Шаввал

исламан рузманан 10-гӀа бутт From Wikipedia, the free encyclopedia

Шаввал
Remove ads

Шавва̄л (Ӏаьр. شَوَّالُ) — иза исламан рузманан йа беттан шеран уьтталгӀа бутт бу. Шаввал беттан хьалхарчу дийнахь бусалбанаша даздо мархин бутт чекхболуш догӀу Мархадосту Ӏийд.

Боца хаамаш Шаввал, Цул хьалхарниг ...
Ма-дарра Исламан рузма ...
Thumb
2020-чу шарахь шаввалан беттаса
Remove ads

ЦӀетилларан бух

Цу баттана цӀе туьллучу хенахь эмкалша шайн цӀогарчий хьалаайина хилла боху, пхарйовлархьама. Эмкалийн шуреш тоьуш ца хилла дела а боху, вуьшта аьлча, уьш йекъа хилла дела[2].

Исламехь цуьнан дозалла

Шаввал беттан йалх марха кхабар Мухьаммад пайхамарера ﷺ сецна мустахьабб а, суннат а ду. Цу йалх мархин доккха дозалла а, йоккха йал а йу. Шаввал беттан 6 дийнахь марха кхаьбначунна дуьззина шарахь марха кхаьбча санна йал хир йу аьлла чӀагӀо йина Мухьаммад пайхамаро ﷺ. Уьш тӀаьхьий-хьалхий йа къаьстина кхаба мегаш ду, дукхахболчу Ӏеламнаха дийцарехь[3].

Мухьаммад пайхамаро ﷺ аьлла: «Рамазан марханаш а кхаьбна, цул тӀаьхьа шаввал беттан йалх марха кхаьбнарг, шарахь марха кхаьбча санна хир ву»[4]. Имам ан-Нававийс аьлла: “Ӏеламнаха аьлла: «Баккъалла а, шеран марха кхабар санна хилла иза, хӀунда аьлча дикачу Ӏамална иттазза йал хуьлу, цундела рамазан итт беттан мехах бу, ткъа йалх бутт шина беттан мехах бу»”.

И йалх марха кхабар тоьшалла лоруш ду мархакхаьбначо шен Далла шукар дарна, шена рамазан баттахь марханаш кхаба аьтто барна.

Remove ads

Хьостанаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads