Харачой

From Wikipedia, the free encyclopedia

Харачой
Remove ads

Харачой я ХорочойНохчмахкахойн тукхумара, нохчийн даккхийчех цхьа тайпа. Тайпанан векалийн яьхна ДНК тесташ гайтина дукхаха болу Харачой L3 гаплотобанера хилар, ткъа царна йукъахь J2 а, R1b а тобанера векалш а бу[1].

Боца хаамаш Харачой, Этноиерархи ...
Thumb
Харачойн Зеламхан доьзал.
Remove ads

Географи

Тайпанан коьрта юрт Хорача лаьтта Веданан кӀоштахь; Харач хин хикхочехь (Хул-Хулон бассейн). Эвлан къилбаседа-малхбузан йисттехь лаьтта Хорочойн лам.

Хорачан доза ду малхбалехь – ДаьргӀаца, БелгӀатаца, Эрсанаца, Гуьнаца, къилбехь – Ӏаьндаца (ДегӀаста), ЧӀебарлаца, малхбузехь – Саьрбалаца, Лаьшкараца, Садаца, Элистанжаца, ткъа къилбаседехь - Веданаца, Теза-Кхаьллаца. Харачой охьахевшина акъари тӀе[2].

Тайпанан махка йукъайогӀу эвланаш а, кӀотарш а: Байтарке, Кха ӀомиетӀа, Тимишан ирзуо, Хьеха Хьалха, Хьочие, ЭгӀазгие, ӀомиетӀа.

Топонимаш

  • Хорочойн дозанера ор – Теза-Кхаьллан къилбехьара меттиг.
  • Хорочойн дозанера чхор – Теза-Кхаьллан къилбехьара меттиг[3].
Remove ads

Этноним

Этнониман хьост мичара ду хӀинци а дика хууш дац. А.Сулеймановс доькъу дош иштта: «хан + ара + чоь» - «ха ден чоь»[2], амма цхьаццамма Харачой Кхарачой къомаца дусту тера догӀуш хиларна. А.Д. Вагаповс а, Р.П. Ахмадовс а топоним яьлла лору нохчийн дешах «хара» + «чу», аьлчи а «лаьмнийн херонера эвла».

Тайпа даржар

Харачоша ЦӀонтарошца цхьаьна кхоьллина БӀачи-Йурт.

Нохчийн талламхочо, хьехархочо, халкъан поэта А. С. Сулеймановс билгалъяьхна Харачой беха меттигаш: БердакӀел[4], БӀачи-Йурт[5], Гелдаган[6], Девкар-Эвла, Лакха-Невре[7], Майртуп[8], Сиржа-Эвла[9], Соьлже[10], Ойсхар[11], Хьаьнгаш-Йурт[12], Цоци-Эвла[13], Чечана[14], ЧӀулга-Йурт, Шела[15].

ГӀарабевлла Харачой

Remove ads

Тайпа декъадалар

Харачой бекъало некъешка: Айдайн, Байгишан, ГӀезалойн, ГӀубайн, Кудайн, Мершадойн, Меснайн, СугӀуран, Хьаьжханан, Чагайн, Юнусан, Ӏумаран (R1b)[17].

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads