Ялхой

From Wikipedia, the free encyclopedia

Remove ads

Ялхой — нохчмахкахойн тукхаман йукъа догӀуш долу нохчийн тайп. Дукху болу ялхой Ӏаш бу Нохчийн Республикин Теркан кӀоштахь а, Нажи-Йуьртан кӀоштахь а.

Боца хаамаш Ялхой, Этноиерархи ...
Remove ads

Этимологи

Дийцаршца, тайп ялхой схьадаьлла ялх хочуш — «ялх» + «хой», уьш нохчийн мехкан доза лардеш хилла. Кхин цхьа верси а ю, ялхой ширачу заманахь Мехк-кхелан сацамца 'ял' гулъеш хилла.

Истори

Тайп-тайпанчу заманашкахь, тайпанан векалш йехкина ярташ, Соьлже, Майртуп, ЖугӀурта, Гелдаган. Кавказан тӀеман муьрехь Соьлже кхузза ягийна паччахьан эскарша. 1944 шарахь нохчашна а, гӀалгӀашна а депортаци а йина, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхича Ялхой-Мехкан цӀе хийцира Тлядал аьлла, кхуза ховшийра лулара ДегӀастанара бахархой[1]. Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀаьхьа, эвлан цӀе юхаерзийра.

Remove ads

Интересностеш

Ялхойн тайпан йуккхехь 3 Некъе бу:

  • Бугат-некъе
  • Байти-некъе
  • Мути-некъе

5 Ялхойн тайпан адмаш ДНК-тест йина гаплогруппин, массарна J2 гайтнер. Цуьндела, шай тайпан йуккхехь цаьр маре ца до, шадерриг тайп цхьан де-гар дохуш дол дер.

ГӀарабевлла тайпанан векалш

  • Темерханов Юсуп-Хьаьжа – полковник Буданов Юрий виерна бехке вина кхел йина, чувоьллина.
  • Дуда-Шейх — динан авторитет. Накъшбандин тӀарикъатера. Зиярат Гуьмсехь ду.
  • Салатаев Ӏели — Ялхой-Мехкан оьздангаллин цӀен исбаьхьаллин куьйгалхо, нохчийн историк.
  • Бетерсултанов Баудин — Ялхой-Мехкан юьртда.
  • Бисултанов Асланбек (1956 — 2001) — гӀараваьлла нохчийн спортхо, охьатохарх латархо, дуьххьарлера нохчий ССРС, Европин, дуьненан чемпион паргӀата кепара охьатохарх латарехь. ССРС Хьакъдолу сортан говзанча (1977 шо).
  • Нухаев Хож-Ахьмад (вина 1954 шеран 11 ноябрехь) — нохчийн политикин гӀуллакххо, НРИ Правительствон вице-премьер лаьттина.
  • Тайсумов Майрбек (1988 шеран вина 8 августехь) – Австрер Нохчийн ЮФС бIахо.
Remove ads

Билгалдахарш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads