Къилбаседа ХӀирийчоь
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Респу́блика Къи́лбасе́да ХӀири́йчоь — Ала́ни (хӀир. Республикӕ Цӕгат Ирыстон — Алани муха хеза ; официалан йоцу цӀе:Къилбаседа ХӀирийчоь) — Россий Федерацин субъект, цунна йукъара республика[2]. Йукъайоьду Къилбаседа-Кавказан федералан гуон, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду[3].
ХӀара йаззам бу газетах лаьцна. Къилбаседа ХӀирийчоь газетах лаьцна, хьажа Къилбаседа ХӀирийчоь (маьӀнаш).
«ХӀирийчоь» а, «Алани а» терминийн кхин маьӀнаш ду.

Коьрта гӀала — БуритӀе.
Доза ду: малхбузехь — ГӀебартойн-Балкхаройчоьнца, къилбаседехь — Ставрополан махкаца, малхбалехь — ГӀалгӀайчоьнца, Нохчийн Республикица, къилбехьа — Гуьржийчоьнца а, цхьаццамма къобал йина Къилба ХӀирийчоьнца.
Къилбаседа-ХӀирийн автономин область йиллина 1924 шеран 7 июлехь. Республика йу 1936 шарахь дуьйна.
Пачхьалкхан меттанаш: хӀирийн а, оьрсийн а.

Remove ads
Физикин-географин амал
Географи


Республика лаьтта Йоккха Кавказан къилбаседан басехь.
Берриг махках 4121 км² дӀалоцу чутаӀенаша а, аренаша а, ламанан асан дакъа эханнал дукха кӀезиг дац. Къилбаседехь — Ставрополан аре, цунна къилбехьа — Теркан а, Соьлжин а даккъаш, йуккъерачу декъехь — ХӀирийн таьӀна аре. Къилбехь — Йоккха Кавказан Коьрта, йа Хидоькъу дукъ. Уггаре лекха лам — Башлам 5033 м. Республикин ламанан декъехь, Коьрта дукъан къилбаседехьа чекхдолу диъ доккха дукъ: АгӀонан, Тархийн, Байданан, Хьаннийн. Даккъаш хедийна Ӏинаша, царех коьртанаш ду Теркан, Кармадонан (Геналдонан), Куртатин, Кассаран, Алагиран, Дигоран.
Геологин хӀоттам а, пайден маьӀданаш а
Антропогенан мур болалуш Кавказехь (хӀинцалера Къилбаседа ХӀирийчоьнан махкахь — къаьсттина Аланехь) чӀогӀа онда лаьмнаш кхолладаларан процесс хилла, иза бахьнехь гучудевлла дуккха а хебарш, чутаӀарш, кӀаьгнашы. Цул тӀаьхьа рельефкхолларехь йоккха роль ловзийра арахьара ницкъаша (уггаре хьалха, эркаша), цара хедадора ламанан хебарш, дира пурхнехьа чӀажжаш (Теркан, Ардонан, Гизельдоннан, Фиагдонан эркийн чӀажжаш).
Пайден маьӀданаш:йукъахь цинк, даша, цӀеста, дети, доломиташ дохку полиметаллин маьӀданаш, дарбане хишшан хьосташ. Карийна деши[4] а, мехкдаьтта, тӀаьхьало йолу маьӀданаш дохку меттигашкара пайда эца кечам бу беш.
Климат
Климат барамера континентан йу. Мазалкан аренехь — йекъа, сих-сиха бовха мох; январан йуккъера температура — −16 °C, июлан — +24 °C; йочанаш шарахь 600—700 мм аренашкахь, 900 мм кхаччалц ламанан кӀажошкахь.
Йуккера а, Ламанан кӀажошкара а кӀоштахь, лаьмнаш герга хиларо кӀадйина, барамера климатан аса. Ӏа кӀеда, аьхке йеха, амма йекъа йац, коьртаниг тӀехь тов йолуш йац, догӀане а йу. Аьхка таро йу тропикин циклонаш кхача, цара дахьа чӀогӀа догӀанаш стигал а къекъош. Ӏай коьртаниг йочанаш оьху Каспий-хӀорд тӀера. Январан йуккъера температура: −3,2 °C. Июлан йуккъера температура: +20,4 °C.
Гидрографи
Къилбаседа ХӀирийчоьнан — Аланин махкахь охьаоьху дукха эркаш.
Къилбаседа ХӀирийчоьнан — Аланин коьрта эрк Терк ду, иза долало республикин арахьара, Зилга-xox цӀе йолчу шаломахь 2713 м лакхахь, дохаллехь 600 км гергга ду (цунна йукъахь Къилбаседа ХӀирийчоьнан— Аланин махкахь — 110 км). Теркан дуккха а геннаш ду, царех уггаре даккхийнаш ду Урух (104 км), Ардон (101 км), ГӀалми (99 км), Гизельдон (81 км), кхин дерш а.
Терк, Урух, Ардонан хьост долало лаьмнашкахь, шен хих схьадолу. И эркаш ламанан тобанера ду. Ламанан кӀажошкара эркаш лору ГӀалми а, Соьлжа а, церан ийна хиш ду: лаьттан бухара, догӀанан, дешша лайн. Уьш деста бӀаьста, гуьйренан а, Ӏаьнан а заманахь церан хиш хаъал лагӀло. Ӏаьнан заманахь уьш, ламанан эркаш санна, гӀор ца до чехка хиларна, охьадахар ламанан эркел меллаша делахь а.
Уггаре ладамечух бу Караугомски шалам (35 км²), Майли (22 км²), Цейски (18 км²).
Латтанаш

Дукха тайп-тайпана ду латтанаш: ламанан-байн латанаш, тайп-тайпана кепара Ӏаьажа латта, кхин дерш а.
Къилбаседехь а, Къилбаседа-малхбалехь а, уггаре йекъа меттиг йу респуликин (Мазалкера аренаш), даьржина каштанан латанаш, церан боьмаша бос хуьлу, тоъал йуу хӀума а йолу. Бисина махкахь коьртаниг даьржина ду Ӏаьржа латта.
Къилбаседехь а, Къилбаседа-малхбалехь а, уггаре йекъа меттиг йу респуликин (Мазалкера аренаш), даьржина каштанан латанаш, церан боьмаша бос хуьлу, тоъал йуу хӀума а йолу. Бисина махкахь коьртаниг даьржина ду Ӏаьржа латта.
ХӀирийчоьнан таӀна аренан Къилбаседехь а, Къилбаседа-малхбалехь а алсама гулделла карбонатан Ӏаьржа латта ду, цаьрца ду ладаме дакъа къорамуьста кальций ду. Къибехахь йогӀу йочанаш тӀекхета, кхузахь алсама меттиг дӀалоцу гӀийла щелочь кхетна а, щелочь кхетна а Ӏаьржа латта.
Аренан йуккъерачу декъехь гӀуна хиш кӀоргехь дохкуш дац, кхузахь алсама ду байн латанаш, байн-уьшалийн, аллювиалан латанаш.
Лаьмнашкахь шуьйра гӀа долу хьаннаш йу, алсама ду хьунан латташ. Церан башхалла боьра бос бус, гӀорзнаш йолуш структура, барамера йукахь гамаш а йу.
Ламанан цанийн зонехь алсама йу ламанан-байн латанаш, кӀорга а доцуш, шорта гумус а лакхарчу чкъоьрехь ладама мусталла а йолуш, тӀуналла а йолуш.
Уггаре хьена латташ Къилбаседа ХӀирийчохь — Аланехь йу Дигоран кӀоштара Силтанукан акъарин Ӏаьржа латтанаш, церан дика структура а йу, шорта гумус а йу.
Remove ads
Дин
Коьрта дин республикехь ду православи, ламаста дин, хӀирийн динаш, ислам. Машсштабан хеттаршца талламан гӀуллакхо «Гуонахьар хьал» 2012 шарахь бинчу татамца, 29 % хӀаьттинчара жоп делира «Лела а до тхайн дайн ламаста дин, гӀуллакх до деланашшан а, Ӏаламан ницкъашшан» — уггаре лакхара процет РФ (шолгӀаниг — 13 %). Пункт «Лелайо православи, ОПК йукъахь ву» хаьржира 49 % хаьттинчарех, «Керсталла лелайо, амма цхьанне керстачеран конфесера вац» — 10 %, «Делах ца теша» — 3 %, «Ислам леладо, амма сунний а, шиӀий а вац» — 3 %, «Православи лелайо, амма ОПК йукъахь вац, шираламастхо а вац» — 2 %, «Делах теша (лакхара ницкъех), амма билггала дин ца леладо» — 1 %. Биснарш — 1 % кӀезиг бу[5][6].
2020 шо;
Республикехь православни йукаралла 50 гергга йу, дукхаха йерш уьш оьрсийн-хӀирийн йу, цхьаъ гуьржийн, цхьаъ желтойн килс йу,
- полякийн католикийн килс йу,
- БуритӀера эрмалойн, Григорийн асхьабийн цхьа килс ,
- керстачеран лютеранийн килс,
- 10 сов керстачеран килс,
- БуритӀера йахӀудийн синагога,
- суннийн бусалба йукъаралла: цхьаъ БуритӀехь, 10 сов тайп-тайпанан кӀошташкахь.
Remove ads
Хьажа кхин а
- Къилбаседа ХӀрийчура Социалистийн Къинхьегаман турпалхой
Хьажа кхин а
- ХӀирийн-гӀалгӀайн дов
- ХӀирийн аристократи
- Теркан область
- Советийн Союзан Турпалхойн исписка (Къилбаседа ХӀирийчоь)
Билгалдахарш
Литература
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads