Симферополан гӀалин кхеташо
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Симферо́полан гӀалин кхеташо (укр. Сімферопольська міськрада, гӀирман гIез. Aqmescit şeer şurası, Акъмесджит шеэр шурасы) — меттигера Ӏедалан меже а, цуьнга терра республикин маьӀнин административан-мехкан декъан Автономин Республикин ГӀирмин куьйгакӀелара мохк Украинин йукъахь хилла (фактехь 2014 шо кхаччалц); хьалха 1991 шо кхаччалц — ГӀирмин область УССР ССРС йукъахь, 1954 шо кхаччалц — ГӀирмин область РСФСР ССРС йукъахь, 1945 шо кхаччалц —ГӀирмин АССР РСФСР ССРС йукъахь.
ХӀара йаззам бу Украинин йукъара АР ГӀирмин административан дакъа лаьцна. Российн йукъара Республика ГӀирмин административан дакъа лаьцна, хьажа Симферополь (гӀалин гуо).
Административан йукъ - Симферополь гӀала
Remove ads
Истори
ГӀалин кхеташо кхоьллина 1920-гӀа шерашкахь.
2014 шо кхочуш гӀалин кхеташоно, ша Симферополь гӀала йоцуш, йукъатухура кхин а 5 посёлок.
2014 шарахь дуйна гӀалин кхеташонан меттехь йара Российн Республика ГӀирмин Симферополь гӀалин гуо.
2020 шеран 17 июлехь ГӀирма Российн Федерацех дӀатохар къобал ца деш йолу Украинин парламенто, тӀеэцна махкара кӀоштийн керла машанийн сацам, цуьнца хьалха хилла гӀалин кхеташонан мохк йукъатоха гӀерта Симферополан кӀоштан, амма и сацам лела ца бола украинин законашца «ГӀирма йухайерзалц Украинин йукъара юрисдикцина»[2].
Remove ads
Бахархой
2001 шеран йерригукраинийн бахархой багарбарца мехкан бахархой этносийн хӀоттам, Симферополь гӀалин кхеташонан куйгакӀела болу, иштта бу:
- оьрсий — 66,7 %;
- украинаш — 21,3 %;
- гӀирмин гӀезалой — 7 %;
- белорусаш — 1,1 %;
- полякаш — 0,2 %;
- молдаванаш — 0,1 %[3].
- караимаш — 0,01 %
ХӀоттам

Симферополь гӀала а, цуьнца цхьаьна цуьнан куьйгакӀелара берриг мохк а, бекъна бара кхаа кӀоштана: Киевн, Йуккъера, ЦӀерапоштнекъан.
Йуккъера кӀошто шена йукъа озайора йеккъа Симферополь гӀалин куьпаш.
Киевн кӀоштан йукъайагӀара Салгир эркан аьтту берд тӀехь лаьтта гӀалин дакъа. Киевн кӀоштан кхеташонан кхин а куьйгакӀелахь йара (2014-2015 шераш кхаччалц) гӀалин тайпана поселок Аграрни.
ЦӀерапоштнекъан кӀоштана йукъайагӀара гӀалин малхбузен декъера куьпаш. ЦӀерпоштнекъан кӀошткхеташонан Грэсовски поселкан кхеташонан чухула (2014-2015 шераш кхаччалц) куьйгакӀелахь йара гӀалин тайпана посёлкаш Грэсовски, Аэрофлотски, Комсомольски, посёлок Битумни.
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads
