Ишхеш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Ишхеш — Йоккхачу Кавказан лаьмнийн дукъех цхьа дукъ (Барбало лам болчохь къаьста коьртачу дукъах), лаьтта цуьнан къилбаседа-малхбален декъехь, Ӏаьндийн ГӀой-хин аьрру бердаца. Ишхеш оцу хинан бассейнан а, Соьлжан (нийса аьлча, Теркан-ГӀой-хи хидоькъе) бассейнан а хидоькъе ду. Басеш тӀехула охьадогӀу ГӀой-хи а, ГӀурий а.
Дуькъан дохалла — 60 км гергга, максимум локхалла — 2736 м. Лаьтта дукхах дерг кир-маьӀданех киран муьрера. Баххьашкахь бай-ломан ландшафташ йу, къилбаседа басешкахь — ломан хьаннаш, къилба басешкахь (уьш Ӏункаруо ду) — коьллийн байаренаш йу.
Дукъ тӀехула Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а йукъара доза ду.

Remove ads
Хьажоргаш
- Андийский хребет // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- Информация на начало XX века: Андийский хребет // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads