Февраль
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Февра́ль шира нох. Чиллин[1], Чи́ллан-бутт[2] (лат. Februārius mēnsis «Фебруусан бутт», «цӀанонан бутт» схьадаьлла лат. Februa «цӀанонан Ӏида») — юлианан а, григорианан рузманашкахь шолгӀа бутт, Цезара хийцамаш банле мартехь долалуш хиллачу шираруман шеран шийтталгӀа бутт. Иза шеран уггаре боца бутт бу, и цхьаъ бен бац 30 дийнал боца бутт: 28 де хуьлу кхаа шарахь, 29 де хуьлу високосан шарахь. Дуьненан Къилбаседа эхигехь Ӏаьнан кхоалгӀа бутт бу, Къилба эхигехь — аьхкенан кхоалгӀа бутт.

ХӀинцалерачу муьрехь февралан 16 де кхаччалц григорианан рузманца малх лаьтта Козерог цӀе йолчу седарчийн гуламехь, февралан 16 денера — Водолей седарчийн гуламехь[3][4].
Remove ads
Статистика а, цунах дийцар а
Февралан юккъера температура Москохан гуонан масалин тӀаьхь: −9,6 °С техка −38,2 °С тӀиера 1929 шарахь +5,7 °С тӀекхаччалц 1935 шарахь[5].
Январца буьстича, малх къиегаран йохалла тӀекхета 27 сахьт, 59 сахьте кхочу[5].
Бен бан йолало Ӏаьржа къиг. Маьлха-хьозан а, цӀирцӀирхьозан а дуьххьара йиш. БӀаьстенна схьакхелха свиристелаш, бутт бовша — дӀакхелха лайн хьозанаш къилбаседехьа. Чен бенахь чено кӀорнеш йоху[5].
Февраль болало март а, ноябрь а болалучу дийнахь високосан доцучу шерашкахь, ткъа високосан шерашкахь болало август болалучу дийнахь. Февраль чекхболу октябрь (даиман а), январь (високосан доцучу шерашкахь) чекхболлучу дийнахь.
Remove ads
Билгалдахарш
Хьажа. кхин
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads