Эрмалойчоь

From Wikipedia, the free encyclopedia

Эрмалойчоьmap
Remove ads

Эрмалойчоь (эрм. Հայաստան [hɑjɑsˈtɑn]), йуьззина официалан кеп — Эрмалойн Респу́блика[2] (эрм. Հայաստանի Հանրապետություն [hɑjɑstɑˈni hɑnɾɑpɛtuˈtʰjun]) — Чоьхьара Кавказан пачхьалкх.

Боца хаамаш Эрмалойчоь, Кхоьллина ...

Лаьтта Хьалхарчу Азин къилбаседехь, Эрмалойн акъарин къилбаседа-малхбузехь. ХIорд тIе араволийла йац. Азербайджанца а, къобалйанза йолу Ломан-Карабахан Республикица (ЛКР) доза ду малхбалехь. Къилба-малхбузехь доза ду Азербайджанан йукъарчу Нахичеван АРца. Иран доза ду къилбехахь, Туркойчоьнца малхбузехь, Гуьржийчоьнца къилбаседехь. Эрмалойчоь доладеш йу Азербайджанан мехкан цхьаьна декъан (анклаваш Кярки, Бархударлы, Софулу, Лакхара Аскипара), ткъа Азербайджан доладеш йу Эрмалойчоьнан цхьаьна декъана (эксклав Арцвашен).

Эрмалойчоьнан бахархой, 2016 шеран 1 январехь мах хадорца хилира 2 млн. 998,6 эз. стаг[10], майда — 29 743 км²[11]. Цхьацца терахьашца лаьрчи дуьненахь бIе ткъе ялхийтталгIа меттигехь йу а, мехкан майданца бIе ткъе берхIийтталгIа йу.

Коьрта шахьар — Ереван. Пачхьалкхан мотт — эрмалойн.

Парламентан кепара урхаллин унитаран пачхьалкх[12]. 2018 шеран 9 апрелехь дуьйна Эрмалойчоьнан Президент ву Саркисян Армен. Йекъало 10 областан а, Ереван гIалин а.

95 % гергга бахархой керсталла лелош бу, царех алсама дакъа Эрмалойн асхьабийн килсехь бу, иза Ширамалхбален килсех цхьаъ йу.[13].

Аграрно-индустриалан мохк бу динамикца кхуьу экономикица. 2012 шеран ДЧС номиналан барам хилира 9,951 миллиард АЦШ доллар (3351,63 АЦШ доллар гергга цхьаьна синна). Ахча — эрмалойн драм (2015 шеран йуккъера бараман курс — 479 драм 1 АЦШн долларах).

1918 шеран 28 майхь кхайкхийна маьрша Хьалхара Республика Эрмалойчоь. 1920 шеран 28 ноябрехь Эрмалойчохь советан Iедал а хIоттийна, кхоьллира Эрмалойн ССР, иза 1936 шо кхаччалц ССРС йукъарчу ТСФСР йукъахь йара, ткъа 1936 шеран 5 декабрехьсоюзан республика хилира. 1990 шеран 23 августехь Эрмалойн ССР Лакхарчу Совето тIеийцира Эрмалойчоь маьрша хиларан деклараци. ДIакхайкхийра, эрмалойчоьнан махка тIехь ца лела Республика Эрмалойчоьнан Конституци а, законаш а бен[14]. 1991 шеран 23 сентябрехь хиллачу референдуман жамIашца Эрмалойчоьнан Лакхарчу Совето къобал йира Эрмалойчоьнан маршо[15]. 1992 шеран 22 мартехь Республика Эрмалойчоь дIаийцира ВКЪКХ йукъа, ткъа 2001 шеран 25 январехь Европин Совет йукъа[16].

Remove ads

Этимологи

Thumb
Эрмалойчоь хьехош долу Дарий I-чун Бехистунан йоза. Вайн эрал VI бIешо хьалха

Топоним «Эрмалойчоь» хьалайоьду Эрмалойн акъари тIиера, лулахь йолчу Мелитенан областан хурритийн цIере Armi-. И цIе арамейн маттара ˊarmǝn-āiē кхаьчна ширагIажарийн матте, иза вайн эрал 522 шо хьалха «Arminiyaiy» кепехь ялхазза йаздина Бехистунан йозанахь [17]. Шира грекийн цIе —шир.-желт. Ἀρμενία[18]. Ἀρμένιοι яржале лелош хилла шира грекийн эрмалойн цIе, хилла Μελιττήνιοι[19].

Мовсес Хоренацин хетарехь, «Эрмалойчоь» цIе а, цунах тера шира грекийн а, шира гIажарийн а топонимаш схьаевлла Урартун паччахьан Араман[20] цIарах.


Эрмалойн маттахь мехкан цIе «Айк» (эрм. Հայք, Hayk) йу. Йуккъера бIешерашкахь эрмалойн топоним кхуллучу суффиксан «-к» меттиг дIалаьцна иранан «-стан суффиксо»[21], мехках ала долийра «Айастан» (эрм. Հայաստան, Hayastan). Цхьаьна версица, мехкан цIе схьайаьлла мифологин Эрмалойн векалах — Айках, цуо, легендица, вайн эрал 2492 шо хьалха[22] тIамехь иэшийна вавилонан паччахьан Бэлан эскар, ткъа тIаьхьа кхоллайелла хьалхара Эрмалойн паччахь. И шо ду дуьххьарлераниг ламасталлин эрмалойн рузманехь. Кхечу версица и цIе тосу ширачу пачхьалкхах Хайасах[23]. КхоалгIачу версица, Эрмалойчоьнан шен цIе схьайаьлла урартун цIарах Мелитенах — Ḫāti[19][24].

Remove ads

Пачхьалкхан сийлаллаш

Байракх

Эрмалойчоьнан байракх деакIуон кIади ду кхаа цхьатеррачу анасизан асанех лаьтташ: лакхара — цIен, йуккъера — сийна, лахара — цӀехо-можа басахь. Шоралла йохаллелла шозза йоца йу. Эрмалойчоьнан байракх тIеэцна Эрмалойн Республикин Лакхарчу Совето 1990 шеран 24 августехь. 2006 шеран 15 июнехь Эрмалойн Республикин Къоман Гуламо тIеэцна «Эрмалойн Республикин пачхьалкхан байракхах» керла закон.

Эрмалойчоьнан правительствос маьIна доккху байракхан бесашна иштта:

« ЦIиечу басо гойту Эрмалойн акъари, эрмалойн къоман дисархьама гуттаренна а болу къийсамаш, керсталлин дин, паргIато, Эрмалойчоьнан маршо. Сийна басо гойту эрмалойн къам матрша стигал кIелахь даха гIертар. ЦIиен-можа басо гойту эрмалойн къоман хьуьнар а, къинхьегам а[25]. »

ХIост

Эрмалойчоьнан хIост тIеэцна 1992 шеран 19 апрелехь[26], нисйина 2006 шеран 15 июнан законаца[27].

ХIост тIехь хIара суьрташ ду: турс — йуккъехь — эрмалойн къоман сийлалла Арарат лам, цунна боьххьехь Нохьа пайхIамаран кема وصلة=, хIунда аьлчи, эрмалойн ламастаца, хи хьаьддачул тIаьхьа кема сецна Арарат лам тIехь (Библица — Араратан лаьмнашкахь)[28][29]. Турс декъна 4 декъе, оцу декъаша гойту йиъ маьрша эрмалойн паччахьалла тайп-тайпанчу хенера[27] (сахьтан цамзанца): Аршакидийн, Рубенидийн, Арташесидийн, Багратидийн.

Турсан лахахь лаьтта кхин а пхиъ элемент: хадийна зIе, тур, кIен кенаш, га, аса.

Шатлакхан илли

Эрмалойчоьнан шатлакхан илли — композици «Тхан Даймохк» (эрм. Մեր Հայրենիք, «Мер Айреник», ма-дарра — «Тхан Даймохк»). ТIеэцна 1991 шеран 1 июлехь, йуха чIагIдина 2006 шеран 25 декабран законаца[30]. Бух тIехь йу 1918—1920 шерийн Хьалхара Республика Эрмалойчоьн шатлакхан илли. Байтийн автор — Налбандян Микаэл (1829—1866), музыкин автор — Каначян Барсег[hy] (1885—1967). Шатлакхан илли локхуш дукхаха йолчу официалан белхашкахь лелабо хьалхара а, беалгIа строфаш.

Remove ads

Истори

Thumb
Thumb
Thumb

Исторел хьалхара мур

Эрмалойчоьнан къилбаседехь, Лорийн акъари тIехь, тIапломан Джавахетан дукъан кIажошкахь карийна 20 сов тайп-тайпана хенахь лаьттина йолу ашелан иэсаш. Царна йукъахь алсама йу тIехула лаьттарш (Благодарни, Даштадем, Норамут, кхин а), царна тIехь карийна эзар сов ашелан гIирсаш меттигерчу гиалодацитан, оцу йукъахь йу 360 куьйган дигарш. Карийна иштта кхоъ стратификаци йина иэс (Мурадово, Карахач, Куртан). Къилбаседа Эрмалойчохь иэсийн ширачу адамийн шира миграцин лар йу Африкин арахьа. Шираашелан Карахачан гIирсаш хенаца гергара ду шира шираашелан Малхбален Африкин индустрийн (1,5-1,8 млн шо сов хьалха)[31].

Шира адам даьхна лараш карийна Эрмалойн акъарин тайп-тайпанчу кIошташкахь: Арзнихь, Нурнусехь, кхечу меттигашкахь карийна нах лаьттина меттигаш тIулгийн белхан гIирсашца, ткъа Разданан Iинехь, Лусакертехь карийна хьехан гIишлош. Уггаре ширачу тIулган белхан гIирсийн хан 800 эзар шо йу. Кхин а карийна неолитан муьран ширачу адамаш лаьттина меттигаш. Лаьмнашкахь карийна шортта тархаш тIиера талларах долу суьрташ. Дуьххьарлера латталело а, даьнийлело а меттигаш хирйолчу Эрмалойчохь йехкина Араратан тогIин чохь а, хIинцалерачу Ширакан областехь[32].

Таханлера Ереванан латта тIехь Шенгавитан кIоштахь, карийра вайн эрал VIII эзар шо хьалхара боьрзанан бIешеран нах хевшина меттиг[33][34].

Археологаш динчу ахкарша гойту, Эрмалойн акъарин бахархоша кIоргарчу шираллехь дуьйна карадерзийна дуккха пхьолаш. Иштта, хууш ду, царна вайн эрал V—IV эзар шо хьалха хууш дара цIеста лало, ткъа вайн эрал II шо хьалхаэчиг[35] а.

Эрмалойчохь 2008 шарахь сентябрехь Арени хьехаш чохь ахкарш деш карийна уггаре шира мача, цуьнан хан йу 5500 шо сов. Кароран терахь энеолитан мур (вайн эрал 3600—3500 шераш хьалха) бу. Уьш кIеда ира боьхигаш йолу чарохи мачаш йу. Карийна мачаш хилира Европера а, Азера а уггаре шира археологин карор. Говзанчашна хетарехь, и мачаш къасталуш йац эрмалойн эвланашкахь лелийначех.

Антикалла

Thumb
Thumb

Вайн эрал XII бIешо хьалха Эрмалойн акъарин махка тIехь хилира эрмалойн къам кхолладаларан процесс, иза чекхйелира вайн эрал VI бIешо хьалха[36]. Эрмалойн этногенезан коьрта компоненташ хилира иштта къаьмнаш: хурриташ, урарташ, лувийш, протоэрмалойн мотт лело тайпанаш а. Урарташ эрмалойн къомах тIаьххьара дIаэр чекхделира вайн эрал IV—II бIешо хьалха[37].

Эрмалойн халкъ физикин а, оьздангаллин а когаметта ду берриг акъарин бахархойн, уггаре хьалха хурритийн, урартийн, лувийхойн[38]. Иштта эрмалойн къоман истори нисса охьайогIу тIаьхье йу хурритийн а, урартийн а, лувийхойн а[39].

Вайн эрал хьалхара VI бIешо долалуш Урарту пачхьалкх йоьжначул тIаьхьа Эрмалойн акъари цхьа хан ялалц Мидин куйгакIела лаьттира, ткъа тIаьхьа Ахеменидийн империн дакъа хилла. Ахеменидийн пачхьалкхан йукъахь Эрмалойчоь лаьттина вайн эрал хьалхарчу VI бIешеран шолгIачу декъера IV бIешо йуккъе даххалца, шина сатрапин екъна — XIII-гIа (малхбуза дакъа, Мелитенехь коьрта шахьар йолуш), XVIII-гIа (къилбаседа-малхбален дакъа)[40].

Цхьаболчу историкаш, масала И. Дьяконовс[41], гипотеза кхуллу вайн эрал хьалхара VI бIешарахь Урарту махкахь маьрша Эрмалойн паччахьалла хилла Мидийс доладеш[42]. Р. Хьюсена лору Эрмалойн паччахьалла Мидис махкаш бохучу хенахь дуьйна хилар хаъал билгала гIуллакх хилар[43]. Оццу хенахь къобалдина Эрмалойн паччахьаллин зирхI вайн эрал хьалхара VI бIешерал хьалхара хилар[39].

Thumb
Тигран Сийлахьчун импери, 1883 шеран карта

Вайн эрал 331—220 шераш хьалха хилла эрмалойн пачхьалкх Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоь йа коьрта гIала Армавирехь (хIинцалерачу Ереванан гергахь) йолчу Айраратан паччахьаллех, вайн эрал 316 шо хьалха маьршайаьллачу[44]. Пачхьалкхах урхаллехь бара Ервандидийн некъий.

Йоцачу ханан Селевкидаш схьайаьккхинчул тIаьхьа Эрмалойчоьно йуха а маршо йаьккхина, вайн эрал 189 шо хьалха Арташес I-чо Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоь пачхьалкх кхоьллича[44]. "/>. Арташесан муьрехь, Страбона хоуьйту, Эрмалойчоьнан берриг бахархоша цхьа мотт буьйцура — эрмалойн, хIетте а правительствон а, паччахьан цIийнан а мотт вайн эрал хьалхара 150 шо кхаччалц лаьттира гIажарийчуьнца ийна империйн арамейн мотт[45]. Вайн эрал 163 шо хьалха шен маршо кхайкхийра Коммагена а[46]. Жима Эрмалойчоь маьрша лаьттина 115 шо кхаччалц, цул тIаьхьа дIалаьцна хьалха понтийша, тIаккха румхоша.
Вайн эрал хьалхара 80—70 шерашкахь Тигран II Сийлахь-Воккханиг волуш Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьх йоккха импери хилла[47], простиравшееся от Каспийского моря до Палестины и Египта. После переменных успехов в войнах с Римом в Битве при Артаксате и в Битве при Тигранакерте в 65 году до н. э. Армения была захвачена и объявлена «другом и союзником римского народа». Тигран лишился всех завоеваний, кроме собственно Великой Армении и части земель, захваченных у Парфии[44].

Цул тIаьхьа Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьнах Парфин а, Руман а буферан пачхьалкх хилла, кхин а тIаьхьа (III—IV бIешерашкахь) — Руман а сасанидийн Иранан а. Вайн эран 1-чу шарахь румхоша хIаллакйира эрмалойн пачхьалкх, чекхйелира 200 шеран истори Арташесидийн некъийн.

Вайн эран 1—63 шерашкахь Эрмалойчохь урхалла дира румхоша а, парфянхоша а хIиттийначара. 58—63 шерашкахь хилира Эрмалойчоь къуьйсу Руман-парфянийн тIом. Рум эшча Рандейн машаран барт бира[48], цуьнца парфянийн паччахьан Вологез I-чун ваша Трдат I-ра Эрмалойчоьнан паччахь хилира[49], метахIиттийра иштта Эрмалойн пачхьалкхан дозанаш а[50]. Махкахь урхалле хIоьттира керла эрмалойн некъе Аршакидаш.

Thumb
Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоь антикан грекийн-руман авторшца. Арахецна 1869 шо

III бIешо доладалале Эрмалойчоьнан дуьхьала кхоъ[49] бен ду боху руман тIелатар ца хилира, амма цхьамма а царах Эрмалойн пачхьалкх йоха ца йира[49]. 225 шо кхаччалц болу мур дикка паргIата бара эрмалойн къоман[49], лору, оцу муьрехь эрмалошна беш цхьан а Iаткъам бацара идеологин агIора а[49].
252 шарахь, Иранехь сасанидийн харцам хиллачул тIаьхьа, Эрмалойчоь дIалецира Шапура I[45]. Эрмалойчоьнан урхалча хIоттийра цуьнан кIант даржаца — Vazurg Šāh Arminān — Эрмалойн Сийлахь-Воккха паччахь[45]. Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьн Аршакидийн паччахьан Iедал метта ца хIоттийра Нисибиссан бартаца 298 шарахь бен.

Ладаме историн хIилам хилира Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьно пачхьалкхан дин дина керсталла тIеэцар [45] Трдате III-гIа паччахь волуш IV бIешеран хьалхарчу декъехь.
Эрмалойчоь — дуьххьара мохк бу, керсталлех пачхьалкхан дин дина[51][52]. Оцу хиламо Эрмалойчоьнан а, Руман а йукъаметтигаш тойо[45].

СасангIара а, Румо а тIемашца мехкаш дахаран политика бахьнехь, 387 шарахь Эрмалойчоь йийкъира оцу шина пачхьалкхо, амма АршакгIеран малхбален декъера паччахьан Iедал, лаьттира 428 шо кхаччалц[48]. Цул тIаьхьа Эрмалойчоьнан урхалла дира, наггахь эрмалойн элашна йукъара хоржу марзпанаша[45]. СасангIеран паччахьан кертахь эрмалойн кхин гIолинаш а йара[45].
Заманан ладаме оьздангаллин хилам хуьлу 405 шо гергга долуш Месроп Маштоца эрмалойн абат йарах[48]. Абато чеккхенца луларчу мехкех син-мехаллин маршо йаьккхира[53].
Эрмалойн паччахьаллин марш одIайаьккхинчул тIаьхьа, V бIешерашна йуккъехь муххале а, СасангIар охьатаIор чIагIло дин бахьнехь, эрмалошна зороастризм кочадолла гIерташ[48]. Амма гIажарийн аьтту ца белира ассимиляци йан чIогIа индивидуалан эрмалойн къоман[48]. 451шеран майхь хуьлу Аварайран тIом, цигахь толам баьккхира гIажарша, амма церан ният керсталлин дин дитийтар дара, иза цаьрга кхочуш ца дан делира[48].

Антикин заманара дуьйна Эрмалойчухула додара дуьненайукъара махлелоран некъаш, цара уьйр латтайора Руман Иранца, ХIиндин, Цийчоьнца[49].

Йуккъера бIешераш

Thumb
XI бIешо долалуш Централизаци йина БагратгIеран Анин паччахьалла

481—484 шерашкахь, ГIажарчоьнан динан Iаткъам бахьнехь рогIера гIаттамал тIаьхьа, гIоьртира Эрмалойн пачхьалкх метахIотто[49], амма аьттонза. ТIаккха а Нерсехапатера тIамехь тоьллачул тIаьхьа, эрмалошна йелира шайн динан автономи[54], Нварсакан бертаца ГIажарчоьно къобал йира церан мехкан ахмаршонан статус[45][55], йуьззина динан маршо а йолуш[49]. И маршо чIагIйелира 554 шарахь, оцу хенахь шолгIа Двинан гулам одIатеттира диофизиталла, цуо дIахадийра эрмалой Малхбузех, ткъа оцу хенахь иза къастийна йара Малхбалех[48]. БIешо гергга даьлча, 572 шарахь, эрмалоша хIаллакдира иранан эскар[45][56], ткъа марзпанан Эрмалойчоьнан доккха дакъа Византин агIора делира. 591 шарахь Эрмалойчоь йуха а йийкъира. Мехкан доккхаха долу дакъа йукъадахара Византин, цуьнан вассалан пачхьалкх хилла[56]. Керла доза дара къилбаседехьа Азат эркаца, ткъа къилбехьа Ван Iомаца[45]. VII бIешо долалуш Эрмалойчоь къуьйсуш[45] иранан-византийн тIемаш хилира.

Файл:Армения на рубеже Х-ХI веков(Armenia in X-XI A.D.).gif
Албак, Адамакерт
Remove ads

Географи

Пачхьалкхан доза хIоттало: къилбседехьа — Гуьржийчоьца, малхбузехьа — Туркойчоьца, къилб-малхбузехьа а малхбалехьа — Нахичеван Азербайжанаца, къилбехьа — ГӀажарийчоьца.

Истори

Эрмалойчоь йу Маьрша Мехкаши Барт (орс. СНГ) йукъе йудуш.

Суьрташ

Административан йекъайалар

Thumb

Ширак
Лори
Тавуш
Котайк
Гехаркуник
Армавир
Арарат
Вайоц-Дзор
Сюник
ПровинциОригиналан
цӀе
Майда, км²БахархойАдминистративан центр
АрагацIотIнан провинциԱրագածոտնի2 755141 800АштIаракI
АраратIан провинциԱրարատի2 003279 200АртIашатI
Армавиран провинциԱրմավիրի1 241284 500Армавир
Вайоцдзоран провинциՎայոց Ձորի2 40655 800ЕгIегнадзор
ГегIаркуникан провинциԳեղարքունիքի3 655241 600Гавар
КIотIайкан провинциԿոտայքի2 100280 900ХIраздан
ЛорIийн провинциԼոռու3 791281 600Ванадзор
Суьникан провинциՍյունիքի4 505152 800КIапIан
ТIавушан провинциՏավուշի3 120134 400Иджеван
ШиракIан провинциՇիրակի2 679281 500Гуьмри
ГӀалаОригиналан
цӀе
Майда, км²Бахархой
ЕреванԵրևան2271 119 000
Remove ads

Хьажа ишта

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads