Мухьаррам

исламан рузманан 1-ра бутт, бихкинчу безачу беа баттах цхьаъ From Wikipedia, the free encyclopedia

Мухьаррам
Remove ads

Мухьаррам (Ӏаьр. الْمُحَرَّمُ) — иза исламан рузманан йа беттан шеран хьалхара бутт бу. ЖехӀилийн заманахь цуьнан цӀе «муътамир» (Ӏаьр. الْمُؤْتَمِرُ) хилла, ткъа «мухьаррам» цӀе ражаб баттана тиллина хилла.

Боца хаамаш Мухьаррам, Цул хьалхарниг ...
Ма-дарра Исламан рузма ...

Цунах мухьаррам аьлла иза бихкина бутт болу дела. Иза бихкинчу беа баттах цхьаъ бу. Иза бусалбачарна шена чохь тӀом бан цамегарг бу, Дала Къуръан чохь аьлла дела: ﴾Баккъалла а, АллахӀана гергахь беттанаш шийтта бу. Иштта дӀайаздина хилла Жайнахь [Лавхьул-Махьфуз чохь] АллахӀа стигалш а, латта а кхоьллинчу дийнахь. Царах биъ бутт [зул-къаӀдат, зул-хьижжат, мухьаррам, ражаб] — бихкина бу. Иза [бутт бехкар] — бакъ дин ду. Цундела царна чохь [оцу дихкинчу беттанашкахь] шаьш-шайна зуламаш ма де. ТӀомбе массара а цхьаьна берриге а мушрикашца, цара шуьца массаьрца [йа массара а цхьаьна] тӀом ма-барра. АллахӀ — [Шех] кхоьручаьрца вуйла а хаалаш﴿ [Къуръан 9:36].

Цу беттан дозалла ИбрахӀим пайхамаран заманахь дуьйна къобалдина хилла, цул тӀаьхьа Маккара мушрикаша а къобалбина хилла и бутт. Мушрик-Ӏаьрбоша, кест-кеста тайпанаша вовше тӀемаш бешшехь, цу баттахь тӀом бар ца магош хилла. Мухьаррам беттан кхин а цхьацца башхаллаш йу:

Мухьаррам бутт дӀаболабаларца а, Делан элчаноЯсрибе динчу хӀижратца а цхьа а уьйр йац.

Remove ads

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads