Итон-Кхаьлла
Итон-Кхаьллан кӀоштар коьрта йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Итон-Кхаьлла[2], Итон-Кхелли[2] (оьрс. Итум-Кали) — Нохчийчоьнан Итон-Кхаьллан кIоштан юрт, административан центр. Кхуллу Итон-Кхаьллан йуьртан меттиг.
Remove ads
География

Эвла лаьтта Орган шина бердаца, цунна чу аьтту га Хьелдихойн-эрк кхетачохь[3], Шуьйтан 24 км къилба-малхбузехьа, Соьлжа-ГӀалан 75 км малхбузехьа.
Гергара эвланаш: Виедача къилба-малхбалехьа, Кхокхада къилбаседехьа, Тас-ГутӀе (Тасбича) малхбалехь.
Истори
Итон-Кхаьллан къилба йистехь, эвлан гергахь дуккха а юккъера бӀешеран иэсаш — тайпаний бӀаьвнаш, кешнаш а, маьлхан кешнаш а ду. Шира эвла Шулкаг, хӀинца Итон-Кхаьллан дозан тӀехь ю, иза хила тарло М. Ю. Лермонтовн «Ломан эвла гар» суьртан тӀаьхь ерг [4]. Ишта Итон-Кхаьлла йукъа йохуш йу Пхьакхоча. Тахана Пхьакхочара гӀаланаш а, бӀовнаш а архитектурни музей йукъа йолхуш йу.

1858 шарахь Орган аьтту бердаца, Итон-Кхаьллан къилбехьа юьйгӀира «Евдокимовн чӀагӀо»[5][6].
Зазмерк эвлан гергахь, чуволучехь диллина ду Башан-кхеллахь дерг санна тӀай, некъ араболу арене, лаьмнаш агӀонашка дӀасахуьлу, садаӀа атта хуьлу. Сихха гучудовлу Итон-Кхаьллан тӀулгийн саьккалш. Евдокимовн чӀагӀо лаьтта цуьнца цхьаьна асанехь, кӀеззиг аьттухьа, Органан аьтту бердаца. Цунна тӀекхачале, дезара кхин цхьаъ кхозу тӀайн тӀехула довла, иза долчохь говрара дисса дезара.
1944—1957 шерашкахь, нохчий а, гӀалгӀай а арабаьхначул тӀаьхьа, эвла дӀаелира Гуьржийн ССР йукъа цӀе Ахалхеви а тиллина. Нохчий цӀа бирзинчул тӀаьхьа шен цӀе меттахӀоттийра. 1967 шарахь кхузахь кхоьллира Органан историн-археологин музей-заповедник.
Итон-Кхаьллара болало Нохчийн Республика Ичкерис болийна автонекъ Итон-Кхаьлла — Шатили.
ШолгӀа нохчийн тӀом болуш, 2000 шеран 10 февралехь Итон-Кхаьлла каралецира федералан ницкъаша[7].
Remove ads
Бахархой
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран терхьашца[19]:
Сийлаллаш
Дукхаха долу цӀенош доьттина шарбанза тӀулгах, поппар хьаькхна, кир тоьхна, хуьлу йиллина уче. ЦӀеношна уллера декъан гуо бо лохачу тӀулгийн кертах. Юьртахь ду тодина маьждиг[20].
Цхьаьна меттехь хӀоттийна Российн Турпалхочун Узуев Мохьмадан бюст[21]. Циггахь лаьтта Орган дозан тобан Узуев Мохьмадан цӀарах дозанера гӀап.[22]
ГӀарабевлла эвлахой
- Узуев Мохьмадд Яхъян воӀ (1917—1941) — Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо. Российн Турпалхо (веллачул тӀаьхьа, 1996 шо).
- Исаев Хьусейн Абубакарович (1960—2004) — Нохчийчоьн Пачхьалкхан кхеташонан хилла председатель. Кхелхина 2004 шеран 9 майн Соьлжа-ГӀалара терактехь.
Галерей
- Итон-Кхаьллара маьждиг
- Итон-Кхаьллара маьждиган уллера гӀала
- Итон-Кхаьллара бӀов
- Итон-Кхаьллара гӀала
- Итон-Кхаьллара гӀала
- Итон-Кхаьллара бӀов
- Итон-Кхаьллара бӀов
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads