Исламехь пайхамар
исламехь пайхамар From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Пайхамар (Ӏаьр. ٌّنَبِي набӣ), д. т. пайхамарш (ُأَنْبِیَاء анбийа̄ъ) — уьш Дала хаьржина нах бу, Шена цхьанна Ӏибадатдаре нах тӀеберзо бахкийтина, уьш гӀиллакхашка кхайкха а, цӀушна Ӏамалйарах а, цамагийначарах (хьарамнаш) а уьш йухабахийта а. Къуръан чохь хьахийна 25 пайхамар а, элча а ву. Иштта цу чохь хьахийна ду, Дала кхин пайхамарш а, элчанаш а бахкийтина аьлла, лаьтта тӀехь хиллачу тайп-тайпанчу къаьмнашка. Къуръан чохь деана ду: ﴾Хьол хьалха а эхийтина Оха элчанаш. Царна йуккъехь Оха хьуна бийцинарш а бу, Оха хьуна цабийцинарш а бу. Цхьана а элчано Ӏаламат гайтина дац АллахӀан пурбанца бен. Ткъа АллахӀан омра деъча, бакъ йолу кхиэл йийр йу, тӀаккха харцлийнарш да̄къазабевр бу﴿ [Къуръан 40:78].
Remove ads
Пайхамарний, элчаний йукъахь башхалла
Элча — иза Дала элчаналла а, керла шарӀ а дохьуш ваийтинарг ву. Ткъа пайхамар — иза шена тӀе дӀаделладалар (вахьйу) доьссинарг ву, Дала хьалха элчанашка диссийначу шарӀашна йа цхьана манхӀажна тӀехь Далла Ӏибадатде аьлла цо кхайкхо. Пайхамар Делера хаам бийриг ву, ткъа элча Дала вахийтинарг ву, хӀора элча пайхамар ву, амма хӀора пайхамар элча вац.
Къуръан чохь пайхамарш а, элчанаш а
Remove ads
Хьосташ
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads