Хилларш

  • Ӏаьнан, Аьхкен Олимпийн ловзарш 1936 Германехь.
  • Чёрч Алонзо кхоьллина лямбда-ларар.
  • 6 январехь — АЦШ дӀадаьккхина Йуьртабахам лелоран закон.
  • 12 январехь — кхоьллина спортан йукъаралла «Локомотив».
  • 15 январехь — Испанин аьру партеш а, профсоюзаш а кхоьллира харжамашна коалици Халкъан фронт[1].
  • 20 январехь — Сандрингемехь велла Йоккхачу Британийн паччахь V Георг. Ӏарш кхаьчна цуьнан кӀантана VIII Эдуардан[2].
  • 30 январехь — 1936 шарахь бӀаьста парламентан харжамаш дӀабахьа коьллина йолу Мисран ханна йолчу правительствон куьйгалхо хӀоттийна Ӏали Махир-паша[3].
  • 3 февралехь — болх болийна Каман целлюлозан-кехатан комбинато.
  • 16 февралехь — Испанехь парламентан харжамашкахь Халкъан фронтан (аьрру партийн коалици) кхаьчна 256 меттиг аьтту партийн 165 меттиган дуьхьал, 52 меттиг бу центристийн партийн[1].
  • 17 февралехь — йолайелла буьрканца ловзу хоккейн ССРСн I чемпионат.
  • 2 мартехь — Вашингтонехь куьйгаш йаздина барт кӀела, цуьнца Панамо йухадаьккхира АЦШ иза паргӀатйаларехь гаранти йаларан дош, ткъа АЦШ йухаоьцу шайн декхар низам латторехь коьртачу гӀалахь Панамехь а, Колон гӀалахь а[4].
  • 4 мартехь — дуьххьара тӀемадаьлла дирижабль «Гинденбург».
  • 7 мартехь — Германис цхьана агӀора бохийра 1925 шеран Локарнан барт. Германин эскарш Версалан барт а бохош лецира демилитаризаци йина Рейнан область[5].
  • 19 мартехь — йохк-эцаран а, экономикин а барт бина Италис а, Албанис а[6].
  • 23 мартехь — Австрин федералан канцлер волчу Шушниг Курта Римехь куьг йаздина кхин тӀе долчу протокол кӀела, оцу протоколца Австрис цхьанне а Дунайн пачхьалкхашца дагабевр бац Италин ца хууш[7].
  • 29 мартехь — Германин парламентан харжамашкахь 99 процент кхаж белла нацистийн партин официалан кандидатан.
  • 14 апрелехь
    • кхераме зулам хилира Палестинехь. Ӏарбоша жуьгтий а бойуш, церан бахамна талораш дира.
    • Мадридехь республика кхайкхийна шо кхочарна лерина парад йолуш пачхьалкхан куьйгалхой байа гӀиртира аьтту эпсарш, амма церан аьтту ца белира[8].
  • 26 апрелехь а, 3 майхь а — Францехь харжамашкахь толам баьккхина Халкъан фронт партино.
  • 28 апрелехь — велла Мисаран паччахь Ахьмад Фуад I. Ӏарш дӀалаьцна цуьнан кӀанта I Фарука[9].
  • 5 майхь — италин эскарша дӀалаьцна Эфиопин коьрта шахьар Аддис-Абеба, цул тӀехьа ШолгIа италин-эфиопин тIом чекхбаьлла[10].
  • 9 майхь — Мисаран премьер-министр хоьттина харжамашкахь тоьлла йолу Вафд партин хьалхаваьлла волу Мустафа ан-Наххас, цуо хийцина Iали Махир[9][11].
  • 12 майхь — Испанехь кхоьллина Халкъан фронтан шолгӀа правительство, цуьнан куьйгалле хоьттина Аьруреспубикан партин декъашхо Касарес Кирога Сантьяго[12].
  • 16 майхь — Боливехь тӀеман тӀекӀалтохар хилла. Президент волу Техада Хосе Луис дӀаваьккхина. Ӏедале еана подполковникан Буш Херманан хунта[13].
  • 22 майхь
    • Боливин президент хоьттина эскаран Инарлан штабан куьйгалхо полковник Торо Хосе Давид. «Социалистийн милитаризман» муьран йуьхьиг[13].
    • Йолайелла клубийн командашна йукъара хьалхара ССРСн футболан чемпионат, чекхйаьлла 17 июнехь.
  • 27 майхь — арайаьлла ССРСн ЦКХКн Президиуман Постановлени «ГӀалийн, кӀоштан центрийн, йартийн, цӀерапоштнекъан станцийн цӀераш хийцар сацор» аьлла йолу[14].
  • 1 июнехь — италера Муссолини Бенитон правительство Эфиопи, Эритрей, Италин Сомали цхьанатоьхна Италин Малхбален Африка колони йира[10].
  • 11 июнехь а, 12 июнехь а — керла французийн правительство законаш тӀеийцира коллективан бартах а, шина кӀиранан хӀора шеран алап луш йолу отпусках (Кеп:Lang+link) а, 40-сахьтан белхан кӀирнах а лаьцна.
  • 17 июнехьСоьлжа-гӀалахь йиллина Оьрсийн драматически театр.
  • 22 июнехь — Монтрёхь конференци йолаелира, цигахь тӀеийцира хидоькъен статусах лаьцна йолу Монтрён Конвенци, Босфор а, Дарданелла а чухула чекхбовларан низам хоттош.
  • 27 июнехь — арайаьлла ССРС Центран кхочушдаран комитетан а, ССРСн Халкъан Комиссарийн Советан а «Аборташ ца магор, бер динчу нанна гӀо алсамдаккхар, бакхий доьзалашна пачхьалкхан гӀо дар, доьзалхобаран цӀенойн а, берийн цӀенойн а маша шорбар, алименташ ца токхучарна Ӏедалан та1зар дар, законашкара цхьаболу хийцамаш зуда йитарх» цӀе йолу Постановлени[15].
  • 28 июнехь — Испанехь референдумехь магийна Галисин автономин проект[16].
  • 3 июлехь —ССРСехь кхоьллина ССРСн ЧГIХК белхалой-ахархойн милицин йукъахь Пачхьалкхан автомобилийн инспекци (ПАИ, хӀинца Российн ЧГIМн некъалеларан кхерамазалла латтон Департамент).
  • 4 июлехь — арайаьлла ШКП(б) ЦК постановлени Халкъан дешаран комиссариатан системехь педологин талхадаршах аьлла йолу. Педологи кхайкхийна «реакционни харц Ӏилма», иза дӀайаьккхина советийн ишколин системера[17].
  • 9 июлехь — коьллина Латвин къинхьегаман кегийрхойн Союз[18].
  • 11 июлехь — Австрис а, Германис а барт бира, Германис Австрин Ӏаткъам барах лаьцна[7].
  • 12 июлехь — Мадридехь аьттучара вийна лейтенант-республикахо Хосе дель Кастильо. Масех сахьт даьлчи республикинхоша вуьй монархистийн тхьамда Кальво Сотело Хосе. Инциденто аьтту инарлаш Испанийн республикин тӀеман дуьхьало йаре тотту[19].
  • 17 июлехь — Испанера гражданийн тIом: Испанийн Мароккохь Франко Франсиско куьйгаллехь волуш тӀеман бунт ойу, лозунг дин а, гӀиллакхаш а лардар йолуш[20].
  • 18 июлехь — Испанера гражданийн тӀом: гӀаьттинчу эскаро дӀалоцу Кадис а, Севилья а. Халкъан фронтан партеш халкъе герз дӀало олу. Сантьяго Касареса Кирогин Правительство дарж охьадуьллу[20].
  • 19 июлехь — Испанера гражданийн тӀом: кӀезиг ханна премьер-министран даржехь хиллачу Мартинес Баррио Диегос дарж охьадиллича, Испанин республикахойн куьйгалле вогӀу аьру республикинхо Хираль Хосе. ГӀаьттинчу эскаран карахь хӀинцале пачхьалкхан 23 гӀала хуьлу[21].
  • 20 июлехь — Испанера гражданийн тӀом:испанин бунтахойн тхьамда инарла Санхурхо Хосе Португалера Бургосе вогӀуш авиацин катастрофехь велла[22].
  • 23 июлехь 
    • Испанехь Каталонин Коммунистийн парти а, Испанийн социалистин белхалойн парти Каталонин федерацин а, Каталонин пролетарийн парти а цхьанатоьхна кхоьллина создана Каталонин цхьанатоьхна социалистийн парти[23].
    • Соьлжа-гӀалахь музыкин техникум схьайиллина.
  • 29 июлехь — кхоьллина Кхазакхийн АССРн Кустанайн область[24].
  • 2 августехь — Испанера гражданийн тӀом:Францин правительство Испанин гражданийн тӀеман арахьара йукъа ца гӀертар кховдадо[25].
  • 4 августехь — Желтойчохь инарла Метаксас Иоаннисан диктатура хоттийна[2].
  • 6 августехь — Испанера гражданийн тӀом:Испанин Примаса кардинала Гома-и-Томас Исидрос тӀемлойн агӀо лоцу «цӀечарна дуьхьал жӀарийн тӀелатар» кхайкхадо[26].
  • 8 августехь — Испанера гражданийн тӀом:гӀаьттинчу эскаро дӀалаьцна Бадахос[27].
  • 11 августехь — Цийхь Чан Кайши коьртехь волу гоминьданийн эскарша дуьххьара 1926 шарахь дуьйна чудогӀу Гуанчжоу.
  • 24 августехь — Германехь йукъадаьккхина 2 шеран тӀеман гӀуллакхан декхар.
  • 25 августехь —Москвохахь «Антисоветийн цхьанатоьхна троцкистийн-зиновьевн центран» гӀуллакхца кхелйина байина Зиновьев, Каменев кхин а баккхийра большевикаш а.
  • 26 августехь — Лондонехь ингалс-мисаран барт бина, цуо мисаран агӀонан бакъонаш шорйина[28][29].
  • 3 сентябрехь — Испанера гражданийн тӀом:гӀаьттинчу эскаро Талавера де ла Рейна дӀа а лаьцна, тӀекхаьчна Мадрид йистте Хосе Хиралан Правительство дӀасахецайелла[27].
  • 4 сентябрехь — Испанера гражданийн тӀом:республикинхойн Испанин керла правительство кхоьллина социалистийн тхьамдано Ларго Кабальеро Франсискос[27].
  • 8 сентябрехь — Португалехь Португалийн коммунистийн партис кхоьллинайолу флотан Революцин кхолламо, гӀаттам бина тӀеман-хӀордан флотан «Афонсу ди Абукерке» а, «Дау» а, «Бартоломеу Диаш» а кеманаш тӀехь. Совцийна[30].
  • 9 сентябрехь — Испанера гражданийн тӀом:Лондонехь болх болийна Испанин гIуллакхашна йукъа ца гIертаран комитето, оцу йукъа йагӀара 27 пачхьалкх, ССРСца цхьаьна[25].
  • 1 октябрехь — Испанера гражданийн тӀом:националистийн боларан тхьамда хаьржина волу инарла Франсиско Франко Бургосехь пачхьалкхан коьртан дарже хоьттира[22]. Мадридехь кортесаш тӀеийцира Баскийн пачхьалкхан Статут, цунна автономи елира[27].
  • 7 октябрехь — Испанера гражданийн тӀом: ССРС кхайкхадо, шаьш мукъа ду Испанин гӀуллакхашна йукъа ца гӀертаран бартах, нагахь иза кхечу пачхьалкхаш бохош хилахь олий. Кестта Испанийн республикин гӀоьнна герз а, советийн тӀеман хьехамчаш а богӀуйту[31]. Бильбаохь кхоьллина Баскийн пачхьалкхан автономин правительство[27].
  • 17 октябрехь — болабелла Алжирин коммунистийн партин шина кӀиранан кхолламан гулам[32].
  • 25 октябрехь — Германин а, Италин а Берлинан бартаца кхоьллина «Берлин-Рим сема».
  • 30 октябрехь — инарла Бакром Сидкъи коьртехь волу Иракъера тӀеман тӀекӀалтохар. Ясин Паши аль-Хашими Правительство дӀасахецна, кхоьллина «къоман реформийн кабинет» коьртехь националистийн «Аль-Ахали» кхолламан декъашхо волу Хьикмет Сулейман а волуш[33].
  • 3 ноябрехь — АЦШ президентийн харжамаш. Волуш волчу президенто Рузвельт Франклина шолгӀа а толам баьккхина.
  • 6 ноябрехь — Испанера гражданийн тӀом:Испанин республикинхойн правительствос Мадрид а йитина Валенси дӀайахна[8].
  • 7 ноябрехь — Испанера гражданийн тӀом: Франсиско Франкон эскарш Мадридан йисташкара меттигаш дӀалаьцна. ХӀеттахь дуьйладелира Испанин коьрта шахьар къуьйсу тӀемаш[27].
  • 16 ноябрехь — Йоккхабританин паччахьо VIII Эдуарда шозлагӀа марехь йолу (дӀасакъастаран процесс чекхйаьлла 1937 шеран 3 майхь) АЦШ гражданка йолу Симпсон Уоллисах шен зудайан валлар дӀакхайкхийна.
  • 18 ноябрехь — Германис а, Италис а кхайкхийна Испанера Франкон правительство къобалйар[34].
  • 25 ноябрехь — Германис а, Япона Антикоминтернан пакт кӀела куьг йаздина, цуьнца цхьаьна тӀелаьцна дуьненайукъара коммунизман дуьхьала ницкъ латто.
  • 25 ноябрь — 5 декабрь — Москвохахь дӀабаьхьна тӀаьххьара ССРС Советийн гулам, цуо тӀеэцна керла ССРС Конституци. Конституцица Советийн Союзан пачхьалкхан Ӏедалан лакхара меже Советийн гуламан метта ССРС Лакхара Совет хилира[35].
  • 5 декабрехь
    • ТӀеэцна сталинан ССРС Конституци.
    • ДӀайаьккхина Чоьхьара Кавказан Социалистийн Федеративан Советийн Республика. Азербайджан, Эрмалойчоь, Гуьржийчоь шешша йукъайагӀна ССРС декъа[36].
    • Горькийн мехкан, Малхбале-Сибрехан мехкан, Кировн мехкан, Куйбышевн мехкан, Сталинградан мехкан, Къилбаседан мехкан, Саратовн мехкан статус дӀа а йаьккхина царех РСФСР областаш йина[37].
    • Нохч-ГӀалгӀайн автономин областах Нохч-ГӀалгӀайн АССР йина.
  • 11 декабрехь — Йоккхабританин паччахьа VIII Эдуарда паччахьаллал дитина.

Ӏилма

Спорт

Музыка

Кино

Театр

Литература

ССРС суртдилларан говзалла

Авиаци

Йукъараллин транспорт

Метрополитен

ЦӀерпоштнекъан транспорт

Шеран персонаш

Time журналан версица шеран стаг — Симпсон Уоллис, шен езар бахьнехь паччахьан Ӏарш йитина Йоккхабританин паччахьа VIII Эдуард.

Дуьненчу бевлла

Хьаьжа иштта: Категори:1936 шарахь дуьненчу бевлларш

Белла

Хьаьжа иштта: Категори:1936 шарахь белларш

  • 16 январехь — Фиш Альберт Гамильтон (вина 1870), америкин нахбойург а, каннибал а.
  • 18 январехь — Киплинг Джозеф Редьярд (вина 1865), ингалсан йаздархо, Нобелевн премин лауреат.
  • 20 январехь — V Георг, Йоккхабританин паччахь.
  • 23 февралехь — Чехонин Сергей Васильевич, оьрсийн а, советийн а суртдиллархо-график, декоратор, «Искусствон дуьне» цӀе йолу исбаьхьаллин цхьанакхетаран декъашхо, И. Е. Репинан дешархо (вина 1878).
  • 27 февралехь — Павлов Иван Петрович (вина 1849), оьрсийн физиолог, лауреат Нобелевн премин лауреат.
  • 21 мартехь — Глазунов Александр, оьрсийн композитор (вина 1865).
  • 28 апрелехь — Ахьмад I Фуад, Мисаран паччахь хилла 1922 шарахь дуьйна, 19171922 шерашкахь Мисаран султан (вина 1868).
  • 7 майхь — Шпенглер Освальд, немцойн философ, «дахаран философин» баккхийчу векалех тӀеххьарниг.
  • 14 майхь — Генри Хинмен Алленби Эдмунд (1-ра виконт Алленби), британийн фельдмаршал, Хьалхара дуьненан тӀамехь Францера, Мисарера, Палестинера британийн эскарийн баьчча период, 19191925 шерашкахь Мисарера а, Суданера а британийн лакхара комиссар (вина 1861).
  • 11 июнехь — Говард Роберт Ирвин, америкин йаздархо-фантаст.
  • 14 июнехь — Честертон Гилберт Кийт, ингалсан йаздархо.
  • 18 июнехь — Горьки Максим, йаздархо а, йукъараллин гӀуллакханча а, литературин критик а, публицист а.
  • 8 августехь — Сеферино Блаженни, католикашлахь цигонийн верас.
  • 15 сентябрехь — Займис Александрос, желтойн политик, мосийттаза правительствон корта хилла, 19291935 шерашкахь Желтойчоьнан президент (вина 1855).

Нобелевн премеш

  • Физика — Гесс Виктор Франц — «Есаллин зӀенарш йелларна», Андерсон Карл Дэвид — «Позитрон йелларна».
  • Хими — Дебай Петер Йозеф Вильгельм — «молекуляран структуран вайн кхетамехь дакъалацарна».
  • Медицина а, физиологи а — Дейл Генри, Лёви Отто — «нервийн импульсийн химин трансмисси талларна».
  • Литература — О’Нил Юджин — «драмийн кхолламаш Ӏаткъаман ницкъ хиларна а, бакъ хиларна а, кӀорга хиларна а, бохаман жанр керлачу агӀора маьӀна дарна».
  • Преми машаран — Ламас Карлос Сааведра.

Хьаьжа иштта

Билгалдахарш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.