ГӀулоз
Теркан кӀоштара эвла, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
ГӀулоз[3] йа Банкин-Йурт [4] — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла.
Иза йу ГӀулозан йуьртан меттиган административан центр[5].
Remove ads
Географи
Лаьтта Соьлжа-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьа, кӀоштан центран ЧӀулга-Юртан къилбехьа, Теркан дукъ тӀехь.
Гергара ярташ: къилбаседа-малхбузехьа — Бена-Юрт, НогӀамирзин-Юрт, Ӏелин-Юрт, къилбаседа-малхбалехьа — Лаха Невре, Лакха Невре, къилбехьа — Кирпични, къилба-малхбузехь — Горагорск, ӀамтӀе-КӀотар, малхбалехьа — Минеральни, Аьчка-ХитӀе[6].
Топонимаш
- Банкин кIотар – ГӀулозан къилбаседа-малхбузехьара меттиг[7], кхузахь лаьттина ингалсан банк, ЧӀулга-Юртан а, ГӀулозан а бахархошна зие меттахӀоттош, шеш мехкдаьтта доккхуш латта хӀаллак дарна.
- ГIулоз чоь – Лакха Неврен къилбехьара меттиг[7].
- ГIулоз чу – йуьртан къилбехьара меттиг.
- ГIулоз гIу – Лаха Неврен къилбехьара дежийлаш, оханаш долу меттиг.
- ГӀулоз чу боьду некъ – араболу Лаха Неврера малхбузехьа[8].
- Теркан дукъ йа ГIулозан регIнаш, малхбузера малхбалехьа дахделла, къилбехьа дехьаваьлчи Шина регӀа йукъ цӀе хуьлу. Кхин а цӀераш ю: Чергазийн рагI, ГIебартойн рагI. Теркан дукъан къилбаседа агӀо Махьмад-ХитӀе малхбузехь Аьчка-ХитӀе кхаччалц малхбалехь, вайнахан девза ГIулоз-чоь, ГIулозан боьранаш ГIулозан регIнаш цӀерашца[9].
- УргIала некъ – УргӀала коьртан тӀиера охьадогӀу ламанан тача, цуо вовшех тосу ярташ Махьмад-ХитӀе, НогӀамирзин-Юрт, ГӀулоз. ХӀинцалера техника йукъайаьлчи дуьйна тачанан хьалхара маьӀна дайна[9].
Remove ads
Истори
1944 шарахь нохчашна а, гӀалгӀашна а депортаци йинчул тӀаьхьа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀа а йаьккхина, ГӀулозан цӀе Нижни Красноармейски[1]. До середины 90-х населенный пункт носил название Кирово[10] тиллина, кхуза оьрсий охьаховшийра.
Бахархой
Юьртара тайпанаш
Юьртахь деха тайпанаш:
Дешар
- Банкин-Юртан муниципалан юккъера йукъарадешаран ишкол[23].
ГӀулоз фольклорехь
«Алмаз» йа «Алмаст» - нохчийн а, гӀалгӀайн а фольклорехь, вериг ваьлла хьуьнан стаг. Нохчийн эшаршкахь ГӀулоз хьахош даиман а цунна уллехь ловзу алмаз хуьлу: «...Алмазаш ловзучу ГIулозан бийрахь»[7].
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads