ШахӀадат

Делах а, Мухьаммадан пайхамараллах а шен тешар барта бакъдар From Wikipedia, the free encyclopedia

ШахӀадат
Remove ads

ШахӀа́дат (Ӏаьр. الشَّهَادَةُ «Тоьшалла») — иза ислам динехь ши тоьшалладар ду «АллахӀ воцург кхин дела вац» (Ӏаьр. لَا إِلٰهَ إِلَّا اللهُ) аьлла а, «Мухьаммад — Делан элча ву» (Ӏаьр. مُحَمَّدٌ رَسُولُ اللهِ) аьлла а. Исламан шарӀо ма-бохху, стаг ислам дин чувогӀу цӀена хӀара дешнаш аларца: «Ас тоьшалладо до, АллахӀ воцург, кхин дела вац аьлла, ас тӀаккха а тоьшалла до, Мухьаммад — Делан элча ву аьлла» (Ӏаьр. أشْهَدُ أنْ لَا إلٰهَ إلَّا اللهُ وأَشْهَدُ أَنَّ مُحَمَّدًا رَسُولُ اللهِ [АшхӀаду ан ла̄ ила̄хӀа иллалла̄хӀ, ва ашхӀаду анна Мухьаммадан расӯлулла̄хӀ]) (Аз ладогӀа) цуьнан маьӀнех догтешна а волуш.

Thumb
Шена шахӀадат тӀетоьхна баннер, сулюс йозанца йаздина, Сараевохь.
ШахӀадатан дешнаш алар
Remove ads

Исламехь шахӀадатан хьукма

Thumb
Пайхамаран чоь чуьра пардонна тӀехь дегна шахӀадатан дешнаш.
Thumb
ШахӀадат тӀейаздина кад.
Thumb
Ӏаьрбийн а, китайн а маттахь шахӀадат тӀейаздина сурт, Пекинера цхьана ресторанехь.

Ши шахӀадат — иза исламан арканех хьалхарниг а, ийманан ков а ду. Къуръанан а, суннатан а тексташ толлучу хенахь, вайна гучудолу шахӀадат алар, шен дог цуьнах тешна а долуш, стаг Делан дин чу варан бехкам хилар а, и аьллачул тӀаьхьа бусалбанийн хьукманаш цунна тӀехь лелаш хилар а. Ткъа ийманах догтешна а волуш, шахӀадат ца далийнарг, иза бусалба вац. Цхьа а Делан дин чу а ца вогӀу, йа ийман диллина а ца хуьлу, и ши шахӀадат далийчий бен. Ибн Ӏумара хьадис дийцина, Мухьаммад пайхамаро ﷺ элира аьлла: «Соьга омрадина нахаца тӀом бе аьлла, цара АллахӀ воцург, кхин дела вац, Мухьаммад — Делан элча а ву аьлла тоьшалла даллалц»[1]. Имам ан-Нававийс аьлла-кх оцу хьадисах кхетош: «Оцу (хьадисо) гойту ийманан бехкам, шина шахӀадатна къера хилар дуй, цу шиннах догтешна а волуш, иштта пайхамаро мел деанчух догтешна хилар а»[2]. Иштта цо аьлла: «Мухьаддисех а, факъихӀех а, мутакаллимех а болчу суннатхойн Ӏеламнехан бартхилла, ийман диллина стаг, къиблат охӀланах лоруш волу, жоьжахатехь даим Ӏийр воцу, шен дагца чӀогӀа ислам динах догтешна а волуш, шеконех цӀена а волуш, ши шахӀадат далийчий а бен хуьлуш вац»[3].

Remove ads

МаьӀна

Thumb
ШахӀадатан мозаика, Сингапурехь.

Ислам динна лууш долу оцу предложенин маьӏна: къерахилар ду, АллахӀ воцург шена Ӏибадатдан хьакъ волуш, цхьа а дела вац аьлла. Аль-ХаттӀабис аьлла: «Дела цхьаъвечара “Ла илахӀа иллаллахӀ” алар, цуьнан маьӀна: Шена Ӏибадатдан цхьа а вац АллахӀ воцург бохург ду, ткъа Мухьаммад Дала адамашна ваийтина элча ву, ислам дин даржо а, уьш элчаналлина тӀаьхьахӀиттийта а»[4].

Remove ads

Хьосташ

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads