Квемо-Картли
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Кве́мо-Ка́ртли (гуьрж. ქვემო ქართლი) йа Лаха Карталини[6][7][8] — Гуьржийчоьнан мехкех (мхаре) цхьаъ.
Центр — гӀала Рустави.
Дозанаш ду мехкашца Самцхе-Джавахети, Шида-Картли, Мцхета-Мтианети, КӀахети, Тбилиси гӀалица а. Къилба-малхбалехьа Азербайджанаца доза ду, къилбехьа — Эрмалойчоьца.
Remove ads
Административан йекъайалар
Мехкан юкъахь ю 1 гӀала а 6 муниципалитет а (2006 шо кхаччалц — кӀошт):
ГӀаланаш: Рустави (125 103 стаг, ларар 2014 шо), Марнеули (20 211 стаг), Гардабани (10 753 стаг), Болниси (8967 стаг), Тетри-Цкаро (3093 стаг), Дманиси (2661 стаг), Цалка (2326 стаг).
ГӀалин кепара эвлаш: Казрети (4340 стаг, ларар 2014 шо), Манглиси (1441 стаг), Триалети (565 стаг), Тамариси (510 стаг), Бедиани (148 стаг).
Remove ads
Бахархой
2018 шеран 1 январехь ларарца махкахь 432 264 бахархой бу[2], 2014 шеран 1 январехь — 513 100 бахархой, 2009 шеран 1 январехь — 488 800 бахархой[12].
2014 шарахь ларарца 423 986 стаг[10], 2002 шарахь ларарца — 497 530 стаг[10].
2014 шарахь мехкан 423 986 бахархойх гуьржий бара 51,3 % йа 217 305 стаг, азербайджанаш — 41,8 % йа 177 032 стаг, эрмалой — 5,1 % йа 21 500 стаг, оьрсий — 0,6 %, желтой — 0,5 %, хӀирий — 0,2 %[3].
2002 шарахь мехкан 497 530 бахархойх гуьржий бара 44,7 % йа 222 450 стаг, азербайджанаш — 45,1 % йа 224 606 стаг, эрмалой — 6,4 % (31 777 стаг), желтой — 1,5 % (7 415 стаг), оьрсий — 1,3 % (6 464 стаг), хӀирий — 0,4 % (2 184 стаг), украинаш — 0,1 % (527 стаг).
Гуьржий 2014 шарахь ларарца дукхахберш бара Рустави гӀалахь (91,8 % дуьхьала 3,7 % азербайджанаш, 1,6 % эрмалой а, 1,2 % оьрсий, 0,4 % хӀирий а), цул совнах Тетрицкарон муниципалитетехь (82,5 % дуьхьала 7,3 % азербайджанаш, 7,3 % эрмалой, 1,3 % оьрсий а, 0,9 % желтой а).
Азербайджанаш 2014 шарахь ларарца Марнеулин муниципалитетехь бара дукхахберш (83,8 % дуьхьала 8,6 % гуьржий а, 7,0 % эрмалой а), Дманисин муниципалитетехь (65,5 % дуьхьала 33,2 % гуьржий) а, Болнисин муниципалитетехь а (63,4 % дуьхьала 30,9 % гуьржий а, 5,0 % эрмалой а).
2014 шарахь ларарца дукхахберш бара Гардабанин муниципалитетехь — (54,2 % гуьржий дуьхьала 43,5 % азербайджанаш), Цалкан муниципалитетехь (46,7 % гуьржий ткъа 38,8 % эрмалой, 7,0 % азербайджанаш, 6,9 желтой).[3]
Квемо-Картли кӀоштанийн къаьмнийн хӀоттам (2014 ш.)[3]
Remove ads
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads