Пешхой

From Wikipedia, the free encyclopedia

Remove ads

Пешхой — тукхумашна йукъа ца догӀу нохчийн тайпа. Йаьхна ДНК тесташа гайтина тайпанан векалш J2 гаплотобанера хилар[1]. Пешхой бекъало некъешна: Боки (J2), Исубан, Г1азг1ири, Цамхи (J2), Къамкъарг, Г1ойси (J2), Х1имки, Боти (J2), Хьонки, Некътес, Дуди, К1ани.

Боца хаамаш Пешхой, Этноиерархи ...
Remove ads

Географи

Пешхан историн мехкан дозанца лаьтта: малхбузахь – Нашха, малхбалехь – Варанда, Вашандара, Мулкъа, къилбехьа – ТӀерла, къилбаседехьа Гихтан акъари (Гихчу)[2].

Паш-лам лаьтта Пешхан къилбаседехьа. Хетарехь цӀеран маьӀна гӀебартой маттахь – элин лам, туьркийн маттахь – бохь хуьлу[3].

Топонимаш

  • Пешхойн лам – лаьтта Чермахь МахкатӀен къилбехахь. Дийцарехь и лам а, эла Садон хаза йоӀ а эла Пешхос къевсина баьккхина[4].
  • Пешхойн лам – Саьрбалахь[5], Хьорсанан къилба-малхбалехь[6].
  • Пешхойн дукъ – ГӀойтӀа хин а, Чунгуройн Ӏинан а йукъахь[7].
  • Пиеша (Пешхой-Рошни) – Роьшни-Чу а, Таьнги-Чу а эвланашна йукъахь 1859 шарахь лаьттина эвла. А.Сулеймановс дийцарехь иза йиллина хилла Пешхойш[8].
  • Пешхой-Отар – Ӏовхахь, Ӏовхойн кӀоштахь Пешхара схьабевллачу Ӏовхойша йиллина кӀотар ю[9].
  • Пешхойн кӀайчу юххие[10] – КӀайчу юххиен[3] малхбален агӀора. Гомха басеш, тархаш, хьаннаш.
  • Пешхойн кашанш – Алтмирзюртара кешнаш[11].
  • Пешхойн йукъ – ГӀойтӀара куп[12].
  • Пшеха – Краснодаран махкара хи. Оцу хин атагӀи чохь Апшеронскан кӀоштахь лаьтта Тубы кӀотар[13]. Тубахой – адыгейн тайпанан кхоллам бу. Историн Ӏилманийн кандидата П.Тахнаевас тубахой Саййид Ӏали Аш-Шамин тӀаьхьенах хила тарло боху[14].
  • Фишт (нохчаша хьалха «ф» элп лелош ца хиларна нохчийн маттахь «Пишт» олу) – Краснодаран махкара ломан корта; лаьтта Кавказан Коьртачу Хидоькъехь, КӀайн а, Пшехин а лакхенашкахь. Локхалла – 2867 м. Адыгийн маттара гочдича хуьлу – кӀайн йис, кӀайн лайн, кӀайн корта, «фы» – кӀай; «щтын» – гӀуоро (адыгийн). Фишт ломан кӀоштахь уггаре малхбуза шалам бу Кавказехь. Фиштан а, Пшехан а баххьашна йукъахь йу махкара уггаре лекха чухчари (165 м), иза Пшеха хин цхьа хьост ду[13].
Remove ads

Этимологи

Пешхой дешан маьӀна Сулейманов Ахьмада дуьйцу хӀокху версешца:

Уьш ерриш а йогӀу Пешхой дашна[2].

Нохчий схьабовларх долчу тептарца, Пешхой Шамханах схьадаьллачу 13 тайпанех ду, Нашхойн гергара а ду. Шамханан дайша цуьнан йижрий гӀебартойн элашка маре белла хиларна а, Шамханан тайпа элех а хиларна, гӀебартойн «пшы» хила а тарло тайпанан бух тӀехь[15].

Ӏ.Д.Вагаповн а, Р.П.Ахмадовн а хета, топоним Пиешха, шен рогӀехь, хила тарло, кхоллаелла «–ха» формантан гӀоьнца (дуста Гуьржиеха) «пиеша» бух тӀиера, уьйр йу жӀайхойн «пеше» а, гӀазгӀумкийн а, лаьзгийн а «пиша» - пхьола, гӀажарийн «пеша» - пхьола (овхӀанхойн а, гӀажарийн а «пешавар» – пхьераш). Кхин вариант хила а тарло, масала, «пеш»+«хой» - пеш, кхерч Ӏалашбийриш[16].

Remove ads

Пешхой беха меттигаш

Пешхой беха меттигаш: Бена-Юрт[17], БердакӀел[18], ВаларгтӀе[19], Галне[20], Гихчу[21], ГӀойтӀа[12], Доьлаке, Ойсхар[22], СаӀдин-КӀотар[23], ТӀехьа-Марта[24]. Хаьмбин-Ирзе, Хьалха-Марта[25], Цоци-Эвла[26], ЧӀулга-Юрт, Ӏалхан-ГӀала[27].

Истори

Оьрсийн хьосташкахь, Гуьржийчоь боьлхачу оьрсийн векалийн маршрутан ориентир лаца Пешхойн мохк аьлла, тайпа дуьххьара хьахийна 1601 шарахь.

Тайпанан эвла Пешха лаьттина коьртаниг йаккхийчу бахаман бӀавнех (гӀаланех). Пешхойн, даьхний хилла цаӀаш, хилла оханаш а, цанаш а, хин хьеранаш а хилла. Пешхан махкахь хилла цӀуйн заманан элементашца керсталлин сийлаллаш а (жӀараш).

Пешхой хьалха баьхна Элистанжахь, амма Орсойша уьш цигара аратеттина[28].

Remove ads

Дукхаллин барам

1833 шеран июнь баттахь Кавказан бахархойн барамех а, паччахьан правительствон уьш муьтӀахь хиларан тӀегӀанех а долчу ведомосташкахь боху: Нохчий-Пешхой 4000 са ду[29].

Императоран омарца арахоьцучу, 1859 шеран сентябрь беттан № 9 йолчу тӀеман гуламехь, чулацаман иссалгӀачу жайнехь (том ӀХ) йаздо: «Нохчийн къоман йукъадогӀу бухара цхьа мотт буьйцу, Кавказан а, Ӏаьндийн а даккъийн къилбаседа агӀон тӀехь тӀеман хийцамашка а, оьрсийн герзан аьттонга а хьаьжжина Российца хӀинца а тайп-тайпана йукъаметтигаш йолу, хӀинца Шемалан Ӏедал дохийначул тӀаьхьа дерриг а Кавказера оьрсийн мехкаш тӀехь Российн куьйгакӀела даьхкина тайпанаш: Пешхой (Шопоти) беха Мартан хьостехь, Аьккхашна малхбалехьа, 4000 са»[30].

Remove ads

ГӀарабевлла тайпанан нах

Thumb
Усманов Гилани (Нурлан) Сайд-1алин во1, Российн Федерацин Исбаьхьалчийн бертан декъашхо, Российн Халкъан пхьар, Нохчийн Республикин Хьакъдолу исбаьхьалча
  • Пешхойн, Домба (1800 шо Хьалха Марта) – Имам Шемалан наиб.
Remove ads

Билгалдахарш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads