БӀаьсте

From Wikipedia, the free encyclopedia

БӀаьсте
Remove ads

БӀаьсте́шеран еа заманех цхьаъ, Ӏаьнан а, аьхкенан а йукъара зама.

Thumb
БӀаьстенан пейзаж

Астрономин бӀаьсте

Астрономин бӀаьсте юлу бӀаьстенан де-буьйса нисдаларца, 20 мартехь (високосан хьалхарчу шерашкахь 20 йа 21 мартехь) (къилбаседа эхигехь), 22 йа 23 сентябрехь (къилба эхигехь), лаьтта аьхка малх цӀа кхаччалц, 21 июнь (високосан шерашкахь 20 йа 21 июнь) (къилбаседа эхигехь), 21 йа 22 декабря (къилба эхигехь) (дерриг терхьаш далийна дерригдуьненан хенаца; кхечу сахьтан асанахь уьш къаста тарло 1 де-буьйсанна).

Remove ads

Рузманан бӀаьсте

Thumb
Левитан И. И. Март. 1895. Гата, даьтта. 60×75 см. Пачхьалкхан Третьяковн галерей, Москох

Кхаа бетах лаьтта: Къилбаседа эхигехьмартехь, апрелехь, майхь, Къилба эхигехьсентябрехь, октябрехь, ноябрехь.

БӀаьсте — Ӏаьнера аьхкене дехьаваларан зама ю, хаъал де дахло, гуонахьарчу хьолан температура хьалайолу, жигара болу дийнатийн а, ораматийн а Ӏаламан болх.

Климатан бӀаьсте

Россехь метеорологин бӀаьсте яьлла лору, юккъера температуран барам Цельсица 0 градусал хьалаяла йолаелчи.

Российн къилба кӀошташкахь бӀаьсте а, гуьйре а чучча йоьду (субтропикан климатехь, климатан Ӏа дац). Российн юккъерачу асанехь бӀаьсте йолу климатца юккъера март чекхболуш. Российн доккхаха долчу декъехь март климатаца бу Ӏаьнан бутт. Шийлачу климатан кӀошташкахь бӀаьсте юха а уьй гуьйренца (яц климатан аьхке, субарктикан климат).

Фенологин бӀаьсте

Фенологин бӀаьсте Российн мехкашкахь йоьхку «Ӏалам самдаларца»: вегетаци йолаяларца, кхелха олхазарш дахкарца, дийшина дийнаташ самдовларца.

Хьажа кхин а

  • БӀаьсте (Боттичеллин сурт)
  • БӀаьсте (Пластовн сурт)
  • Мэрцишор

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads