Шеран заманаш

From Wikipedia, the free encyclopedia

Remove ads

Шера́н за́манашшеран гуонехь билгалдоккху дакъа.

Шеран заманаш къастайо:

  • Рузман шеран заманаш — дукхаха болчу мехкашкахь шо доькъу йеа замане, хӀора а кхоккха рузман бутт хӀораннехь а. Амма хӀиндин рузма, масала, шо доькъу 6 замане, шишша бутт хӀораннехь а[1], ткъа саамийн рузмано — бархӀ замане[2][3].
  • Астрономин шеран заманаш лору малх цӀа кхачаран меттигашца (Ӏа, аьхке) а, де-буьйса нисдаларца (гуьйре, бӀаьсте) а[4][5].
  • Фенологис Ӏаламан хиламийн хьесапашца ("зама" кхетам лелош) билгалйоккху хӀора шеран климатан зама йолаяларан хенаш а, йохалла а. ХӀора зама къастало шен амале хенан-хӀоттаман а, температуран а хьолашца.

Шеран заманаш хийцаялар доьзна шарахь планета мелхан гуонаха хьийзаран муьрца а, орбитан экъанал Дуьненан сема таӀарца а, кӀеззига орбитан эллипс хиларца а.

Remove ads

Шеран заманаш рузманехь

Юккъерачу шораллашкахь дукха хьолахь леладо формалан рузманца шо декъар цхьабосса муьрашка. Масала, къилбаседа эхиган алсамчу мехкашкахь тӀеэцна шеран зама йолаяларан а, чекхъяларан а терхьаш:

Россехь тӀеэцна лахара терхьаш:

Remove ads

Шеран заманаш хийцаяларан астрономин

Thumb
Дуьне хьийзаран сема таӀар — коьрта бахьна ду шеран заманаш хийцаяларан
Thumb
Июнехь малх цӀа кхачар. Беснашца гайтина тайп-тайпана дийнан дохалла йолу зонаш (къилбаседа эхиг лакхахь)
Ма-дарра UTC-ца малх цӀа кхачаран, де-буьйса нисдаларан терахь а, хан а, шо ...

Шеран заманаш хийцаяларан бахьнаш эклиптикан экъанера дуьненан сема таӀар а, Дуьне Мелхан гуонаха хьийзар а. Сема таьӀна яцахьара дийнан а буьйсанан а йохалла Дуьненан муьлххачу меттигехь а цхьатерра хир яра, дийнахь малх хьалабер бара цхьаьна локхалле дерриг шарахь а.

Вайн заманахь планетан семано бо орбитан экъанца 66,56° са[10].

Remove ads

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads