Анаста

From Wikipedia, the free encyclopedia

Анастаmap
Remove ads

АнастаДегӀастанара Ботлихан кӀоштара эвла. «Анастан» сельсоветан йуьртан меттиган центр.

Боца хаамаш Анаста, Пачхьалкх ...
Remove ads

Географин хьал

Анста лаьтта Анаста эрк тӀехь, Хаси-Эвлан 73,2 км кӀилба-малхбузехьа, Нохчийчуьра Веданан кӀоштара лекхачу лаьмнашкара Къоьзана Ӏоман 8,54 км кӀилба-малхбузехьа, Ботлихан 11 км къилбаседа-малхбузехьа.

Эвла йекъало масех декъан: ГӀоркъияб росу, ТIасияб росу, ЛӀахьрул, ТIасияб лӀахьрул, ХӀахь-авал, БайичIо, Бачал рачунеб гoxь, Хьанапил авал, БолӀончккIал, Хьусулал, ГоцIиб, БакӀдиб, Мутазул рахь, ТIалӀарахьал, Чайиколо[3].

Remove ads

Этимологи

Эвлан цӀеран этимологи къовсаме йу. Нохчаша цӀе схьаяьлар доьхку шайн Анстой тайпа кхолладеллачу цӀечочуьнца Анасца. Анстан бахархоша дийцарехь эвлан цӀе схьаяьлла дешах «ансаб» я «анса», Ӏаьндийн, ботӀлихан, чамалин меттадакъошкахь иза хуьлу «йовхо» я «йовха меттиг»[3].

Истори

Бакъдиб олучу къилбаседа басахь а, ХӀарчукь олучу меттигехь а вайн эра долалуш даьхна латта, даьхний, бошмаш лелош долу охьахевшина тайпанаш.

Цуьнан тешалла ду колхозан беш тоеш а, ХӀарчукъе боьду некъ буьллуша а карийна хӀуманаш (дӀабоьхкинчарах йисинарш). Ца хуучу бахьнашца оцу тайпанаша йитина и меттиг. Масех бӀешарахь кхузахь цхьан а ца ваьхна. Оцу меттигехь коьллаш а, акха стоьмийн дитташ а девлла.

Таханлера Анста эвла йиллина IX-X бӀешерашкахь.

Йуьрт йилларх дийцар

Йуьрт йилларх иштта дийцар ду. Анста хин йисттехула боьдуш гӀашлойн некъ хилла. Оцу новкъа туьха дан Кванхидатль эвла оьхура Нохчийчуьра лаьмнийн эвланашкара бахархой. Цхьана хенахь оцу новкъа вахара Кванхидатле Итон-Кхаьллан гергарчу ГIарчI эвлара ши ваша Хьусайн а, ЦIиркъ а. Уьш боьлхура гуонахьара Ӏаламе а хьоьжуш. Царна чӀогӀа хазахийтира кхузара меттигаш. Къилбаседа басе стоьмийн дитташ къевлина яра, лекха буц яра, малхбуза басехь ийна хьун яра. Эркан къилба агӀора лаьттара хьун а, коллаш а. Къилбаседа-малхбузехьара къилба-малхбале доьдура жима эрк. Шинне а дагатесира доьзалца кхуза ваха охьахаа везара аьлла. Кхузахь берриг аьтту бара атта ваха а, бахам лело а. Туьханна а гена ца хуьлура, Ӏаьнан дечиг а, йол а кечдан атта дара. Цул сов, Ӏай даьхний арадаха а магара, кхузара климат кӀеда хиларна. И ойланаш шайгахь йитина уьш кхин дӀабахара. Кванхидатлехь туьха а эцна, цӀехьа богӀура уьш. Буьйса йоьлчи уьш севцира жимачу гун тӀехь, цуьнан цӀе яра «ЦIаналӀ Гохь». Туьха дан боьлхурш цигахь совцура, Ӏуьйрана шимме а шайн лаам вовшашна хаийтира, барт бира кхуза охьаховша. ШолгӀачу шарахь ший а ваша воьссира лаьмнашкара, эркан йисттехь цӀа а, даьний чулахка меттиг а йира. Схьабалийра шайн доьзалаш. ТӀаккха хӀора доьзало онда цӀа а, даьхнашна божалаш а дира. Царна тӀе церан гергара нах баьхкира. Дика бехаш бара уьш. Амма цхьана хӀумано сагатдора церан, наггахь шодродахоша лечкъадора церан эсий. Цара эсий лечкъочу меттиган тӀаьхьа цӀе елира «Бачал рачунеб гохь»[3].

Бахархой

Бахархой бйекъало тайпанашка. Уггаре шира тайпанаш лору: Хьусенилал, ЦIиркъилал, БакълӀулал, Iарабилал[3].

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...

Къоман хӀоттам:

Сахьтан аса

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads