Керла шо
шеран коьртан дезде From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Ке̄рла шо (оьрс. Новый год; инг. New Year) — иза шеран циклан йуьхь билгалйоккхуш долу рузманан (календаран) коьрта дезде ду[1]. Керлачу шеран терахь къастадо хӀора билггалчу культурехь тӀеэцначу рузмано. Иза даздо дуккхачу а пачхьалкхаша а, церан бахархоша а шайн къобалдинчу ламасташца догӀуш.
1-чу январехь шеран корта дӀахӀоттийна руман урхалчо Юлий Цезара вайн эрал 46 шо хьалха[2]. Шира Румехь и де лерина дара Янусан — цара иза наьӀрийн а, массо долош долу хӀуманна дела лорура. Январан цӀе йелла Янусан цӀарах, цуьнан сурт дуьллура ши йуьхь йолуш: цхаъ хьалха хьоьжура, ткъа важа — тӀехьа[3].
Remove ads
Керла шеран де
Дукха болчу мехкашкахь Керла шо даздо 1 январех[4], Григорийн рузманца хьалхарчу дийнахь. Керла шо асанан хан лоруш долало Тийна Ӏапказ тӀера, дуьххьара иза кхочу Республика Кирибате (Лайн гӀайренаш) тӀе (сахьтан аса UTC+14). Уггаре тӀаьхьа иза долало Америкин Самоахь, Мидуэй а, Ниуэ гӀайренаш тӀехь (сахьта аса UTC−11) — Кирибатехь Лайн гӀайренаш тӀехь оцу хенахь 2 январь ду, буьйсайуькъана 1 сахьт даьлла[5]. Цхьацца мехкаш Керла шо даздо беттан рузманца}}[6][7][8].
1 январехь дуьйна Керла шо даздан долийна вайн эрал 153 шо шо хьалхь, хӀуда аьлча оцу дийнахь дуьйна шайн дарже бовлура руман консулаш. Вайн эрал халхара 46 шарахь руман баьчча а, коьрта цӀу а волчу Юлий Цезара йукъайаьккхира шен керла рузма («юлийн»), чаккхенца чӀагӀдира шо доладалар вайн эраль хьалхара 45 шеран 1 январехь. Нисса Цезарь волчу хенахь, астрологин Ӏаткъамца Керла шеран Ӏидано эцна ша-тайпана маьӀна шо доладалрна.
- 1 январь — Григорийн а, Юлийн а, керлаюлий рузманашца Керла шо.
- 21 январьна а, 21 февральна а йукъахь (цхьана дийнахь) — цийн Кела шо (Цийчоь).
- 21 мартехь йа 22 мартехь — иранан Керла шо Навруз (Иран, Азербайджан, Кхазакхстан[9], ГӀиргӀазойчоь, Таджикистан, Туркмени, Узбекистан).
- 13 апрелера 15 апрель кхаччалц — Сонгкран (тайн. สงกรานต์) — тайн Керла шо.
- 14 апрель — бенгалийн Керла шо (Бангладеш).
- Песахал тӀаьхьа 163 де даьлча (5 сентябрал хьалха а, 5 октябрал тӀаьхьа ца хуьлу) — жуьгтийн Рош ха-Шана Ӏида (Исраил).
Шира Керла шо
Шира Керла шо — иза керлашеран Ӏида, даздо юлийн рузманца. 1901 шерера 2100 шо кхаччалц григорийн а, юлийн а рузманийн башхалла 13 де йу, тӀаккха юлийн рузманца Керла шо нисло буса 31 декабрера (13 январь) 1 январе (14 январь). Даздо Россехь, Беларусехь, Украинехь, Кхазакхстанехь, Гуьржийчохь, Эрмалойчохь, Азербайджанехь, Сербехь, Швейцарехь, дуьненан кхечу махкашкахь.
Remove ads
1 январехь шо доладалар
Дикка хан йаьлла 1 январь гражданийн шеран хьалхара де хилале. 1 январь шеран хьалхара де хилар тӀеэцаран тайп-тайпана мехкашкахь тайп-тайпана хан йу:
Remove ads
Пиротехника

Керла шо даздеш жигара лелайо тайп-тайпана пиротехникин хӀуманаш: хлопушкаш, бенгалин цӀераш, тӀаьхьара итт шерашкахь, — салюташ, ракеташ, руман чиркхаш, йаккхий а, кегий а петардаш, кхин йерш а.
Керла шо даздеш пиротехникин хӀуманаш лело буьйлабелира Азин мехкашкахь, хьалхарчу рогӀехь Цийчохь, хӀунда аьлча лорура, лелхачу хӀумнаш чӀогӀа гӀара йаьккхича а, къегина серло хилчи а, боьха хӀумнаш дӀалохкуш гӀодо. ТӀаьхьа и гӀиллакх даьржира дерриг дуьненан тӀехь.
Уггаре гӀарадаьлла тайп-тайпанчу мехкашкахь гӀиллакх ду Керла шарахь Цийчоьхь фейерверкаш кхийсар, кхин а петардаш лелхар, уьш ца совцу керлачу шеран хьалхарчу дийнан дохаллехь. Цу тӀе тоьпан молха а, петардаш а, фейерверкаш а йукъайаьхна дукха хан йац, амма Керла шо даздечу хенахь гӀовгӀа йаккхаран эзар шо хан ло. Дерриг долалелла легендин тӀера, Керла шо долалуш тайп-тайпанчу меттигера лаьхкина зуламе синоша, керла меттиг лоху, ткъаоьшу цӀа карийча, охьахуу цунна чохь, хӀусама дайшна зуламаш до. Ткъа Керла шо даздеш гӀовгӀа йаьккича, уьш лохку.
ХӀокху заманахь дукха йолу дуьненан коьрта гӀаланаш йа цхьацца мехкаша дойу миллионаш доллар, и пиротехникин шоу Керла шарна йархьама.
Пиротехникин хӀумнаш дукха лелор, гӀеметтахӀоттанза болчара а, кхуллу цӀеран кхерам а, чевнийн хьал а, цулдела керлашеран буьйса лору уггаре Ӏаткъаме шеран мур цӀераш йойучеран а, гӀоьнан гӀуллакхашна.
Хьажа кхин а
- Шира Керла шо
- Васильевн суьйре
- Камаьрша суьйре
- Овсень
- Посевани
- Ӏаьнан Ӏиданаш космосехь
Литература
- The world book encyclopedia, vol. XXVI, 1984, 237 p.
- Michel Quesnel, " Jésus et le témoignage des Évangiles ", in Aux origines du christianisme, éd. Gallimard/Le monde de la Bible, 2000, p. 201—202.
- Anthony Aveni, «Happy New Year! But Why Now?» in The Book of the Year: A Brief History of Our Seasonal Holidays (Oxford: Oxford University Press, 2003), 11-28
- Rintluanga., Pachuau,. Mizoram : a study in comprehensive geography(ингалс.). — New Delhi: Northern Book Centre, 2009. — P. 9. — ISBN 8172112645.
- Vygus, Mark (2015), Middle Egyptian Dictionary (PDF)
- Tetley, M. Christine (2014), The Reconstructed Chronology of the Egyptian Kings, Vol. I, p. 42, Архивйина 2017 ш. 11 февралехь, ТӀекхачаран де: 2017 ш. 09 февралехь
{{citation}}: Неизвестный параметр|dead-url=игнорируется (|url-status=предлагается) (справка) Архиван копи 2017 шеран 11 февралехь дуьйна Wayback Machine тӀехь - Arthur M. Eckstein. Senate and General: Individual Decision-making and Roman Foreign Relations, 264-194 B.C(ингалс.). — University of California Press, 1987. — P. 16.
- Chambers, Robert (1885), Domestic Annals of Scotland, Edinburgh: W & R Chambers, p. 157
- General Introduction, §IV. The date of the Opuscula varia // Early Writings I / Matheeussen, Constant; Fantazzi, Charles; George, Edward V.. — Leiden: E. J. Brill, 1987. — Т. 1. — С. xvii. — (Selected Works of Juan Luis Vives). — ISBN 9789004077829.. — «The town of Louvain, belonging to the duchy of Brabant, used the Easter Style, beginning the year at Holy Saturday.».
Remove ads
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads
