Рошни
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Рошни (оьрсаша Рошня йа КӀайн эрк[2] олу) — Российн эрк, охьадогӀу Нохчийчоьн Хьалха-Мартанан кӀоштахула. Мартан аьрру га.
Remove ads
Географи
Рошни эрк кхоллало Жима Рошни а, Доккха Рошни а вовшахкхетий[3]. Ткъа уьш схьадовлу Нашах ломара (Мокхазар-кортера) хьаннашкара[4]. Рошни охьадогӀу къилбаседехьа Роьшни-Чу эвлан, Хьалха-Марта гӀалан гергахула, Ӏалхан-Юрт йолчохь кхета Мартанах. Хикхоче ю Мартан хикхочел 4,5 км лакхахь, аьрру бердаца. Эркан дохалла – 28 км, хи гулден майда — 152 км²[5].
Хин реестрах хаамаш
Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ [5].
Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005758[5].
Сийлаллаш
Эркан цхьа бӀе метр гергахь лаьтта долара музей Донди-Юрт[2].
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads