Самегрело — Земо-Сванети
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Самегрело — Земо-Сванети (наггахь Самегре́ло а, Земо-Сване́ти а; гуьрж. სამეგრელო-ზემო სვანეთი; мадарра Мегрели а, Лакха Сванети а) — Гуьржийчоьнан мохк (мхаре).
Махкан йукъахь йу Ӏаьржа хӀордан малхбалехьара йист а, уллера Мегрелин латташ а, Эльбрус ломан къилбехьара кӀаже а, Коьрта Кавказан дукъан дакъа — Лакха Сванети а. Махкахь ду эркаш Ингури, Риони, Цхенисцкали, Хоби.
Регионан административан центр йу гӀала Зугдиди.
Remove ads
Административан йекъайалар
Мехкан йукъахь йу 8 муниципалитет а, 1 мехкан муьтахь йолу гӀала а (2016-2017 шарахь иштта гӀаланаш шиъ йара: Поти йоцуш, оцу йукъахь хана йара Зугдиди).
Remove ads
Бахархой
2018 шеран 1 январехь ларарца махкахь 320 805 бахархой бу[1], 2014 шеран 1 январехь ларарца — 476 300 бахархой, 2009 шеран 1 январехь — 468 000 бахархой[6].
ГӀаланаш Мегрелехь:
- Зугдиди (42 998 стаг, ларар 2014 шо),
- Поти (41 465 стаг),
- Сенаки (21 596 стаг),
- Абаша (4941 стаг),
- Мартвили (4425 стаг),
- Хоби (4242 стаг),
- Цаленджиха (3847 стаг),
- Джвари (763 стаг),
ГӀалин кепара эвлаш: Чхороцку (3141 стаг, ларар 2014 шо).
Лакха Сванетин уггаре йокха гӀала йу (Местийн муниципалитет): ГӀалин кепара эвла Местиа (1973 стаг, ларар 2014 шо).
2002 шарахь — 466 100 бахархой. Царах 459 614 стаг (я 98,6 %) гуьржий, 4 163 стаг (0,9 %) — оьрсий, цул совнах украинаш (528 стаг), эрмалой (476 стаг), абхазаш (423 стаг) и кхиберш (2002 шо).
2014 шарахь ларарца махкахь бара 330 761 бахархой[4],
Мехкан къаьмнийн хӀоттам
(2014 шарахь)[7][8]
Самегрело — Земо-Сванети махкара гуьржий бекъалуш бу мегрелаш (90 % герг), цара буьйцу шайн мегрелийн мотт, сванаш (10 % герг), цера бу шайн сванийн мотт уьш дукхахберш бехаш бу Сванетия къилбаседа декъехь: Местийн муниципалитетехь (иштта Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а мехкан Лентехин муниципалитетехь, 2008 шеран август кхаччалц бехаш бара Абхазин Кодор чӀожан лакхарчу декъехь а.
Мехкан а, цуьна муниципалитетийн а къаьмнийн хӀоттам (2014)[9]
Самегрело — Земо-Сванетин дукхахболу бахархой Гуьржийн православин килсехь дин лелош бу — 326 061 стаг (98,58 %). Регионехь кӀезига мусулбанаш а бу (766 стаг), цул совнах Эрмалойн апостолийн килсе оьхурш а бу (23 стаг)[11].
Remove ads
Карта
Картин легенда:
| 50 000 сов стаг. | |
| 10 000 тӀера 50 000 кхаччалц стаг. | |
| 5 000 тӀера 10 000 кхаччалц стаг. | |
| 1 000 тӀера 5 000 кхаччалц стаг. | |
| 500 тӀера 1 000 кхаччалц стаг. |
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads
