Гуьйре

From Wikipedia, the free encyclopedia

Гуьйре
Remove ads

Гу́ьйрешеран заманех еаннах цхьаъ, аьхкенан а, Ӏаьнан а йукъахь. Гуьре — дехьаваларан зама, оцу хенахь хаалуш де дацло, тӀаьхь-тӀаьхьа охьайолу гуонахьарчу хьолан температура.

Thumb
Гуьйренан пейзаж Эстонехь
Thumb
Кхоткъан аренаш а, къегина малх а Хаанан Ӏаламан паркехь. Эстони
Thumb
Гурахь Германин паркан аллей
Thumb
Гуьйренан пейзаж Японехь
Thumb
Гуьйре Цинциннатин йисттехь, АЦШ
Remove ads

Гуьйре тайп-тайпанчу оьздангаллашкахь

Россехь тӀеэцна гуьйре йолалуш лара 1 сентябрехь, аьлчи а, гуьйренан зама сецца цхьаьна йогӀу рузманан гуьйренца. Къилбаседа Америкехь гуьйре сецца цхьаьна йогӀу астрономин гуьйренца[1].

XVIII бӀешо кхачале Москохан олаллехь гуьйре лаьттара 23 сентябрера Ӏийса пайхамар وصلة= вина де кхаччалц — аьлчи а, 25 декабрь кхаччалц. ХӀора шеран заманахь лорура 91 де а, 7 минот, 30 секунда. Нохчийчохь хӀинца а лелайо астраномин шеран заманаш.

1348 шарахь Гулам хилла Москохахь, цигахь сацам бина шо мартехь а ца долош сентябрехь дуьйна доладан. XV бӀешарахь дуьйна керла шо долалора 1 сентябрехь, Керла шо даздарех хаамаш гучубовлу XV бӀешо чекхдолуш. «Парижан московитийн дошамо» (XVI бӀешо) Ӏалаш дина оьрсийн керлачу шеран Ӏидан цӀе: Шерера хьалхара де.

Иштта хьал ду дерриг дуьненахь а. Масала, Ирландехь, къоман метеорологин гӀуллакхца (Met Eireann), гуьйренан беттанаш бу сентябрь, октябрь, ноябрь[2], амма шира кельтийн ламастан тӀехь бух болу Ирландин рузмаанца, гуьйренан беттанаш лору август, сентябрь, октябрь.[3]

Remove ads

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads