Умарсултанов, Вахит Османович

From Wikipedia, the free encyclopedia

Умарсултанов, Вахит Османович
Remove ads

Ва́хит Осма́нович Умарсулта́нов (1950 шеран 20 август, Кхазакхстан, ССРС) — нохчийн художник, Российн Федерацин Сийлахь художник, Нохчийн Республикин художникийн тобанан председатель, Российн художникийн тобанан нохчийн регионан декъан председатель, Российн художникийн тобанан секретарь, ССРС художникийн тобанан декъашхо, дукха регионийн а, йерригроссийн а, халкъашна йуккъера а гайтахӀоттамийн декъашхо, 2012 шарахь Российн Федерацин Правительстван культурин совгӀатхо. Тайпана ЦӀонтаро.

Боца хаамаш Вахит Османович Умарсултанов, Вина терахь ...
Боца хаамаш Арахьара суьрташ ...
Remove ads

Биографи

Ваха вина 1950 шеран 20 августехь, Кхазакхстанехь. 1950-гІа шераш чекхдовлуш доьзал цІабирзира Даймахка. Соьлжа-ГӀалахь йуккъера ишкол чекхйаьккхина Ваха, деша вахара Савицкийн цІарах йолу Пензан исбаьхьаллин училище. 1970 шарахь училище чекхйаьккхича, цуо болхбира ишкол-интернатехь суртдилларан хьехархочун даржехь. Оцу шерашкахь Вахин Іаламдилларан белхаш гучудийладевлира республикин гайтамашкахь. И суьрташ, Даймахках безам боьлла, цуьнан инзаре, кхин хирйоцу хазалла гойтуш долу, ХӀинжа-гӀалахь, Нальчикехь, БуритӀехь зонан гайтамашкахь безабелира хьовсархошна а, говзанчашна а. Дукха хан йалале 1982 шарахь В.О. Умарсултанов Российн Федерацин Художникийн бертан декъашхо хилира. 1990-гІа шераш дуьйлалуш, Нохчийчоьнан уггара халачу заманахь, иза Художникийн бертан коьрте хІоьттира[1]. 2012 шарахь Российн Федерацин Правительствон оьздангаллин областера СовгІатан Лауреат хилира[2][3].

Remove ads

Исбаьхьаллин кхолларалла

Вахин суьрташ Шемахь, Германехь гайтамашкахь хІиттийра. Цуо хьоьгу къа бахьнехь, Нохчийчоьнан художникаш дакъалецира «Имени твоему» цІе йолу йерригроссийн исбаьхьаллин гайтамехь (декабрь 2000-январь 2001 ш.). Оцу экспозицехь хІоттийра шен кхолларалла а — диъ сурт, царна йукъахь «Калаус» — цуьнан белхех уггар дикачехь цхьаъ. 2002 шеран майхь Москохахь Российн исбаьхьаллин Академехь хиллачу нохчийн художникийн гайтамехь, хьовсархошна довзийтира В. Умарсултановн керла суьрташ. И гайтам вовшахтухуш цуо шина шарахь сов къахьийгира, йерриг Россехара нохчийн художникийн белхаш гулбеш. Художникийн Союзехь болу балхо мукъа ца вуьтушехь, Ваха кхуьу кхолларалла лело. Цуьнан пейзажаш атта йевза гайтамашкахь.

Remove ads

Доьзал

Вахин да Іусман, шен заманахь хьехархо болх бина вара. Церан доьзалехь шиъ кІант, кхоъ йоІ дара. Вахин хІусамнана Овлан йу. Церан цхьаъ кІант а, шиъ йоІ а, кІента а, йоьІарийн а бераш ду.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads