ГӀой-хи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
ГӀой-хи[2][3] (XX бӀешо кхаччалц гӀум. "Къой су" — «УьстагӀийн хиш»[4], жӀай. Сулахъ, даьргӀ. Кьас — «хин йукъ»[5], оьрс. Сулак, рут. Сулак мыри) — ДегӀастанан эрк.
Remove ads
Географи

Дохалла — 169 км (336 км Ӏаьндийн ГӀой-хица), хи гулден майда — 200 км²[6]. Кхоллало ши эрк, ЖӀайн ГӀой-хи а, Ӏаьндийн ГӀой-хи а вовшах кхетий. Хьалха охьадогӀу Коьрта ГӀой-хин Ӏин чухула (кӀоргалла 700—1500 м), цул тӀаьхьа Ахетлин Ӏин чухула, Чиркейн шордаларехь а, Жима ГӀой-хин Ӏин чухула, кхин дӀа шуьйрачу тогӀен чухула, Каспий-хӀордах кхетачохь дельта до.
Гидрологи
Эркан хи ийна ду, амма алсама лайн хи лу. Деста апрелера сентябрь кхаччалц, максимум деста июнехь — июлехь. Хи дайаран йуккъера барам — хикхочел 123 км лакхахь 176 м³/с. Хин даржаран йуккъера барам 450 г/м³, уггаре дукха долчохь 45 000 г/м³.
Геннаш
Уггаре доккха га — Ахсу, цул сов ГӀой-хих кхета Чвахунбак, Тлар, Жима ГӀой-хи. 1963 шарахь дуьйна «Акташский тракт» татол чухула охьахоьцу ГӀурийн а, Яьссин а хиш.
Нах беха меттигаш
ГӀой-хин тӀехь лаьтта Кизилюрт, гӀтп Дубки, хикхочехь — гӀтп ГӀой-хи.
Бахамехь лелор
Эркан хи леладо ХӀинжа-ГӀала а, Каспийск гӀалан гӀуллакханна хи латтош. Эркан тогӀенехь еха тайп-тайпана экханаш, царна йукъахь чудалийна акха жӀаьла дӀатарделла[7].
ГӀой-хин тӀехь лаьтта [ГЭС: Миатлински ГЭС, Чирюртан ГЭС, Чиркейн ГЭС, ткъа иштта жима Бавтугайн ГЭС электростанцийн каскад, церан цхьаьнатоьхна хӀоттийна ницкъалла — 1345,6 МВт, кхин тӀе а йан дагахь бу кегийра ГЭСаш йукъара ницкъалла 46,2 МВт йолуш, уьш ерриш йукъайоьду ГӀой-хин ГЭС каскадан.
Remove ads
Хин реестран хаам
Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъадоьду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан. Эркан бассейн Терк эркан[6].
Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07030000112109300000254[6].
Реестрехь ша йаздина ду ГӀой-хин шира харш[8]
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads