Жуков, Георгий Константинович
From Wikipedia, the free encyclopedia
Жу́ков Гео́ргий Константи́нович (вина 19 ноябрехь (1 декабрехь) 1896; Стрелковка, Малоярославецки уезд, Калугин губерни, Российн импери — вела 1974 шеран 18 июнехь, Москохахь, РСФСР, ССРС) — советийн баьчча а, пачхьалкхан гӀуллакххо а. Советийн Союзан маршал (1943), Советийн Союзан доьазза Турпалхо (1939, 1944, 1945, 1956), шина «Толам» орденан (1944, 1945), йалх Ленинан Орденан (1936, 1939, 1945, 1956, 1966, 1971), дуккха а кхечу советийн а, арахьара мехкийн а орденийн, мидалийн кавалер.
Жуков Георгий Константинович | |
---|---|
оьрс. Георгий Жуков | |
| |
ДӀавоьллина | |
Тайпа | Жуковы[d] |
Зуда | Жукова, Александра Диевна[d], Жукова, Галина Александровна[d] |
Бераш | Жукова, Маргарита Георгиевна[d] |
Парти | |
Дешар | |
ГӀуллакхалла | баьчча[d] |
Автограф | |
СовгӀаташ | |
Эскаран тайпа | дошлой[d], ГӀаш сурхой |
ЦӀе | Советийн Союзан мудир[d], Инарла[d] |
Буьйр дар | ССРС ТӀеман Ницкъаш[d] |
Латар |
|
Болхбаран меттиг | |
Медиафайлаш Викилармехь |
ТӀемал тӀаьхьарчу шерашкахь халкъо цӀе тиллира «Толаман мудир»[1]. ССРС Дуьхьалонан министр (1955—1957). ССКП ЦК Президиуман декъахо (1957 шеран 29 июнь—29 октябрь). ССРС Лакхара Кхеташонан 1-ра, 2-гӀа, 3-гӀа, 4-гӀа кхайкхамийн депутат.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш, хьалхий-тӀаьхьий инарлин штабан хьаькам, фронтан баьчча, Лакхара Коьртабаьччин Ставкин декъахо, ССРС ТӀеман Ницкъийн Лакхара Коьртабаьччин гӀовс даржашкахь хилира. ТӀемал тӀаьхьарчу заманахь Латтан тӀера эскарийн Коьртабаьччин, Одессин, цул тӀаьхьа Уралан тӀеман гуонийн баьччин даржашкахь вара.
Сталин Иосиф веллачул тӀаьхьа хилира ССРС Дуьхьалонан министран хьалхара гӀовс, 1955 шерера 1957 шо кхаччалц — ССРС Дуьхьалонан министр. 1957 шарахь дӀаваьккхина ССКП ЦК йукъара, эскарера дерриг даржашкара, 1958 шарахь мукъаваьккхина эскарера.