Гребенски
Мохне кӀоштара йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Гребенски — Нохчийчоьнан Шелковскан кӀоштара эвла.

Иза йу Гребенскан йуьртан меттиган административан центр[3].
Remove ads
География

Лаьтта Теркан аьрру бердаца, 3 километ къилбаседа-малхбалехьа кӀоштан йукъан Шелковски гӀалин, 4 километр къилбехьа Воскресеновски эвлан[4].
Къилба-малхбалехьа лаьтта Теркан тӀехула диллина Гребенски тӀай, цунна тӀехула болу гӀалара дегӀастанан Хаси-Эвл боьду автонекъ. ТӀай дохийра 1996 шарахь, Дуьххьара нохчи-оьрсийн тIом болуш, тодина 2007 шарахь[5].
Топонимаш
Меттигаш
- Айвалы – гӀалин малхбузехьара меттиг, хӀинца оханаш ду.
- Кхо бӀогӀам – гӀалин къилбаседа-малхбузехьара меттиг, хӀинца ду дежийлаш, оханаш, кемсаш.
- КӀир – гӀалин малхбузехьара меттиг, бахархоша хӀусамашна тоха кӀира боккхура цигара, хӀинца байданаш ду.
- Морозовн бошмаш сады – гӀалин малхбалехьара меттиг, бошмаш йоцу дукха хан йу, амма цӀе йисина, 1917 шо кхачале хилла уьш, хӀинца оханаш а, Ӏедалан бошмаш а йу.
- Тибилеш – гӀалин малхбузехьара ногӀийн йуьрт лаьттина меттиг, ногӀийн меттера гочдича – летарш хуьлу, аьлча а эвлара нах девнехь бара гуонахьарачу бахархошца. ХӀинца цигахь дежийлаш а, уьстaгӀийн жоьлаш а йу.
- Ягарсу – гӀалин малхбузехьара меттиг, кхузахь лаьттина гӀалагӀазкхийчун Егоран кӀотар, цӀе нохчийн матте йаьккхича «Егоран хи» хуьлу, хӀинца цигахь ду дежийлаш, оханаш, кемсаш [6].
- Федюшкинан пайш – гӀалин малхбалехьара хьалха пайш хилла меттиг, хӀинца оханаш а, Ӏедалан бошмаш а йу. Федюшкин – оьрсийн фамили[7].
- Берзина барз (Голый яр) – гӀалин къилбаседа-малхбалехьара шуьйра боьра, кхузахь хьалха кӀезиг ораматаш йара, Новран-Шелковски хи диллиран татол даккхар бахьнехь и латташ денделла.
- Бражниковн бошмаш – гӀалин малхбалехьара меттиг, хӀинца кемсаш лаьтта.
- ЧагӀалкхийн коьллаш (Чакаличьи кустарники) – гӀалин малхбалехьара меттиг, хӀинца кемсаш лаьтта[8].
- Акхтерек – гӀалин малхбузехьара меттиг, хьалха цигахь лаьттина акхтаргийн боьлак. «Акхтерек» кхолладелла ногӀийн дашах, «акх» + «терек» = кӀайн дитт.
- Кхошкхызыл – гӀалин малхбузехьара ГӀамаршкара йоккха меттиг.
- Уздемировн бошмаш – шира цӀе, гӀалин йукъахь йу. Хьалха гӀалин йист хилла[9].
Баьрзнаш
- Аспад тюбе – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, ногӀийн цӀе йу, хӀинца дежийлаш ду.
- Безаме барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, цӀе стенна йелла хууш дац, хӀинца дежийлаш а, оханаш а ду.
- Кхартанай барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг.
- Кхаьрзина барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, цӀе стенна йелла хууш дац, хӀинца дежийлаш а, оханаш а ду.
- Маяшни барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, цӀе схьайаьлла оьрсийн «маяк» дешах.
- Ши ваша – гӀалин малхбузехьара шина кошан барз болу меттиг, цӀе йелла уьш вовшех тера хиларна[6].
- ГӀалмакхойн барз – гӀалин малхбузехьара гӀалмакхойн кошан барз болу меттиг[8].
Аренаш
- Кхо мах (Три осины) – гӀалин къилбаседа-малхбалехьара аренан шира цӀе, Берзина бердан гергахь. Баккхийчарна дагадогӀуш кхузахь лаьттина бӀешо долу кхо мах, хьалха хиллачу хьаннех дисина, хӀинца Ӏедалан кемсаш йу.
- Минкинан хьалхара аре – гӀалин малхбалехьара аренаш, хӀинца Ӏедалан кемсаш.
- Минкинан шолгӀа аре – гӀалин малхбалехьара аренаш, хӀинца Ӏедалан кемсаш.
- Синюховскийн аре – гӀалин къилбаседа-малхбалехьара гӀазакхийчун Синюховскийн аренаш, хӀинца Ӏедалан кемсаш.
- УьстагӀий (Барашки) – гӀалин къилба-малхбалехьара аренаш. ХӀинца Ӏедалан бошмаш[8].
Хиш
- Косински татол – иштта меттиг лаьтта гӀалин малхбалехьа, хӀинца Ӏедалан бошмаш.
- Хи дуьллу татол – чекхдолу гӀалин малхбалехьа.
- Ленинан татол йа Новран-Шелковски хи дуьллу га – чекхдолу гӀалин къилбаседа-малхбузехьахула. [8]
- Уздемировн гӀу – хӀинца йолуш йу. Йаьккхина XIX бӀешарахь. ЦӀе йисина иза цхьаъ бен гӀалахь ца хилла чура бахархоша хьашташна хи доккхуш[9].
Хьаннаш
Кешнаш
- Доккха Акхмола – гӀалин малхбузехьара арара ногӀийн кешнаш, цӀе схьаэцна ногӀийн - «Уйкен Акхмола» дашах[8].
- НогӀийн кешнаш – гӀалин къилбаседа-малхбузехьара ГӀамаршкара йоккха кӀошт.
- Жима Акхмола – гӀалин малхбузехьара ногӀийн кешнаш, цӀе схьаэцна ногӀийн - «Киши Акхмола» дашах.
- Нагорнин жӀар – гӀалин къилбаседа-малхбузехьара Нагорнин ша лаьтта каш долу меттиг[9].
Remove ads
Истори
1711—1712 шерашкахь кхалхабо гребенски гӀазакхий Теркан аьтту берд тӀиера аьрру берд тӀе[10], кхолла доладо Гребенски гӀазакхийн эскар. Оцу хенахь (1711 шо) хьахайо Гладковски гӀала[11].
Новогладковски гӀала йиллина 1740 шарахь[12] гӀазакхаша ногӀийн Яна-кхала йа Янкхала эвла хиллачехь, ногӀийн цӀе нохчийн маттахь «Керла гӀала» хуьлу[13], ткъа Старогладовски гӀала кхоьллина 1725 йа 1735 шарахь[14]. Новогладковски йукъайоьдура Кавказан асанан гӀазакхийн эскаран Гребенски гӀазакхийн полкан. 1841 шарахь гӀала Теркан бердаш тӀиера 1—2 чаккхарма дехьайаьккхина. Йукъайоьдура Теркан областан ГӀизларан декъан. 1908 шарахь Новогладковски гӀалин цӀе хийцина Гребенски[15] аьлла.
Remove ads
Бахархой
Тахана кхузахь беха нохчий, гӀезалой, гӀумкий, оьрсий, ногӀий. Нохчашна йукъахь бу Ӏалларойн, зандакъойн, бенойн, ширдийн, даттахойн, чӀаьнтийн, энганойн тайпанийн векалш[13].
- Къоман хӀоттам
ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 1926 шеран Ерригсоюзан бахархой багарбаран хаамашца [31]:
ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 2002 шеран[32] а, 2010 шеран а Ерригроссийн бахархой багарбаран[33] хаамашца:
Гребенскехь дикка дукха гребенски гӀезалой бехаш хиларна, 2001 шарахь гӀалахь кхоьллина ГӀезалойн оьздангаллин йукъ[34].
Галерей
- Гребенски
- Гребенскера маьждиг
- Гребенски
- Гребенски
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads