Майртуп

Курчалойн кӀоштар йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia

Майртупmap
Remove ads

Майртуп[2]Нохчийчоьнан Курчалойн кӀоштан эвла.

Боца хаамаш Майртуп, Пачхьалкх ...

Иза йу Майртупан йуьртан меттиган административан центр[3].

Remove ads

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1990[4]2002[5]2010[6]2012[7]2013[8]2014[9]2015[10]
473210 75411 83812 09312 33112 55812 815
2016[11]2017[12]2018[13]2019[14]2020[15]2021[16]2023[17]
12 96213 13913 39513 58913 82411 88612 223
2024[1]
12 500

Географи

Майртуп йу Гумс эркан бердаца, Курчалойн-ГӀалин малхбалехьа йу.

Уллера нах беха меттигаш: къилбаседа-малхбалехьа — БӀачи-Йурт эвла йу, къилбаседа-малхбузехьа — Илсхан-Йурт эвла йу, къилбехьа — Хьиди-КӀотар эвла йу, къилба-малхбалехьа — ЖагӀларги эвла йу, къилба-малхбузехьа — НикӀи-ХитӀа эвла йу, малхбузехьа — Курчалой-ГӀала (кӀоштан центр)[18].

Истори

23 февралехь 1944 шарахь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Сулебкент аьлла хийцина[19][20]. Эвла бахкина Дагестанера суьйлий. 9 январехь 1957 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийна[21] ишта меттахӀоттийна эвлан хьалхалера цӀе а. Коммунистийн харца Ӏедало баха охьахийшина болу суьйлийн дезна шаьш схьа баьхканча йуха баха.

Тайпанаш

Майртупахь дехаш доллу тайпанаш:

  1. Аьккхий
  2. Бийтарой
  3. Гуной
  4. Мелардой
  5. Чартой
  6. Ялхой
  7. Хьачарой
  8. ЦӀонтарой
  9. Ширдий
  10. Шоной
  11. Энакхалой ишт кхин тайпанаш ду.

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads