски эвла йиллина 1895 шарахь. 1900 шарахь 8 кер яра, коьрта бахархой — оьрсийн, молоканаш[7].
1977 шарахь Российн Лакхара Советан Президиуман Омарца Ново-Воскресенски кӀотаран цӀе хийцира Воскресенски эвла[8] аьлла.
Бахархой
2002 шеран бахархой багарбаран хаамашца, эвлахь вехара 694 стаг, царах 362 боьрша стаг, 332 зуда[20].
- Къоман хӀоттам
1926 шеран Ерригсоюзан бахархой багарбаран хаамашца, бахархойх 100 % оьрсий[21] бара.
2002 шеран бахархой багарбаран хаамашца, 63 % бахархой ногӀий, ткъа 32 % — нохчий[20] бара.
2010 шеран бахархой багарбаран хаамашца[22]:
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads