Нашха

From Wikipedia, the free encyclopedia

Нашха
Remove ads

Нашха (иштта оьрсийн лит-рехь: Нашх, Нашаха; нох. Нашха, Нашаха) — лекхалаьмнашкара историн мохк бу Къилбаседа Кавказан юккъехь. Таханлера локализаци — Нохчийн Республикин къилба-малхбузехь, ТӀехьа-Мартанан кӀоштан а, дакъа Итон-Кхаьллан а кӀошташкахь ю. Гихи а, Рошни а хишшан йукъара лаьмнашкара меттиг дӀалоцу цуо.

Боца хаамаш Нашха, Географин регион ...

Мохк бевзаш бу юккъерабӀешерашкара муьрера нехан йукъараллийн-тайпанийн даймохк аьлла[~ 1] Нашхой (оьрсийн меттахь — нашхойцы) этногенезан компонент ю хӀинцалера нохчийн. 1944 шо кхаччалц нах бехара, оцу шарахь меттигера бахархой махкахбехира Кхазакхстане.

Remove ads

ЦӀе а, терминологи а

Нашха цӀе йолу шира заманалера меттиг таханлерчу Ӏилманан-публицистийн литературехь, цхьа шеко йоцуш, юцуш ю Нашхой цӀе лелийнчу йукъараллица (нахаца). Цхьаболчу белхашкахь, уьш синонимаш санна далодо. Нашха\Нашхой юьйцучохь, авторша, дукхахьолахь, шайн белхашкахь кхетадо — нашхой этносийн тоба\этногруппа ю, ткъа Нашха церан дуьххьара баха хевшина шира меттиг ю бохуш а.

Иштта цхьайолчу литературехь ширачу заманалера меттиг Нашха хьахайо тайп-тайпанчу цӀерашца — ламасталлин цӀера тӀера (акъари? Шу? Урочище (мас. И. А. Арсаханов 1969[1], А. С. Куркиев 2005[2] кхин дӀа а.) «этнографин кӀошта» тӀекхаччалц (А. С. Сулейманов 1978[3]).

Нохчийн меттан талламхочо А. Г. Мациевс ялийна гипотеза, цо дийцарехь Нашха/Нашхой цӀе йолу меттиг, я цӀе йоккху нах, и цӀерш, хила тарло нохчийн къомана нохчий аьллачу цӀарна лард хилла дӀахӀоьттинарг — нохчий[4] (хьажа. Нохчий. Этимологи). Иштта цу вариантана тергам бан хьакъ лерина нохчийн гӀарабевллачу Ӏилманчаша а, царах ву лингвист, ф.Ӏ. д.., профессор И. Ю. Алироев[~ 2] а, и.Ӏ.д., профессор Ш. Б. Ахмадов[5] а.

Remove ads

Географи

Нохчийн мохкбовзаран талламхочо, педагога а, халкъан поэта а А. С. Сулеймановс шен белхан шолгӀачу декъехь «Топонимия Чечено-Ингушетии» (1978) дуьххьара Нашхой цӀе лелочу йукъараллин (нехан) меттиг йийцина. (Нашха боху дош тидаме оьцуш).

Ма-дарра Нашхан лулара мехкаш а, тайпанаш а ...

А.С. Сулемановс дийцарехь, Нашха лаьтта Гихан а, Роьшнин а хишшан юккъехь, ширачу заманахь дуьйна билламе диллина шина декъе йекъало – ТӀехьа-Нашха/ТӀийхьа лома[~ 3] а, Сехьа-Нашха а. ТӀейха-Нашха лаьтта Нашахаломана къилбаседехьа, ткъа Сехьа-Нашха – къилбехьа [6].

Remove ads

Истори

Дуккха а болчу Ӏилманчашна хетарехь Нашха дукхахдолчу вайнехан тайпанийн дай баьхна латта ду [2],20-х гергга нохчийн тайпанан[~ 4]) шайн дай цу шира заманалерчу меттигера арабевлла а лору[3]. Дукхахдолчу ширачу дийцарша довзийтарехь, Нашха нохчий дуьххьара баха хевшина шира меттиг ю. Цундела ду нохчашна йукъахь лелаш, Нашхара схьаваьллехь цӀена нохчий ву бохург[4].

2002 -чу шарахь язбинчу балха тӀехь Ш. Б. Ахмадовс Нашха я йукъаралла (нах) ю, я эвла ю бохуш цӀе йоху, иштта цо дийцарехь кхузахь лаьттина вайнехан коьрта урхаллин йукъ «Къанойн кхеташо[5] (кхузахь иза эян мегар дац вайнехан кхинйолчу урхаллин институтаца — Мехк-кхелаца).

А. С. Сулеймановс, махкара дахаран хаттар а мелла а кӀаддеш, яздо, нашхой лаьмнашкара дахар хала хиларна, дикка хан ю шайн ярташ йитина, Нохчийн шерачу аренашкарчу ярташка а, гӀаланашка баха охьабаьхкина[7]. Амма нашхойх дикка дакъа Нашхахь баьхна 1944 шо кхаччалц, ма-дарра дийцича, меттигера нах Кхазакхстане нуьцкъаца дӀакхалхабаллалц[1] (операция «Чечевица»).

Нах беха меттигаш

1978-чу шарахь язбинчу балха тӀехь А. С. Сулеймановс гойту нашхоша Хьайбаха а, ХIийлаха а[7] шайн деган йукъ ю бохуш къастош хилар. Амма тӀаьхьо шен юха арахецначу изза балха тӀехь («Топонимия Чечни» (1997)) нашхойн деган йукъ кхин эвла къастайо — Моцкъара[8].

Ма-дарра ЦӀе, Йолу меттиг ...

Нашхан кхин нах беха меттигаш: Ажгиечу, Бакин котар, Беной, Бовн ара, Бончу дига, Гелаханан ирзуо, Гихчу котар, Дигал, Ехкачу ара, Зархие/Зирхие, Кайчу юххие, Кегана юх, Ковхи, Лакха ажгиечу, Могуста, Моцкара, Мужболчу, Мушиечу, Нохчийн котар, Роьшничу, Селахан гечу, Тангичу, Терхие, Хьайбаха, Хижигхо, Хийлах, Хоче коча, Чармаха, Шина инчу. Отдельно: Мозарга. ТӀийста, Хьоче-Коча, Яхкачара.

Thumb
Ӏ. Галайн Ӏам
л. Нашхойн-лам
л. Яцебкорт
Гехи хина хьосташ
Акка
Могуста
Зерха
Кайчу юххие
Кел-База
Чармаха
Мехкийн нах беха меттигаш а, географин гӀулакхийн объекташ а: Нашха, Лам-Акка, ЦӀеча.
Remove ads

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads